Морфологино къамелан дакъош 1амадо. Къамелан дакъа нохчийн маттахь дерриге а итт ду. Царех къамелехь коьрта меттиг д1алоцу ц1ердашо. Тахана, цунах лаьцна дуьйцуш, д1ахьур ю вай х1ара урок.
Аша юьхьанцарчу классашкахь 1амийна, мелла а дагадог1у хир ду шуна и къамелан дакъа.
Х1окху байт юккъара ц1ердешнаш билгалдохур ду вай.
Даима тидаме хила хьо новкъахь,
Мохь хьоькхуш, шок етташ, ма елахь г1овг1а.
Воккханиг лара ахь, некъ бита цунна,
Г1о делахь, сих ца луш, и оьшучунна.
(Ахмадов М.М.)
Кхузахь ц1ердешнаш ду: мохь, шок, г1овг1а, некъ, г1о.
Ткъа х1унда ду уьш ц1ердешнаш? Муьлхачу къамелан декъах олу ц1ердош, карладаккхий вай?
Х1ума билгал а еш, х1ун?, мила?, муьлш? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах ц1ердош олу. Масала:
Х1ун? — мохь,
Х1ун? — шок,
Х1ун? — г1овг1а,
Х1ума бигалйо, х1ун? бохучу хаттарна жоп ло цара.
Мила? Муьлш? боху хаттарш адамаш билгалдечу ц1ердешнашна х1иттадо.
Масала:
Мила? — нана, да, йиша, ваша, йо1, к1ант.
Муьлш? — наной, дай, йижарий, вежарий, мехкарий, к1ентий.
Ц1ердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало.
Масала:
Цхьаллин терахь Дукхаллин терахь
Ц1. Мила? Муьлш? нана наной
Дл. Хьенан? ненан нанойн
Л. Хьанна? нанна наношна
Др. Хьан? нанас наноша
К. Хьаьнца? ненаца наношца
Х. Хьанах? ненах нанойх
М. Хьаьнга? нене наношка
Дс. Хьанал? ненал нанойл.
Предложенехь ц1ердош, шен маь1не хьаьжжина, подлежащи, сказуеми, кхачам, латтам, т1едерзар хила тарло.
Масала:
Марем дика доьшуш ю.
Мила? — Марем- подлежащи ду.
Сан да лор ву.
Мила ву?- лор ву — сказуеми ду, мила? – да — подлежащи
Сай гомашах тера бац.
Х1ун?- Сай — подлежащи, Стенах? — гомашах – кхачам бу.
Иза хьуьжаре деша вахана. Стенга? — хьуьжаре – латтам
Хеда, хьо доьшуш юй? Хеда – т1едерзар ду.
Цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду вай. Х1окху текста юккъара ц1ердешнаш схьаязде, къовларш юккъехь царна дог1у хаттарш х1иттаде.
Г1ирг1а дег1ана дикка жима ю, вукху аьрзунашка хьаьжча. Дукхахйолу мас бора ю, юкъ-юккъехь таммаг1наш а хаалуш. Иза лаьмнашкахь а, аренашкахь а хуьлу, мелла а хьаннаш йол-йолчохь. Вайн махкахь 1ай а хаало лаьмнийн малхбасенашкахь. Бенаш гуттар а дитташ т1ехь до. К1орни шарахь шиъ йоккху.
Аша схьаяздинарш х1ара ц1ердешнаш хила деза:
Г1ирг1а (х1ун?), дег1ана (стенна?), аьрзунашка (стенга?), мас (х1ун?), таммаг1наш (х1ун?), хьаннаш (х1ун?), бенаш (х1ун?), дитташ (х1ун?),к1орни (х1ун?).
Х1инца х1окху байте ла а доьг1на, нийса жоп дала хьовса деза шу:
Х1уманаш, адам билгалдо,
Мила? Х1ун ю? Хаттарш до.
Ойлаей, хьо дийций вала,
Муьлха дакъа ду со ала?
Хиан шун муьлха къамелан дакъа ду кхузахь дуьйцург?
Иза дер ду — Ц1ердош.
Т1ейог1учу урокехь вай цунах лаьцна кхид1а а дуьйцур ду ц1ердашах лаьцна.
Кху т1ехь вайн урок чекхъели, 1одика йойла шун. Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Бопаева Сацита Моулдыевна
Алиханова Малика Лечаевна