Урок №32 Масдар а,цуьнан грамматически билгалонаш а

Шен меттан сийдаре хьаьжна бен сий хуьлийла дац къоман. Дуьненахь муьлххачу кхечу меттанел а, хьалдолуш хиларехь лахара бац нохчийн мотт.
Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, нохчийн меттан сий-ларам ойуш, д1адаха.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду масдарх лаьцна . Уьш муха кхоллало, хандашний, масдарний юккъехь х1ун башхаллаш ю, уьш муьлхачу билгалонашца къастало а.
Шуна дагадог1ий хандешнаш?
ЛОВЗА, ДОЬШУ,ИЙЦИРА,ЛИЙЧА, ЙОХУР Ю, ТИЙГИРА, ХОЬЖУ, ДИЙЦА, ЯА, ЮЬЙХИ, ДУСТА, ТЕКХИРА,ТЕХКА, ХЬАЖА,ЧУШЕРШИРА,ВУССУР ВУ,ТАКХА,ТАЛЛА.
Хьовсур ду вай далийначу дешнашна юкъахь, муьлхарш ду хандешан билгалзачу кепехь.
ловза, лийча, дийца, яа, дуста, хьажа, такха, талла.
Цара жоп ло х1ун дан? х1ун хила? бохучу хаттаршна
Оцу дешнашна т1е –р-суффикс а тухуш,муха дешнаш кхоллало хьовсий вай.
ловзар, лийчар ,дийцар, дустар, хьажар, такхар, таллар.
Х1инца муьлхачу хаттарна жоп ло цара?
Цара х1ун?-бохучу хаттарна жоп ло.
Ткъа х1ун? боху хаттар ц1ердешан ду.
Т1аккха уьш муьлхачу къамелан декъах хили?  Уьш хандашах кхолладела.
Хандашах со хуьлуш ду
Суффикс –р- т1екхетарца,
Гойту ас хилар я дар,
Эххар хили сох… 
                                            ( масдар).
Хандашах хиллачу ц1ердашах масдар олу.               
Цо дар я хилар гойту.              
Масдар кхоллало хандешан билгалзачу формина т1е —р— суффикс кхетарца.
Масала:
                          хахка-хахкар,
                          ладог1а-ладог1ар,
                          лардан-лардар,
                          хила-хилар,
                          хьажа-хьажар,
                          дека-декар.                   
Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кеперчу  хандашах масдар хуьлуш, чаккхенгара
н-д1а а долуш,цуьнан метта —р— х1утту.
Масала:                            
ган-гар,
ван- вар,
лан-лар,
зен-зер,
лен-лер.
1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта болх бийр бу вай.
Билгалзачу кепехь долу хандешнаш д1а а яздеш, оцу хандешнех масдарш кхолла.
Нийса жоп:
дийца-                                              кхосса-                                   ян-
хатта-                                            довза-                                    ган-
мала-                                               т1етовжа-                            зен-
къежа-                                             хьахавала-                             1ен-
лаца-                                               лакхаваккха-                          хьен-
 
дийца-дийцар,                                 кхосса-кхоссар,                            ян-яр
хатта-хаттар,                                    довза-довзар,                               ган-гар
мала-малар,                                    т1етовжа-т1етовжар,                     зен- зер
къежа-къежар,                                хьахавала-хьахавалар,                  хьен — хьер
лаца-лацар,                                     лакхаваккха-лакхаваккхар,           1ен -1ер
вела-велар.                                     хьахо-хьахор.                                ван- вар  
 
