Урок №6 Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш

Вай дуьйцур ду билгалдешнийн тайпанех лаьцна.
Билгалдешнаш кхаа тайпана хуьлу: мухаллин, юкъаметтигалин, доладерзоран.
Х1уманан мухалла а гойтуш, муха? муьлха?  бохучу хаттарашна жоп луш долчух мухаллин билгалдош олу.
Масала:
Маьрша Даймохк, оьзда г1иллакх, исбаьхьа 1алам, шийла шовда, лекха  лаьмнаш, мерза стоьмаш, беркате мохк.
Далийнчу масалшкахь вайна го билгалдешнаша шайца долчу ц1ердешнийн мухалла гайтар
Х1уманний, цуьнан билгалонний юккъехь йолу юкъаметтиг гойтучу билгалдашах юкъаметтигаллин билгалдош олу.
Цара гойту х1ума стенах йина, муьлха я мацалера ю.
Масала:
Таханлера де, стохкалера шо, цхьогалан лар, аннийн керт, уьйт1ара зезагаш,  месийн г1айба.
Доладерзоран билгалдашо гойту х1ума хьенан я стенан ю. Цо жоп ло хьенан? стенан? бохучу хаттаршна.
Масала:
Ненан кортали, ден г1овтал, вешин куй, лоьран хьехам, мехкан к1ант, йишин бер, Пет1аматан доьзал.
Цхьадолу юкъаметтигаллин билгалдешнаш мухаллин маь1на долуш хуьлу.
Масала:
«Берзан дог», берзан дог- онда дог.
Т1едиллар №1.
Хьоме дешархой, вай 1амийнчух пайда а оьцуш, цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай.
Д1аязде вай  иштта цхьаьнакхетарш:
Шера аре, хьоме Даймохк, Маретан коч, шийла хи, юккъера не1, орцара ирзо, г1алара хьаша, хьехархочун болх
Х1ара дешнийн цхьаьнакхетарш, шайн маь1не хьажжина, тайпанашка нисдан хьовса деза шу:
Мухаллин — …  
Доладерзоран — …
Юкъаметтигаллин — …
Т1едиллар №2.
Х1окху ц1ердешнашца маь1ница дог1уш долу билгалдешнаш даладе:
К1ант, шовда
Т1едиллар №3
Х1ара предложени синтаксически къастае:
Т1екхечи шийла, буьрса 1а. 
Вайна девзи билгалдешнийн тайпанаш.
Рог1ерчу урокехь вай дуьйцур ду лаамечу а, лаамазчу а билгалдешнех лаьцна.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика