Де дика хуьлда шун, дешархой.
Вайн урокан тема ю «Деепричастин карчам».
Д1айоьшур ю вай х1ара байт:
Хандешан а куцдешан,
Билгалонаш соьца ю
Х1ун деш хуьлу, мича хьолехь
Массарна а довзуьйту.
Иза деепричасти ю.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду: деепричастин карчамах а, цуьнан синтаксически г1уллакхах а, цуьнца сацаран хьаьркаш х1итторах лаьцна а.
Билгалдоккхур ду деепричастино предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх а.
Шеца кхеторан дешнаш долчу деепричастех деепричастин карчам олу.
Иза предложенехь запятойца къастабо.
Нагахь деепричастин карчам предложенин юьххьехь белахь, цунна т1ехьа запятой юьллу. Масала:
Корехула ара а хьоьжуш, къамел дора к1анта.
Нагахь деепричастин карчам предложенина юкъахь белахь,цунна шина а аг1ор запятой юьллу. Масала:
Селхана, дарц хьийзош, ч1ог1а шийла яра.
Нагахь деепричастин карчам предложенин чаккхенгахь нислахь, карчамна хьалха запятой юьллу. Масала:
Ц1еххьана хьаькхна мох суьйренга бахара, саца а ца соцуш.
Предложенехь деепричасти даран суьртан латтам я х1оттаман сказуемин дакъа хуьлий лела.
Масала:
Хьамзата дехха къамел дира, (муха?) саца а ца соцуш. (саца а ца соцуш-даран- суьртан латтам бу)
Школана сагатлуш бара дешархой. сагатлуш— бахьанин латтам бу
Билгалдина дешнаш шаьш дозуш долчу дешнашца схьаяздийр ду вай , хаттарш а х1иттош.
К1ант хьалакхоссавелира, диттан га схьалецира.
Хьалакхоссавеллачу к1анта диттан га схьалецира.
К1анта,хьала а кхоссавелла, диттан га схьалецира.
Нийса жоп:
к1ант -мила? -ц1ердош, хьалакхоссавелира — хандош (ц1ердош+хандош )
мухачу? хьалакхоссавеллачу-причасти, к1анта — ц1ердош (причасти+ ц1ердош)
схьалецира- хандош, муха?-хьала а кхоссавелла — деепричасти ( хандош+ деепричасти )
Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Деепричастешка а дерзош, д1аязде хандешнаш.
луьйсу- ……,
хьоьрсу- …..,
лору- ….,
хуьйцу- …..,
тоьгу- …..,
хьоьжу-…..,
лоху- …..,
шарйо- ….,
йохйо-…….
Нийса жоп:
луьйсу-луьйсуш,
хьоьрсу-хьоьрсуш,
лору-лоруш,
хуьйцу-хуьйцуш,
тоьгу-тоьгуш,
хоьжу-хьоьжуш,
лоху-лохуш,
шарйо-шаръеш,
йохйо-йохъеш.
1амийнарг т1еч1аг1деш, деепричастин карчамаш схьакарабан хьовса вай:
Иштта предложенехь деепричастин карчамаш муьлха меженаш хуьлий лела а билгалдоккхур ду вай:
Дитташ т1ера х1уьрц1аьлдигаш лоьхкуш, вог1ура жима Мурат.
Адам, г1у чуьра хи оьцуш йолу зуда ца евзаш, леррина цуьнга хьоьжура.
деепричастин карчам —дитташ т1ера х1уьрц1аьлдигаш лоьхкуш.
деепричастин карчам —г1у чуьра хи оьцуш йолу зуда ца евзаш.
Дитташ т1ера х1уьрц1аьлдигаш лоьхкуш, вог1ура жима Мурат.
муха вог1ура?, дитташ т1ера х1уьрц1аьлдигаш лоьхкуш ( предложенехь —даран суьртан латтам бу)
Хьоьжура, г1у чуьра хи оьцуш йолу зуда ца евзаш.
мича кепара хьоьжура? г1у чуьра хи оьцуш йолу зуда ца евзаш. (предложенехь -даран суьртан латтам бу).
Муьлха хьоза хьахийра вай ялийнчу предложенехь?
х1уьрц1аьлдиг хьахийра.
Оьрсийн маттахь-садовая славка.
х1уьрц1аьлдиган бос хаза бацахь а, цуьнгахь товш ,мокха-къорза бос бу.
Цуьнан дахар а вукхераниг санна ду,кхин йоккха башхалла йоцуш.
Май баттахь схьадог1у уьш, к1орнеш кхиайо,сентябрехь д1адоьлху бовхачу махка.
Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна:
«урчакх» бохучу дашна дошаман статья х1оттае,
«юьртахо» боху дош фонетически къастаде.
Тахана вай дийцира деепричастин карчамах а, цуьнан синтаксически г1уллакхах а, цуьнца сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонех а лаьцна.
Иштта деепричастино предложенехь деш долу синтаксически г1уллакх а девзира.
Кху т1ехь урок ерзор ю вай.
Кроссворд.
1.Ц1а, чохь 1ен меттиг.
2.П1елгах юллу х1ума.
3.Ялсаманера мехкарий.
4.Шо кхаьчна 1ахар.
5.Ц1ийнан да.
6.Т1амт1ехь беллачарна х1оттош ерг.
7.Доккхачу хи т1ехь лела кема.
8.Йоь1ан ц1е.
9.Ворданан тайпа.
Нийса жоп:
1. х1усам.
2. мух1ар.
3. х1уьрла1а.
4. ц1инто.
5. х1усамда.
6. х1оллам.
7. х1ордкема.
8. Х1ижан.
9. х1ургон.
Пайдаэцна литература:
В.А.Янгульбаев,Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 кл.»
В.А.Янгульбаев, С.В.Янгульбаева «7-чу классехь нохчийн мотт хьехар»,Грозный ГУ «Книжни издательство» 2003ш.
«Олхазарийн дуьне-сан дуьне» С-М.Гелагаев,Нальчик.Издательский центр «Эль-Фа»(2007)
Эдилов С.Э. «Ловзуш, 1ема» Соьлжа-г1ала 2007ш.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 кл.Соьлжа-Г1ала 2012 ш.
Исмаилов А. «Дош» ,Соьлжа –г1ала 2005ш.
Урокана тесташ
1.Билгалдаккха деепричасти:
1.Уьдуш вог1ура к1ант.
2.К1ант уьдура.
3.Чехка вахара к1ант.
Нийса жоп: уьдуш.
2.Хандешан а, куцдешан а билгалонаш шеца йолчу хандешан формех олу:
1.причасти
2.ц1ердош
3.деепричасти
Нийса жоп: деепричасти.
3.Деепричасти муьлхачу дашах дозуш ду:
1.билгалдош
2.хандош
3.ц1ердош
Нийса жоп: хандош.
4.Сацаран хьаьркаш нийса х1иттийна:
1. Кхиссалуш вог1ура ши доттаг1.
2.Леррина, нох а дохуш лаьттара буг1а.
3.Тхо вокзале кхечира, дукха т1аьхьа ца дуьсуш.
Нийса жоп: Тхо вокзале кхечира, дукха т1аьхьа ца дуьсуш.
5.Дукхаллин терахьера деепричасти билгалдаккха:
1.хьоьжуш
2.хьийзаш
3.водуш
Нийса жоп: хьоьжуш.