Урок №45 Дешт1аьхьенийн нийсаяздар

Дешт1аьхьенийн нийсаязъяр.
Маршалла ду шуьга хьоме дешархой!
Х1ора дийнахь 1илмане кхийдаш, дешар т1ехь кхиамаш бохуш ,вешан меттан исбаьхьалла толлуш цуьнан бухбоцучу к1оргене кхача некъ бан хьоса деза вай  — иза х1ора а дешархочун декхар ду аьлла хета суна.
Вешан ненан мотт буьйцуш, дешнаш хуьттуш ,царна юкъахь уьйр латтош долчу декъах лаьцна  дийцира вайхьалхарчу урокехь — иза дешт1аьхье ю.
Дешт1аьхьенийн нийсаязъяр ю вайн урокан тема.
Г1уллаккхан къамелан дакъойх цхьа дакъа ду –дешт1аьхье.
Цо ц1ердешан,билгалдешан,терахьдешан,ц1ерметдешан кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойту, шеца уьйр йолчу дешнашна т1ехьа а лаьтта. Дешт1аьхьенийн  тайпанаш а девзина вайна хьалхарчу урокехь уьш ду:
1.меттиган      
2.хенан           
3.даран суьртан
4.1алашонан    
5.юкъаметтигаллин
Хи т1е йоьду хаза  йо1 а гина, цуьнга вистхила ойла хаьвзира Лечин.
Цул т1аьхьа церан барт ца хуьлуш дикка зама  елира.
Цуьнан дуьхьа шен са а д1адала кийча вара иза.
Церан юьртара дуьйна, г1аш ц1а вахара воккха стаг.
Хи т1е-меттиган дешт1аьхье, цул т1аьхьа-хенан, цуьнан дуьхьа-1алашонан, юьртара дуьйна -юкъаметтигаллин.
Дешт1аьхьенаш дешнех къаьстина язйо. Нохчийн маттахь цхьаццайолу  дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а цхьатера ю. Уьш вовшех къасто хаа деза.Уьш къасталур ю, предложенехь церан уьйр муьлхачу дашца ю хьаьжжина.
Масала:
Лам т1ехь х1инца а гуш дара баххьашкахь 1уьллу ло. (оцу предложенехь  лам бохучу ц1ердашца уьйр ю дешт1аьхьенан).
Хазачунна т1ехь сацийра цо шен б1аьрг. (оцу  предложенехь хазачунна бохучу лааме билгалдашца уьйр ю-  т1ехь –бохучу дешт1ехьенан).
Барх1анна т1е исс тоьхча вуьрх1итта хир ду. (уьйр ю — барх1анна бохучу терахьдашца ).
Цунна юххе а  вахана,цхьаъ дуьйцуш воллура Адам. (уьйр ю-цунна бохучу ц1ерметдашца ).
Нагахь дешт1аьхьенан, шена т1аьхьа дог1учу хандашца уьйр елахьт , иза- дешхьалхе ю.
Дешхьалхе  хандешнашца цхьаьна  язйо
Масала:
Хьеший  шуьна гонах  охьахевшира. (охьа дешхьалхе ю)
Б1аьсте т1екхечира, адамийн дегнаш айдеш. (т1е дешхьалхе ю)
Хьалхаваьлла вог1ург болар лаг1 ца деш вог1ура. (хьалха дешхьалхе ю?
Нагахь  дешхьалхе  хандашна т1ехьа нислахь, иза дешт1аьхье санна къаьстина  язйо, царех дешт1аьхьенаш хуьлу
Масала:
Схьавола-вола схьа,
хьалавала-вала хьала
т1ехила-хила т1е,
охьахаа-хаа охьа,
т1ехьах1отта- х1отта  т1ехьа
(схьа,хьала,т1е,охьа т1ехьа-дешт1ехьенаш ю, уьш  къаьстина  язйо)
Дешт1аьхьенаш 1аморехь а,  нийсаязъярехь а,  халонаш хила тарло,цундела царах кхетам луш масаллина далор ду  вай дешнийн цхаьаьнакхетарш
хи чухула лела
тхов т1ехь 1уьллу
воккхачунна т1евахара
шинна хьалха  лаьтта
пеша  к1ел тесна
Тидаме эца дешт1аьхьенаш къаьстина  язъеш хилар. Хаттарш х1иттор ду вай оцу дешнийн цхьаьнакхетаршна.Х1инца коьрта ду хандашна т1ера луш долу хаттарна жоп  шина а даше далийтар.Иштта  хаттар  х1оттадо дешт1аьхьенна  т1ера  вукху къамелан дакъошка а.
лела мичахула?-хи чухула
стенна чухула?-хи  чухула
1уьллу мичахь?-тхов т1ехь 
стенна т1ехь?-тхов  т1ехь
вахара мича?-воккхачунна т1е
хьанна т1е?-воккхачунна  т1е
лаьтта мичахь?-шинна хьалха
хьанна хьалха?-шинна хьалха
Дешт1аьхьенийн нийсаязъярх долу  хаарш т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочуш а деш, х1окху
кицанашкара  дешт1аьхьенаш  билгалъяха хьосур ду вай:
Гу т1ера чухьаьжначунна ша лекха хетта.
Ахчано 1ай Башлама т1ехь паста караяйтина.
Т1ера ,т1ехь -дешт1аьхьенаш ю
Дешт1аьхье дашна т1ехьа латтахь а, жима дакъа делахь а,цо дешнаш вошах хуттуш,церан уьйраш латтош беш берг  боккха болх бу.Вай шуна дийцира  дешт1аьхьенийн нийсаязъярх а, уьш  предложенехь шайца уьйр йолчу дешнашка  хьаьжжина  къаьстина а,цхьаьна а яздарх лаьцна.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу,
шун 1одика йойла ,марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика