Урок №32 Шакъаьстина юххедиллар

Маршалла ду шуьга, хьомсара дешархой.
Делан пурбанца вай д1айолор ю рог1ера урок.
Вайх Дала бина къинхетам бу, тахана эвххьаза, дуьззина шен ненан маттах дош ала йиш хилар.
И хестош долчу дешнашца хьайн ненах, ненан маттах, Даймахках довха дош ала йиш хилар.
Х1окху урокехь вай шуьца дуьйцур ду шакъаьстиначу юххедилларх лаьцна.
1умар Гайсултанов, яздархо, дешархошна дика вевзаш ву.
Ша билгалдечу дашах д1акхеташ долу цхьалхе юххедиллар  вайна хьалхо девзина.  Хьовсур вай лакхахь ялийнчу предложенига  кхузахь –яздархо -даржаза шакъаьстина юххедиллар ду.
Х1уманна керла ц1е а луш, и билгалъеш цунна юххех1уттучу ц1ердашах юххедиллар хуьлу.
Юххедилларо гойту адамийн говзалла, корматалла, гергарло, къам. Юххедилларехь ший а дош юкъара делахь, царна юккъехь дефис юьллу. Масала: зуда-ламанхо, йо1-дешархо, халкъ-турпалхо.
Юххедиллар вай карладаьккхи. Х1инца вай дуьйцур ду шакъаьстиначу юххедилларх лаьцна а, уьш предложенехь стенца къастош хуьлу а.
Предложенехь ша билгалдечу дашах д1а ца кхеташ, д1акъаьстачу юххедилларх шакъаьстина юххедиллар олу.
Масала:  
Лоьро цунна, Султанна, молханаш яздира.
Сан хьоме йиша, хьанал къинхьегамхо 1айнаъ, тхуна массарна а езара.
Хьанал къинхьегамхо 1айнаъ— шакъаьстина юххедиллар ду, шина а аг1ор запятойца къастийна вай юххедиллар.
Юххедиллар ша маца къаьста, билгалде вай.
1.Даьржина юххедиллар шакъаьста, нагахь иза долахьчу ц1арна т1ехьа нислахь. Масала:
Айдамиров Абузаран, сийлахьчу яздархочун, «Еха буьйсанаш» ц1е йолу говзар езаш т1еийцира кхиазхоша а, баккхийчара а.
Даьржина юххедиллар шакъаьста, нагахь юкъарчу ц1арна я ц1ерметдашна т1ехьа нислахь.Масала:
Тхо, школера дешархой, хьехархочуьнца музей дахара.
Даьржина а, даржаза а юххедилларш шакъаьста, нагахь юьхьан ц1ерметдашна хьалха, т1ехьа латтахь.Масала:
Вай, къинхьегамхой, декхарийлахь ду, ницкъ ца кхоош, Даймехкан дуьхьа хьанала къахьега.
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш, лахахь далийначу дешнех пайда а оьцуш, царах шакъаьстина юххедилларш хуьлуьйтуш предложенеш х1иттор ю.
Нохчийн г1араваьлла компзитор.
Г1араваьлла 1илманча.
Сийлахь-воккха яздархо.
Г1араяьлла артист.
Суртдиллархо.
Иштта хила тарло вай х1иттийна предложенеш:
Димаев 1ела, нохчийн г1араваьлла композитор, дозанал арахьа а дика вевзаш ву.  
Алироев Ибрех1има, г1араваьллачу 1илманчас, нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1еюьзна.
Айдамиров Абузар Абдулхакимовича, сийлахь воккхачу яздархочо, къоман литературехула говза гайтина вайн мотт хьал долуш  хилар.
Багалова Зулайс, г1араяьллачу артиста, ладог1архойн дагах кхоьтуьйтуш, хаза д1ахьо радиохула ша ден къамел.
Закриев Мохьмадан, Нохчийн Республикан суртдиллархочун,   тоьллачарех долу  суьрташ гайтира выставкехь.   
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин а цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду . Дага а лоцуш, д1аязйийр ю предложенеш, лахахь далийна дешнаш юкъа а лоцуш (цхьана предложенехь юххедиллар долуш, вукху предложенехь шакъаьстина юххедиллар долуш).
Доттаг1чо-лулахочо, воккха стаг –хьархо, йо1- хьехархо,
Иштта хила тарло предложенеш.
Х1ара зезагаш делла суна сан доттаг1чо-лулахочо. (юххедиллар)
Х1ара зезагаш делла суна  доттаг1чо, тхуна генахь 1аш воцчу лулахочо. (шакъаьстина юххедиллар)
Керлачу дешаран шарна кечам беш яра йо1-хьехархо. (юххедиллар)
Хеда Саидова, йо1- хьехархо, керлачу дешаран шарна кечам беш яра.(шакъаьстина юххедиллар)
Нахана ялта охьуш г1о деш хуьлура воккха стаг-хьархо. (юххедиллар)
Хилдехьарчу 1усмана, воккхачу стага-хьархочо, т1ехь буьйсанаш йохуш, нехан ялта охьура. (шакъаьстина юххедиллар)
Бакъонаш карлаяхий вай:
Х1уманна керла ц1е а луш, и билгалъеш цунна юххех1уттучу ц1ердашах юххедиллар хуьлу.
Предложенехь ша билгалдечу дашах д1а ца кхеташ, д1акъаьстачу юххедилларх шакъаьстина юххедиллар олу.
Х1окх урокехь вай шуьца дийцира шакъаьстиначу юххедилларх лаьцна, карладаьккхира цхьалхе юххедиллар, масалш а далош, уьш т1еч1аг1деш болх бира вай.   
Х1инца вай билгалбоккхур бу ц1ахь бан болх.
Муьлхачу маттера даьхкина нохчийн матте х1ара дешнаш:
бепиг (хлеб),
бере (всадник),
дари (шелк),
шовда (родник),
бамба (хлопок),
жижиг (мясо),
герз (оружие).
Х1ара дешнаш х1ирийн маттера схьаэцна лоруш ду, масала:
бепиг, х1ирийн маттахь баппа;
бере, х1ирийн маттахь, баьраг;
дари, х1ирийн маттахь дари;
шовда, х1ирийн маттахь суадон;
бамба, х1ирийн маттахь баьмбаг;
жижиг, х1ирийн- дзидза;
герз, х1ирийн- гарз.
Муьлххачу а къамнийн меттанаш а ду кхечу къаьмнийн меттанашкара дешнаш т1еоьцуш кхолладелла. Коьртаниг шен бу аьлла, Дала шена схьабелла шен ненан мотт кхиор, дешнийн эвсаралла совъяккхар т1ехь къахьегар ду.
Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а, могашалла а лойла вайна.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу,шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо
Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийн  студенташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.
Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.
Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.
Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.

Close
Яндекс.Метрика