Урок №24 Бахьанин латтам

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду бахьанин латтамах лаьцна.  Тахана шуна 1емар ду бахьанин латтамо х1ун гойту а, муьлхачу хаттаршна жоп ло а.
Дар я хилар мича хьолехь,
Маца, муха, муьлха меттехь,
Х1унда, мича 1алашонца
Кхочуш хуьлу гойту ас,
Шаьш ца тешахь, де аш хаттар –
Гучубер бу т1аккха латтам.
Бахьанин латтам бийца вай дуьйла далале, вай доцца дуьйцур ду латтамех лаьцна. Шайн маь1не хьаьжжина латтамаш хуьлу:
Даран суьртан (лекхира муха? – хаза)
Хенан (кхечира маца? – тахана)
Меттиган (летира мичахь? – арахь)
Бараман (схьахилира мел? – к1еззиг)
Бахьанин (вуьйцу мича бахьанина? – дикалла)
1алашонан (элира х1унда? – деша)
Бехкаман (леладахь, бохург дахь)
Дуьхьалара (олушшехь, дийцарх, аларх).
Вай карладоккхур ду ваьшна бахьанин латтам  бовзале девзинарг.
Шуна дагадог1ий вай хенан латтам 1амош?
Масала:
1ай-б1аьста а, гурахь-аьхка а к1айн кирхьа кхозу цу 1аламат лекхачу ломана дуьхьал.
Воккханиг т1евеъча, жиманиг хьалаг1отту.
Охуш аьлларг оруш карийна.
Ц1ена йолуш дуьйна бедар 1алашъе, жима волуш дуьйна сий а ларде.
Х1инца вай, дика тидам т1е а бахийтина, дуьйцур ду бахьанин латтамах лаьцна.
Бахьанин латтамо гойту, дар я хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу.
Цо жоп ло: х1унда? х1ун бахьана долуш? мича бахьаница? бохучу хаттаршна.
Бахьанин латтам хуьлу:
Куцдашах: Элмарза к1еда амал, оьзда г1иллакх долуш, 1аламат товш стаг вара, цундела везара и массарна а.
Суффикс (-лла) йолчу ц1ердешнех: Хазалла а, дикалла а юьйцура иза наха.
Лург дужарехь долчу масдарх, масдаран карчамах: Г1а-бац т1ехь хила тхи дакъаделира, малх хиларна.
Деепричастих, деепричастин карчамах: Кхоьруш, дуьхьал дош ца элира к1анта.
Бахьана долуш, бахьнехь бохучу дешнашца: Нана бахьнехь юьртара д1а ца вахара к1ант. 1аржъялар бахьана долуш, сан ц1а вог1ийла ца хилира.
Х1инца  шуьга са а до1уьйтуш, аса шуна байт йоьшур ю, ткъа аша ойлае, бахьанин латтам карабе.
Нохчийн мотт хестош ас
байташ а язйина,
Йоккхае цу Дала со,
нохчо а кхолларна.
Хестабо, хьехабо
сайн ненан мотт                                                   
Даггара.
Безарна, хетарна сайн сил а                                                                  
хьоме
(Р.С.Шахтиева)
 
Вайна тахана девзи керланиг – бахьанин латтам.
Вайна хии бахьанин латтаман  дар, хилар муьлхачу бахьаница кхочушхуьлу. х1унда? х1ун бахьана долуш? мича бахьаница? бохучу хаттаршна жоп лой а.
Х1инца дийцинарг т1еч1аг1деш, барта далор ду вай массалш:
      
                                                       Хьуьнах дахар.
Чекхдели дешаран шо. Т1екхечи оха дукха сатийсина йолу аьхке. Аьхка хьуьнах даха дагалаьцнера оха. Цунна лерина хьалххе беш кечамаш а бара тхан. Эххар а т1екхечира и де. Хьун тхо дехачу юьртана гена йоццуш яра, амма цунна т1ебоьду некъ башха атта а бацара. Цундела, дег1ана онда хиларна,  ши-кхо к1ант тхайна хьалха ваьккхира оха. Ирхонаш яха деза дела, кара г1ожмаш а ийцира тхох цхьаболчара. Зудабераша шайца тускарш деанера, тхан гихь т1оьрмигаш дара. Бан беза некъ хала хиларна  а, де деха хиларна а, тхайца юург а еанера оха, мала хи а ца дицдинера.
Новкъа схьадог1уш хьехархочо тхуна йовзийтира цхьацца дарбане бецаш, ткъа хьуьна чу доьлча, — цхьацца дитташ а, дийцира цара беш болчу пайданах а лаьцна. Дика самукъа а даьккхина, де суьйренгахьа ластар бахьана долуш, ц1ехьа дирзира тхо.
Кху текст юкъахь бахьанин латтамаш бу: дег1ана онда хиларна,  бан беза некъ хала хиларна  , де деха хиларна.
Рог1ерачу урокехь вай дуьйцур ду 1алашонан латтамах лаьцна.
Вешан меттан дешан лерам а болуш, могуш-маьрша Даймахкахь дехийла-кха вай.
Мотт бацахь, мохк бацахь кхане ирсе хуьлийла а дац.
Дала лойла-кх вайна иза массарна а, — мотт ца хилча, къам доцийла хууш болу кхетам.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун, марша 1ойла  шу!
 
Пайда эцна литература:
З.Д.Джамалханов «Нохчийн мотт – 8-9 класс» (Грозный ФГУП «ИПК Грозненский рабочий» .2013шо).
В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев . «Нохчийн мотт – 7 класс» (Соьлжа-Г1ала ГУП «Книжни издательство»2010 шо).
С.Э.Эдилов. «Самукъане грамматика – 5-11 класс» (Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс». 2010 шо).
«Нохчийн матах  нохчийн маттахь…» (Соьлжа-Г1ала. ГУП «Книжни издательство». 2010 шо).

Close
Яндекс.Метрика