Урок №44 Дешт1аьхье. Цуьнан билгалонаш

Дешт1аьхье, цуьнан билгалонаш.
Таханлерчу вешан рог1ерчу урокехь вайн таро хир ю дешт1аьхье  йовзийта.
Иштта иза г1уллакхан къамелан  дакъа хиларе терра,цуьнан билгалонаш йовзийта а, цо х1ун гойту дийца а.
Х1инца вай дагадаийта деза муьлха г1уллакхан къамелан дакъош девза вайна.
Дешт1аьхье, дакъалг, хуттург, айдардош.
Вай тахана йийцаре йийриг дешт1аьхье ю.
Дешт1аьхье-г1уллакхан къамелан дакъа ду.
Ц1ердешан,билгалдешан,тарахьдешан,ц1ерметдешан кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойтучу къамелан декъах дешт1аьхье олу.
Масала:
дитта т1ехь,класса чохь, Теркал дехьа ,берашна хьалха, цул т1аьхьа, цуьнан дуьхьа,юьртара дуьйна.
Лач дожарийн форманашца цхьаьна предложенехь  ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан, ц1ерметдешан кхидолчу дешнашца йолу  юкъаметтиг гойту  дешт1аьхьено.
Коьртачу къамелан дакъоша санна,я х1ума, я х1уманан билгало, терахь, я дар-хилар ца гойту.
Цара оцу къамелан дакъошна юкъара юкъаметтиг гойту.
Дешхьалхе дешан дакъа ду ,ткъа дешт1аьхье къамелан дакъа ду .
Масала:
Куьйгаш т1ехь,
нахана юккъехь,
эвла йистехь,
кора к1елахь,
хил дехьа,
нахана гергахь,
доттаг1чунна дуьхьал,
ненан  дуьхьа,
шена юххехь,
кегийчарна хьалха,
г1иллакхе хьаьжжина,
цуьнга диллича.
Х1окху далийнчу масалийн вай  тидам бича, вайна билгалдолу дешт1аьхьенаш тайп-тайпана маь1на долуш хилар.
Х1инца цхьа т1едиллар кхочушдийр ду  вай, д1аязде иштта кицанаш, дешт1аьхьенаш билгал а йоху.
Хих веддарг ,хьера к1ел иккхина.
Чохь ца хилла сий-арахь хир дац.
Вочу х1усамнанас, шина б1аьргана юккъе шад а х1оттабой, т1еоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху.
Хьешана дуьхьал нуй хьекхар-хьаша цаэшаран билгало ю.
Г1овталан т1ам хьалабе хи чу валале.
(к1ел,чохь, арахь,юккъе,дуьхьал, чу).
Дукха меттигаш нисло дешт1аьхьенаш дешхьалхенашца а,ц1ердешнашца а,куцдешнашца а иэеш.Цхьадолу къамелан дакъош шайн къамелан дакъойн маь1нех доха а духий,дешт1аьхьенашка доьрзуш а ду.
Иштта хилла ю х1ара дешт1аьхьенаш:
Масала:
Ц1ердешнех  (к1елахь,йистехь,дехьахь, сехьахь).
Куцдешнех  (гонах, юххехула,гергахь, генахь)
Вай алсам пайдаоьцу дешт1аьхьенаш х1орш ю:
Т1е, чу, к1ел (дар цхьана х1уман т1е хьажор билгалдоккхуш);
Т1ехь, чохь, к1елахь (и х1ума цхьанхьа, я цхьана чохь  хилар билгалдоккхуш);
Т1ера, чуьра, к1елара (оцу х1уман т1ера я меттигера д1айоьдуш, д1акъаьсташ, гена йолуш йолу х1ума билгалйоккхуш);
Т1ехула, чухула, к1елхула (дар цхьана х1уманна т1ехула кхочушдеш хилар билгалдоккхуш).
1амийнарг т1еч1аг1деш кхочушбе вай иштта болх.
Дуьнен т1ехь мел долучун  нана-латта, да-болх бу.
Х1олламна т1ехула охьа куьг а хьоькхуш, д1аваха ницкъ а боцуш, лаьттара х1инца жима къонах.
Хи к1ел х1оттийна йолу чийлик схьа а  эцна, кхин юха а ца хьожуш, д1айолаелира йо1
Дитта т1ехь олхазарш дека. (дека стенна т1ехь?) дитта-ц1ердош
Пхеанна т1е шиъ тоьхча,ворх1 хуьлу. (хуьлу  стеннат1е тоьхча? пхеанна-терахьдош).
Тхуна уллохь 1аш бара церан гергарнаш.(1аш бара хьанна уллохь? тхуна-ц1ерметдош)
Дешарна т1ехь массарел а тоьлла вара Ислам.(тоьлла вара стенна т1ехь? дешарна-масдар)
Иштта дешт1аьхьенаш а ю вайн нохчийн маттахь шайн билггала дожаршца лела тарлуш:
Доланиг дожарца -дуьхьа, метта, хьокъехь;(хьенан? стенан?)доттаг1ун дуьхьа,дийцинчун хьокъехь,ден метта.
Лург дожарца–дуьхьал (хьанна? стенна?)   воккхачунна дуьхьал,харцонна дуьхьал
Меттигниг дожарца–терра ( хьанах ? стенах? ) оьздачух терра,болатах терра
Дустург дожарца – дехьа, сехьа,хьалха , т1аьхьа,дехьахь, сехьахь (хьанал?стенал?)дозанал дехьа,кертал сехьа,Мохьмадал хьалха,Ибрех1имал т1аьхьа,хил дехьахь, некъал сехьахь.
Х1инца цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсий вай,тайп- тайпана дешт1аьхьенаш юкъа а ялош,х1ара хаттарш а х1иттош, предложенеш ялае:мичахь? хьанна? стенна?мича? мичара?
Герггарчу хьесапехь т1едиллар иштта хила тарло:
Керта уллохь даьккхира дас жима ор.(мичахь?)
К1антана хьалха вог1уш цуьнан ваша вара.(хьанна?)
 Г1анта т1ехь бабин кортали 1уьллура.(стенна?)
Ц1ийнан сонехь лаьтташ долчу дитта юххе вахара иза.(мича?)
Маьнги к1елара цициг схьаозийра жимачу  к1анта.(мичара?)
Х1окху урокехь вай карладаьккхи дешт1аьхьенах 1амийнарг,иштта таро хили вайн
дешт1аьхье г1уллакхан къамелан дакъа хилар а, и дешнашца къаьстина яздеш хилар а  т1еч1аг1дан.
Цу т1ехь урок ерзор ю вай .
Шун 1одика йойла,марша 1ойла

Close
Яндекс.Метрика