Урок №43 Куцдош карладаккхар

Вайн урокан ц1е: Куцдош карладаккхар. Куцдашах долу хаарш карладахар.
Урокан 1алашо ю:куцдашах 1амийнарг карладаккхар.
Таханлерчу  урокехь аша куцдашах лаьцна   1амийнарг карла а доккхуш, т1еч1аг1д ан хьовсур  ду вай.
Куцдош бохучу дешан х1оттаман тидам бе вай: цхьалхе ду я чолхе ду.
(Куц)   (Дош)
КУЦ-осанка,фигура, стан,внешний вид.
Дош- слово.
Муьлхачу къамелан декъах олу вай  куцдош?- дагадаийтий вай.
Даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойтучу кьамелан декьах куцдош олу.
Муьлхачу  хаттаршна жоьпаш ло куцдашо?
муха? маца? мичахь? х1унда? х1ун 1алашо йолуш?
Куцдешан уьйр хандашца ю..
Оьрсийн маттахь куцдош- наречие бохург ду.
Наречие – это часть речи которая обозначает признак действия предмета  и отвечает на вопросы как? где? когда? в какой степени? зачем? с какой целью?
В предложении  наречия связаны  со сказуемыми  и в предложении чаще всего бывают обстоятельствами.
Утром,  в лесу,  немножко,  медленно,  чтобы поиграть.
Масала:
Стиглахь лепа дашо седарчий.                       На небе сияют золотые звезды.
Селхана г1ала ваханера со сайн деца.          Я со своим отцом вчера ездил в город.
Дешархьама доьлху тхо школе.   Мы ходим в школу чтобы учиться.
Х1инца куцдешнийн тайпанаш карладохур ду вай:
Хенан-(маца? мацале? маццалц?)тахана ,сарале,
Меттиган-(мичхьа? мичхьахула?)юьртахула,урамехьа.
Бахьанин-(х1унда? стенна? х1ун бахьана долуш?) цундела,лаарна,
Мухаллин я даран суьртан-(муха? мел?) ц1еххьана, бертахь,сиха,
Юкъаметтигаллин ,хаттаран  куцдешнаш-(маца? мича? стенга?)
Ша стенга кхаьчна ,цунна шена а ца хаьара.
Даран суьртан куцдешнийн кхоъ дарж  хуьлу :
Юьхьанцара дарж-сиха вог1у
Дустаран дарж — сихо вог1у
Т1ехдаларан дарж — вуно сиха вог1у
Хуучу хаарех пайда а оьцуш ,иштта т1едиллар кхочушде вай.
Дагадаийта  куцдош муьлхачу дешнашца (кьамелан дакьошца) уьйр йолушду.
Муьлхачу  хаттарна жоп ло;предложенин муьлха меже хуьлий лела а.
Не1арх меллаша п1елг туьйхира.(муха? меллаша –даран суьртан латтам)
Бераш сиха уроке дахара.(муха? сиха- даран суьртан латтам)
Воккха стаг шен бешахь гира тхуна.( мичахь? бешахь- меттиган  латтам)
Сатасале схьакхечира Валид шаьш йиллинчу метте.(мацале? сатасале-хенан латтам)
Шена и вовзарна элира цо цуьнга и к1оршаме дешнаш.(х1унда? вовзарна- бахьанин латтам)
Цхьа т1едиллар  кхочушдан хьовсур ду вай.
Билгалдаьхна дешнаш муьлха кьамелан  дакьош ду.
Шина аг1ор берш майра летара.
Чехка говр яра иза.
Чехка вог1ура расхачу говрахь волу бере.
Майра дегнаш дахчадора ишттачу кьийсамашкахь.
Х1ун башхо  го вайна?
майра летара (куцдош) майра дегнаш(майра-билгалдош)
чехка  вог1ура(куцдош) чехка говр (чехка-билгалдош)
Кхочушдинчу т1едилларехь вайна билгалдолу –куцдош даран я хиларан тайп-тайпана билгалонаш гойту къамелан дакъа хиларе терра, цуьнан уьйр хандашца  хилар.
Х1инца куцдешан кхолладаларх долу  хаарш , т1еч1аг1де вай уьш  карладахарца.
Тидам бе х1окху дешнийн :
Цхьалха,нохчашха, г1опехьа, делккъехь, гурралц, балхахь, йистехула, волла, х1уьттаренна,кхузза, маь11ехь,дийнахь.
Вай масалшна далийна куцдешнаш х1окху суффиксийн г1оьнца кхолладелла
лха, -ахьа, -хь, -ехь,-шха,-аза.
Церан тидам бича, ала тарло:
Куцдешнаш тайп-тайпанчу  къамелан дакъойх  кхолладала  тарлуш хилар:
Ц1ердашах (суьйре-  сарахь)
Терахьдашах (цхьаъ -цхьацца)
Ц1ерметдашах (иза- оццул)
Ц1ердешан а, хандешан а баххаш вовшахкхетарца (тайп-тайпана, хуьл-хуьлуш).
Причастих, деепричастих (ловза а ловзуш, цахуъушехь, г1аш вог1у стаг)
Карладаьккхинчун  жам1 а деш, куцдешнийн нийсаяздар  т1еч1аг1де  вай
Муьлха  куцдешнаш яздо  хоьттина а, дефисца а?
цхьа-боху дош т1екхетарца кхолладелла куцдешнаш  хоьттина яздо:
цхьак1еззиг, цхьатерра, цхьажимма.
аьлла–боху дош т1екхетарца кхолладелла чолхе куцдешнаш дефисца яздо:
тап-аьлла,парт-аьлла, х1айт-аьлла.
Дош карладоккхуш кхолладелла куцдешнаш дефисца яздо:
Сих-сиха, бес-бесара, хаз-хаза.
Дап-диппехь, г1ап-г1иппехь, лап-липпехь.
Тахана вай  карладехира куцдашах  долу  хаарш; куцдешнийн тайпанаш а, муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало  а,церан суффиксаш а,иштта куцденийн нийсаяздар а.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика