Де дика хуьлда шун, хьоме бераш.
Урокан 1алашо цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш къасто хаар ю вайн.
Х1ума цхьана аг1ор билгалъечу къастамах цхьанатайпанара къастамаш олу.
Масала:
Дикачу, оьздачу г1уллакхаша стеган сий до.
Х1окху предложенехь —дикачу, оьздачу — цхьанатайпанара къастамаш бу.
Хаттар х1оттадо вай цу шина къастамна. мухачу?- дикачу, мухачу?-оьздачу.
Цхьатерра хаттарш луш болу къастамаш цхьанатайпанара къастамаш бу.
Цхьанатайпанара къастамаш дагардаран эшарехь а олу.
Царна юккъе запятой а юьллу, хуттург х1отто йиш а ю.
Ткъа х1инца хьовсур вай цхьанатайпанара боцу къастамаш муьлхарш бу.
Цхьа х1ума тайп-тайпанчу аг1ор билгалъечу къастамах цхьанатайпанара боцу къастамаш олу.
Масала:
Ламанан сихачу хил дехьа а девлла, юха а шерачу новкъа девлира тхо.
Иштта д1адоладелира церан къинхьегаман дахар.
Х1окху предложенехь билгалбохур вай къастамаш.
Ламанан сихачу -цхьанатайпанара боцу къастамаш,
хьовсур вай х1инца уьш х1ун къастамаш бу.
ламанан— стенан? сихачу — мухачу?- аьлла хаттарш х1иттадо вай.
Цхьа х1ума тайп-тайпанчу аг1ор билгалъеш бу и къастамаш, цундела царах цхьанатайпанара боцу къастамаш олу.
Баьццарчу тог1и чухула г1овг1анца охьаоьхура чехка, сирла, хьаьъна хи.
Баьццарчу тог1и чухула г1овг1анца охьаоьхура чехка а, сирла а, хьаьъна а хи.
Чехка сирла хьаьъна-уьш дагардаран эшарехь болу къастамаш бу.
Вайна цу шина предложенехь запятойш муха йохку а, хуттургаш муха х1итто еза хии.
Х1инца вай вешан хаарш толлур ду.
Лаьмнашна т1е бижира гуьйренан шийла малх, 1индаг1аш дахделира. Арахь лаьтташ ткъевне, 1аьржа гуьйренан буьйса яра.
Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш болуш предложенеш ю вай ялийнарш.
1-чу предложенехь болу къастамаш цхьанатайпанара боцу къастамаш бу: гуьйренан, шийла.
2-чу предложенехь болу къастамаш -ткъевне, 1аьржа- цхьанатайпанара къастамаш бу.
Вай теллинчу предложенеш юкъахь шу ца кхеташ дешнаш дарий?
Делахь, вай церан маь1на дан хьовсур ду.
Тог1и чухула, ткъевне буьйса
Тог1и-оьрсийн маттахь аьлча-овраг, впадина, ткъа вайн маттахь цуьнан маь1на- 1инан чоь (1инах чу).
Ткъевне-ткъов-дог1а деана,()
йочане буьйса-оьрсийн маттахь аьлча-ткъов— (дождь с мокрым снегом), ткъарш— слякоть.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа болх бийр бу вай .
Хийла хилларг, лайнарг, дайнарг дагаоьхуьйтура оцу тийначу сирлачу аьхкенан суьйренаша.
Алийша муха къастор бара аша х1окху предложени юкъара къастамаш?
тийначу, сирлачу, -цхьанатайпанара къастамаш.
Тийначу, сирлачу аьхкенан-цхьанатайпанара боцу къастамаш.
Стенца доьзна ду иза?
Цхьа х1ума цхьана аг1ор я тайп-тайпанчу аг1ор билгалъяр ду.
Иштта къасто хаа деза цхьанатайпанара а. цхьанатайпанара боцу а къастамаш.
Х1инца вай ваьш тахана дийцинчун жам1 деш болх берзор бу.
Со тешна ю шу теманах кхетта хир ду аьлла.
Делахь а, шу зерхьама, шуна дагахь а доцу цхьа хаттар дала йоллу со.
Иштта ду и хаттар, аьлча а, х1етал-метал ала а мегар ду кхунах.
Х1уманан билгало гойту
Къамелан дакъа ду со.
Муха ю? Я хьенан? Стенан?
Хаттаршна ас жоьпаш ло. (…) (Билгалдош)
Ткъа башхалла х1ун ю билгалдешан а, къастаман а?
билгалдош-къамелан дакъа ду.
къастам — иза предложенин коьртаза меже ю.
Цу т1ехь вай урок ерзайо.
Дела реза хуьлда шуна ладог1арна. Со тешна ю шу теманах кхетта хир ду аьлла.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З.Д. Вагапова Т.М, Эсхаржиев Я. У. , Нохчийн мотт . 8-9-чуй классашна. г. Грозный. Г.У. Книжное издательство 2012 шо.
2. Эдилов С.Э. , Самукъане грамматика 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
3. Исмаилов А. Дош Соьлжа-г1ала 2005 шо.
4. Мациев А. Г. Чеченско-русский словарь.
Соьлжа-г1ала Ф Г У П К. И П К. 2010 шо.
5. Эдилов С. Э. Нохчийн меттан синтаксисан практикум.
Соьлжа-г1ала. Издательство. Альфа- Пресс. 2011 шо.