Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Х1окху урокехь вай хьовсур ду, дешнийн цхьаьнакхетарш муха кхоллало, 1емар ду уьш предложенех къасто а, церан тайпанаш довза а.
Предложенехь дешнийн вовшашца уьйр хуьлу.
Уьйр шишша дош цхьаьнакхеташ нисло.
Хьовсур вай предложенига:
Б1аьстенан мелачу мохо г1ийла лестадора диттийн баххьаш.
Уггар хьалха схьакъастабо предложенин грамматически бух– мохо лестадора.
Х1инца хаттарш а х1иттош, схьаяздийр ду вай вовшашца уьйр йолу дешнаш:
б1аьстенан мохо (мохо- муьлхачу? б1аьстенан)
мелачу мохо (мохо- муьлхачу?мелачу)
г1ийла лестадора (лестадора муха? г1ийла)
лестадора баххьаш (лестадора х1ун? баххьаш)
диттийн баххьаш (баххьаш стенан?диттийн)
Вайна го, дешнийн цхьаьнакхетаршкахь дешнаш вовшах дозуш хилар, цхьана дашна т1ера вукхунна т1е хаттар х1отталуш хилар. Шена т1ера хаттар луш долу дош коьрта ду, ткъа важа цунах дозуш ду.
Х1инца карлайоккхур ю вай бакъо:
Дешнаш уьйрашца вовшахкхетарх дешнийн цхьаьнакхетар олу.
Дешнийн цхьаьнакхетарш тайп-тайпана хуьлу:
предложени чохь а: К1ант школе деша вахара.
парг1ат а а : деша 1ама, хаза яздан;
ч1аг1делла а: бурч йохка, пет1амат зезаг (мак).
Дешнийн парг1атчу цхьаьнакхетарехь церан юкъара маь1на чудог1учу дешнийн лексически маь1нех доьзна ду.
Масала:
деша 1ама бохучу дешнийн цхьаьнакхетаран маь1на деша а, 1ама а бохучу дешнийн маь1нех доьзна ду;
бурч йохка бохучу дешнийн цхьаьнакхетаран маь1на бурч а, йохка а бохучу дешнийн маь1нех доьзна дац, дов дан боху маь1на ду цу дешнийн цхьаьнакхетаран.
Дешнийн цхьаьнакхетар предложених муха къаьста?
Дешнийн цхьаьнакхетаро ,х1уманийн,церан билгалонийн, даран, хиларан ц1е яккхарал сов , кхин х1умма а ца гойту.
Ткъа предложенино, уьш гайтина ца 1аш, царах лаьцна кхиболу хаамаш а бо, я цхьацца г1уллакхех лаьцна хаттар даладо, я муьлхха а цхьа х1ума т1едиллар, т1едожор я дехар гойту,я айдар даладо
Цуьнца цхьаьна цо кхочушхилла ойла гойту.
Хьовсур вай масалшка:
Ц1ен коч, тукарца хадо, даш лало, чехка яда, бегашина ала,
ден г1овтал, книге хьажа.
Билгалдаккха деза предложенехь долчу подлежащиной, сказуеминой дешнийн цхьаьнакхетар кхуллуш цахилар, цара кхуллург предложенин грамматически бух бу.
Цул сов, дешнийн цхьаьнакхетар ца кхуллу дешт1аьхьенца долчу ц1ердашо. Масала: кора т1ехь, хи йистехь, класса чохь – дешт1аьхьенца долу ц1ердош.
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу.
Шина мог1арехь далийначу дешнех цхьаьнакхетарш а х1иттош, д1аязде вай.
Комаьрша, дика, хаза, боккха, йоккха, сийна, 1аьржа, генара, оьзда, юькъа, лекха, готта, къона, ц1ен.
Хьун, доьзал, буьйса, керт, коч, стаг, беш, йо1, т1аьхье, лор, урам, юрт, хьаша, б1аьсте.
Кеп: комаьрша стаг, дика лор.
Нийса иштта хир ду:
Хаза б1аьсте,
боккха доьзал,
йоккха юрт,
сийна беш,
1аьржа буьйса,
генара хьаша,
оьзда йо1,
юькъа хьун,
лекха керт,
готта урам,
къона т1аьхье,
ц1ен коч.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай. Предложенеш юкъара дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш схьа а яздай, церан маь1на даста.
Цхьана дийнахь хьуьнах вахара сой, сан доттагг1ий. Вовшийн ваъал, дукхавезаш вара тхойшиъ вовшашна.
Хьуьнах дукха лелла, са а хаьдда, охьалахвелира тхойшиъ,сада1а дагахь. Со т1ехиъначу юьхка юххехь, г1аш юккъе а яхна, уьш кегош йоллуш зу гира суна.
Со шена гича, б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна, соьга хьоьжуш а 1ийна, д1аяхара иза.
Вовшашка хьаьжжинчохь висира тхойшиъ. Дерриге а тхо б1аьргнег1ар тоха кхиале хилира.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь, иштта хир ду:
вовшийн ваъал – вовшийн ч1ог1а дукхавезаш;
са а хаьдда – ч1ог1а к1адвелла;
б1аьрга т1е б1аьрг а х1оттийна – нийсса дуьхьал а йирзина;
б1аьргнег1ар тоха кхиале – дукха сиха.
Вай шуна довзийти дешнийн цхьаьнакхетарш, иштта къастий церан тайпанаш, хаарш т1еч1аг1деш болх а би.
Со тешна ю, тахана шайна хиъначух аш кхин д1а а пайдаоьцург хиларх.Дала нохчийн маттаца йолу уьйр-марзо чаг1йойла шун.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.1. «Нохчийн мотт» – 8-9чуй классашна. Соьлжа-Г1ала 2011
Я.1. Эсхаджиев, Э.Хь Солтаханов « 5 классана нохчийн меттан дидактически материал». Грозный «Книга» 1991
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала, издательство «Арфа-Пресс» 2012
Х-А. Берсанов «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш». Элиста ЗАОр «НПП «Джангар», 2011
З.Д. Джамалханов «Орфографически словарь». Соьлжа-Г1ала ГУП «Книжни издательство», 2009
А. Исмаилов «Дош». Соьлжа-Г1ала 2009
Кадиев Р., Ахмадова Д., Давлетгириев А. «Нохчийн меттан хьехархочунна г1оьнна д1аекъаран коьчал». 5 класс