Ялийначу  байта т1ера масдар билгал а доккхуш, муха, муьлхачу къамелан декъах кхолладелла уьш, дуьйцур ду вай.
«Х1орде».
Х1ай, сацар дайна х1орд,
Хьо стенах тера бу?
Суна-м хьо адаман
Дахарх тера хета:
Дог санна , йист йоцуш,
Бух боцуш хьо бу,
Дог санна , тем боцуш
Цу бердех лета!
Стиглара боьлу малх
Хьайна т1ехьаьжча,
Эзар малх латабой,
Хьо серлаболу.
Мохьмад Сулаев.
сацар— масдар,  хандашах схьадаьлла.
дахарх— масдар, хандашах схьадаьлла.
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа а т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Кху текст т1ера схьаязде масдарш.
Чеченскийн коьрте хьаьвддера дагалецамаш : Софья дуьххьара хьуьнах гар а, цо лагжайна далар а, цул т1аьхьа Петербургехь хилла цхьаьнакхетарш а. Коьртара пес хьала а айина, ша резахиларе хьоьжуш 1аш волчу стагах б1аьрг кхийтира цуьнан ц1еххьана.
Х1ан-х1а, хьан возалла, тхан къомана юккъехь, нохчашна юккъехь сийсазвар ловш дац.
(1.Гайсултановн «Александр Чеченский» повесть т1ера)
гар, далар, цхьаьнакхетарш, резахилар(е), сийсазвар— уьш масдарш ду.
Ган, дала, цхьаьнакхета, резахила, сийсазван-бохучу хандешнех –р-суффикс т1екхетарца кхолладелла масдарш.
Вайна ца девза дешнаш дара кийсак юкъахь.
лагжайна-дашо кочауллург (оьрсийн маттахь- золотой медальон)
сийсазвар-запятнать;опорочить, опозорить.
Х1окху урокехь вайна девзира масдар,иза кхолладалар,хандешан билгалзачу формина т1е суффикс –р- кхетарца а,цхьанадешдекъах лаьттачу билгалзачу кеперчу хандашах масдар хилар а.
Ц1ахь бан болх иштта хир бу:
Бартбар, воккхавер, гечдар — дешнашца предложенеш х1иттае;
Хьоме дешархой!  Вайн декхар-иза к1орда ца деш мотт 1амор ду.Чохь,арахь, балха т1ехь,пхоьханахь,хийистехь я шуьнехь 1аш вай буьйцуш берг ненан мотт хилахь, иза вайн дахаран васт хилла д1ах1уттур бу.
Мотт бийца йиш йоцуш, маттах херло халонаш ма йог1ийла вайна цкъа а!
Цу т1ехь вай урок ерзор ю ,
1одика йойла шун, марша 1ойла!
 
Пайдаэцна литература:
В.А.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 кл.»
В.А.Янгульбаев, С.В.Янгульбаева «7-чу классехь нохчийн мотт хьехар»,Грозный ГУ «Книжни издательство» 2003ш.
«Олхазарийн дуьне-сан дуьне» С-М.Гелагаев,Нальчик.Издательский центр «Эль-Фа»(2007)
Эдилов С.Э. «Ловзуш, 1ема» Соьлжа-г1ала 2007ш.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 кл.Соьлжа-Г1ала 2012 ш.
Исмаилов А. «Дош» ,Соьлжа –г1ала 2005ш.
Урокана тесташ:
Масдар…
1) къамелан дакъа ду, дар я хилар гойту;
2) ц1ердош ду, х1ума билгалйо цо;
3) хандашах хилла ц1ердош ду.
Нийса жоп: хандашах хилла ц1ердош ду.
2.Г1алат караде. Масдар хийцало…
1) терахьашца;
2) яххьашца;
3) дожаршца;
4) классашца.
Нийса жоп: яххьашца.
3.Муьлха масдар кхоллалуш –н  метта –р яздо:
  1) вахар;
  2) зер;
  3) лелар.
Нийса жоп: зер.
4.ДИЙЦАР бохучу дешан меттигниг дожарехь чаккхе хуьлу:
  1) дийцарга
  2) дийцаре;
  3) дийцаршка.
Нийса жоп: дийцаре.
 
5. Г1алат караде. Масдарийн классни гайтам бу:
  1) варстар;
  2) азъялар;
  3) кхайкхар.
Нийса жоп: кхайкхар.
 
6. Масдар предложенехь … хуьлий ца лела:
1)подлежащи;
2)латтам;
3)нийса кхачам;
4)къастам.
Нийса жоп: латам.
 
7.Г1алат караде.
1) валар;
2) цамгар;
3) хьехар;
4) ладог1ар.
Нийса жоп: цамгар.             
                 
8.Чехка бартбар лаара оцу г1уллакхан юкъахь волчу массо а стагана.Оцу предложенехь бартбар боху масдар ду…
1) подлежащи;
2 )нийса кхачам;
3) х1оттаман сказуемин дакъа.
Нийса жоп: нийса кхачам.
Нийсаниг харжар хьокъехь иштта оценкаш яхка тарло:
«5»- 8 хаттарна нийса жоп деллачу дешархошна,
«4» — 7 хаттарна , «3»-5-6 хаттарна, «2» -4 хаттарна.

Close
Яндекс.Метрика