Урок №33 Масдар классашца а, терахьашца а

Вай тахана  д1ахьур  ю вешан рог1ера нохчийн меттан урок.Кху урокехь шуна билгалдер ду кхачойоллуш нохчийн мотт сийлахь –йоккха хазна хилар.Вайна хаа деза ,мотт –иза халкъан истори ю.Х1ора меттан шен г1иллакхаш  ду,цу г1иллакхийн башхаллаш евзаш а,уьш нийсаларъеш а хилахь вай г1алат девр дац.
Х1инца шун аьтто хир бу вайн таханалерачу урокан коьчал йовза: «Масдар классашца а, терахьашца  а  хийцадалар.Масдаран класс а,терахь а билгалдаккхар». Муха хуьлу масдаран терахьашца хийцадалар.
Ладуг1ур вай урокан 1алашоне: кхачойоллуш хаа деза масдаран класс,терахь билгалдан;1амо деза масдаран классан гайтам мичхьа хила тарло (дашна хьалха,дашна юкъахь).Уьш юкъахь долуш масалш далор,предложенехь масдар билгалдан 1амор.Довзуьйту дешархошна муха хуьлу масдаран терахьашца хийцадалар.И болх кхид1а  шорбар ,дешархой  хаарш к1аргдар.
Дешархоша басаршца дехкина суьрташ……..коч,дечиг,книга.
Коч-йохар,йохкар,тегар ,ярар
Дечиг-даккхар,д1адоттар,дагор,гулдар
Книга-1амор,эцар,ешар,ларъяр
Билгалдахий  вай  х1ара дешнаш къамелан дакъошца.
эскар-ц1ердош;
сийнаниг-лааме билгалдош;
ворх1-масллин  терахьдош;
х1ара –гайтаран ц1ерметдош;
элира-хандош.
Дагалаций  вай  стенах олу масдар?
Хандашах хиллачу ц1ердашах  масдар олу.
Масдар кхоллало хандешан  билгалзачу формина т1е —р-суффикс кхетарца.
Лардан–лардар,хила-хилар,хьажа –хьажар,вада-вадар.
Цхьадолу масдарш классийн гайтамаш  болуш хуьлу.Оцу гайтамийн  г1оьнца уьш, хандешнаш  санна, классашца  хийцало.
ярстар-газа,
варстар-к1ант-бер.
дарстар-цициг.
барстар-уьстаг1.
Классан гайтам масдарнахьалхаа,юкъахь а хила тарло.
Масала:
д1асадекъар ,йоккхаер,доккхадер,дохковалар.
Масдаран терахьашца хийцадалар ц1ердешнийн санна хуьлу.
кечдар-кечдарш,белхар-белхарш,къовсар-къовсарш.
Масдарш,хандешнаш санна,цкъа  я  дукхазза дар хилар гойтуш а хуьлу.
Ларар-лерар,карчар-керчар…
Дешнаш т1ехь болх бийр бу вай х1инца.
1апказ-океан,
к1удал-кувшин.
Дика  тидамбе  вай х1окху т1едилларан .
Д1аязде оьрсийн маттера дешнаш нохчийн матте  гочдеш. Масдарш билгалде.
Уггар деза (подарок)- Дала делла долу –это жизнь ду.
Цу дахарца (вместе) цоделла (нам)  (природу), ,(религию), (культуру),къинхьегаман  корматалла а.
Оцу шадолчуьнца цхьаьна массо а (народу) шен мотт белла  Дала.
Ойлае  вай ,стенах  лаьцна дуьйцу текст т1ехь?
Вайна Дала хаза дуьне ,1алам,ненан мотт белла.
подарок-совг1ат,
жизнь-дахар,(масдар)
вместе-цхьаьна,
нам-вайна,
природа-1алам,
религия-дин,
культура-оьздангалла,
народу-къомана
Ладуг1ур вай х1инца  стихотворенега .
Хазнашлахь хазна ю
Ненан мотт  къоман
Ненан  мотт мел  беха ,
Къам дуьсу даха…
Хьоме  дешархой ,х1ун мах хадийна  поэта х1окху байтехь нохчийн меттан?
Дуьненан исбаьхьаллех  цхьа хазна хилар гойту ,шен бийца мотт бацахь къам довш хилар  гойту.
Лахахь далийна т1едиллар цхьаллин терахьера  масдарш дукхаллин терахье дохуш кхочушдан хьовсур ду вай :
халахетар-халахетарш,
цхьаьнакхетар-цхьаьнакхетарш,
харжар-харжарш,
Мехала а,пайдехь  а ду фонетически таллам бан хаар.
Хьовсий вай талла (дахар)-бохудош
Дахар,да-хар
Д-[д]-мукъаза,ч1ог1а аз,(д-т)
А-[а]-мукъа,ч1ог1а аз(ударни)
Х-[х]-мукъаза,легашна т1ера аз
А-[а]-мукъа,ч1ог1а аз
Р-[р]-мукъаза,зевне аз(5аз,5элп)
Предложенин гамматически бух билгалбе  вай.
Салмана дийцира шена Даймохк безарх.
дийцира — (сказуеми)
Салмана- маь1нин подлежащи,
Хьоме  дешархой,вай 1амийнарг т1еч1аг1деш  кхин а цхьа т1едиллар кхочушдер  вай.
Билгалдаха кху стихотворенехь  масдарш
Вайн дайша уггаре лаьррарг-
Хьаша-да лоруш  т1еэцар,
Адамаллех ца вухуш велларг ,
Виц ца веш т1аьхьено вийцар
Вай х1инца ерзор вешан урок .Юха а  карладаккхий  вай таханаурокехь 1амийнарг.
Масдар  кхоллало  хандешан билгалзачу формина т1е —р-суффикс кхетарца.
Масдарийн терахьашца хийцадалар  ц1ердешнийн санна  хуьлу.
Ц1ахь  вахар  боху  дош  легаде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла, марша 1ойла.
 
Пайдаэцна литература
1.В.А.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев. «Нохчийн мотт»-7класс.Соьлжа-Г1ала.ГУП «Книжни издательство» 2010шо
2.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика»5-11 класс Соьлжа-Г1ала 2012 шо.
3.Исмаилов Абу «Дош»Соьлжа-Г1ала 2005 шо
4.1.Т.Карасаев ,А.Т.Мациев русско-чеченский словарь.
Нохч-Г1алг1айн АССР-н  Министрийн Советан Нохч-Г1алг1айн историн .социологин филологин  институт.

Close
Яндекс.Метрика