Урок №29 Цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!
ХIун хир ду ненан маттал хьоме дуьнен чохь дехачу адамашна. Ненан матах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цIаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш каро деза дешнаш.
Хьанна дагадогIу стенах олу цхьанатайпанара меженаш?
Цхьанатайпанара меженаш цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а хуьлу.
Масала:
Шен мерза са а, дерриге дахар а, шен болатан дог а Даймахкана дIаделира турпалхочо.
Цхьайолчу предложенешкахь цхьанатайпанарчу меженашца уьш ерриш юкъалоцуш дош хуьлу. Цунах юкъара дош олу.
Юкъара дешнаш а цхьанатайпанара меженаш а цхьа меже хуьлий лела, аьлча а, юкъарчу дашах хилла меже хуьлу цхьанатайпанарчу меженех а.
Масала: Хьуьнах хуьлу тайп-тайпана стоьмаш: хьаьмцаш, кхораш, хьечаш, Iежаш.
ХIокху предложенехь цхьанатайпанара меженаш ю хьаьмцаш, кхораш,хьечаш,Iежаш.
Уьш ерриш юкъалоцуш  долу дош муьлхарг ду?
стоьмаш-иза юкъара дош ду.
Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха я тIехьа хуьлу.
Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ делахь, царна хьалха шитIадам буьллу.
Масала: Текха чохь дара дуккха а чIерий: чабакхаш, яйнан кIорнеш, усачаш.
Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна тIехьа лаьтташ делахь, царна хьалха тире юьллу.
Масала: Оьздангалла, комаьршалла,гIиллакх, дикалла — и дерриге а шеца долуш вара тхан лулахо.
Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха лаьтташ, амма предложении чекхъялаза елахь, цхьанатайпанарчу меженашна хьалха шитIадам буьллу, царна тIехьа тире юьллу.
Масала: Гонаха долу шадерг: лекха лаьмнаш,шийла шовданаш, луьста хьаннаш- сунна хьоме хетара.
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш болх бийр бу.
Кху предложенеш юкъара оьрсийн маттара дешнаш нохчийн матте а дохуш, д1аяздийр ду вай.
Юкъара дош билгалдоккху.
Понедельник, вторник, среда, четверг — сан белхан денош ду.
Дуккха а олхазарш: алкханчаш а, чIегIардигаш а, хенакIураш а, нIаьвлаш а, атйокхаш а – адамийн доттагIий ду.
Нийса жоьпаш-
Понедельник-оршот,
Вторник- шинара,
Среда-кхаара,
Четверг-еара,
юкъара дош-белхан денош
алкханч-скворец,
ч1ег1ардиг-ласточка,
хенак1ур-дятел,
н1аьвла-жаворонок,
атйокх- кукушка,
юкъара дош —олхазарш
Юкъара дешнаш билгал а дохуш, оьшуш долу хьаьркаш а х1иттош, иштта т1едиллар кхочушдан хьовсий вай.
Кхузахь доцуш даарш дан а дацара жижиг далнаш хьокхамаш г1аймакхаш.
Тетрадаш  къоламаш  ручканаш  альбомаш шортта дешаран г1ирсаш бара туьканахь.
Нийса жоп иштта хир ду:
Кхузахь доцуш даарш дан а дацара: жижиг,далнаш, хьокхамаш, г1аймакхаш.
Тетрадаш, къоламаш, ручканаш, альбомаш-шортта дешаран г1ирсаш бара туьканахь. 
ХIокху урокехь вайна  девзира цхьанатайпанарчу меженашца юкъара дешнаш а, цаьрца сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаш а евзи.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
1одика йойла, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика