Урок №29 Хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдешнаш

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду дукхаллин терахьехь хьалхара юьхь билгалъеш  долу  ц1ерметдешнаш.
Цкъа хьалха вай карладоккхур ду  цхьаллин терахьехь яххьийн  ц1ерметдешнийн  дожаршца хийцадалар:
                    цхь.терахь             
Ц1ерниг       со;       и
Доланиг       сан;     цуьнан
Лург            суна;   цунна
Дийриг         ас;        цо
Коьчалниг   соьца;  цуьнца
Хотталург    сох;       цунах
Меттигниг    соьга;   цуьнга
Дустург       сол;      цул
Яханчу урокехь вай ма-аллара, дийриг дожарехь цхьаллин терахьехь 1-чу юьхьан ц1ерметдашо кеп хуьйцу:  ц1ерниг дожарехь  -со, дийриг дожарехь –ас, хуьлу.
Иштта 3-чу юьхьан- И- ц1ерметдашо лач дожаршкахь орамера аз хийцина ца 1аш шен кеп хуьйцу.
Нохчийн маттахь дукхаллин терахьан хьалхара юьхь билгалъеш диъ ц1ерметдош ду:
 тхо, вай
 тхойша (тхойшиъ), вайша (вайшиъ)
 дукх. терахь.
Ц1.  Тхо;        вай
Дл.  Тхан;      вайн
Л.     Тхуна;    вайна
Др.   оха;         вайша
К.    тхоьца;   вайца
Х.     тхох;       вайх
М.     тхоьга;  вайга
Дс.    тхол;     вайл
Вайна ма-гарра, тхо – бохучу ц1ерметдашо дийриг дожарехь шен кеп хуьйцу.
Тхо  бохучу ц1ерметдашо къамел деш волчун аг1о билгалйо. Маь1нига хьаьжжина, цо чулаца тарло шиннал сов долчу адамийн тоба я доьзал, куп, юкъ, тайпа, юрт, к1ошт, иштта дийнна къам а, мохк а.
Масала: 
Тхо экзаменна кечамаш  беш ц1а даха хьеделлера.
Тхан махкара маьждиг уггар доккха  а ,хаза а ду.
Тхоьга дадин накъостий баьхкира.
Оха цкъа а цхьаьнцце  дов ца дина.
Вай бохучу ц1ерметдашо къамел деш волчуьнца цхьаьна цуьнга ладуг1уш верг я ладуг1уш берш а чулоцу. Цул сов, и дош г1иллакхан маь1нехь лела а тарло.
Масала:
— Деца, хьо вайга йог1ур юй? 
Вай ду таханлера маьрша дахар лардан дезарш.
Вайн дайша дитина оьзда г1иллакхаш лардан деза вай.
Вайга, вай, вайн, -х1орш  хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдешнаш ду.
Тхойша я тхойшиъ бохучу ц1ерметдашо ши адам билгалдо — къамел деш верггий, цуьнан накъосттий (иза гуш велахь а, вацахь а).
Масала:
Тхойша (тхойшиъ) даима а ву бертахь ловзуш
-Деца, вайшиъ (вайша) сарахь баба йолчу яхийтахьа.
Х1инца легор ду вай х1ара ц1ерметдешнаш:
Ц1.  Тхойшиъ;   вайшиъ
Дл.  Тхойшиннан;  вайшиннан
Л.  Тхойшинна;  вайшинна
Др. охашимма;  вайшимма
К.   тхойшинца;  вайшинца
Х.   тхойшиннах; вайшиннах
М.   тхойшинга;  вайшинга
Дс.  тхойшиннал; вайшиннал
Т1едиллар №1.
Х1окху текста юкъарчу предложенешкахь дукхаллин терахьан хьалхарчу юьхьан ц1ерметдешнаш схьалаха, церан дожарш билгалдаха:
Вайга кхойкхуш ю анайисташ. Цаьрца го вайна кханенан аматаш.
Тхо хьалаг1евттира воккханиг чоьхьаваьлча. Цо дийцира тхуна шен дахарх лаьцна. 
Т1аккха шен накъостий чубаьхкича, цаьрга аьлла цо: 
-Цхьа г1ан дайна суна. 
-Дийцахьа тхуна и г1ан,- аьлла цара . 
-Вай цхьаьна доьшуш а ду. Вайн вовшех лачкъийна х1ума хила йиш а ма яц. 
Т1едиллар №2.
Т1адамийн метта маь1ница дог1у ц1ерметдешнаш а дахка:
 … ломахь дехаш ду.
Хаза меттигаш ю … гонаха.
… школа юьртана лахахьа ю.
…  1алашйо тхайн школа. 
Г1оьнна дешнаш: тхо, тхуна, тхан, оха.
Тахана вайна девзи  хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдешнаш.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!

Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика