Урок №23 Хенан латтам

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Вай тахана дуьйцур ду, хенан  латтамах лаьцна. 
Юханехьа некъаш дан хууш дац кема.
Суна тов и амал-со цунах 1ема!
А.Кусаев.
Таханлера вайн тема ю: Хенан латтам.
Латтам  коьртаза меже ю.
Латтамаша гойту  дар, хилар муьлхачу хьолехь кхочушхуьлу: маца? мичахь? х1ун 1алашо йолуш? х1унда? муха? Шайн маь1нашка хьаьжжина латтамаш хуьлу масала:
Даран суьртан, (меллаша воьду, сиха дуьйцу),
бараман (дукха, к1еззиг),
меттиган (гонах, арахь),
хенан (селхана, дийнахь)
Предложенехь латтамаш хуьлу ц1ердашах дешт1аьхьенаш йолуш а, йоцуш а, масдарх,  хандешан  билгалзачу кепах, куцдашах, деепричастих, ц1ерметдашах.
Дешархой, вай карладокхур ду ваьшна хенан латтам бовзале, девзинарг:
Масала: Байн хьоьккхучу мохо г1ийла лестадора г1аш.(лестадора муха? –г1ийла-даран суьртан латтам)
Иштта вайна бевзина бараман латтам а.
Бараман латтам карлабоккхуш вай далор ду масалш:
Стиглахь, наггахь гуш седарчий дара. (гуш дара муьлхачу барамехь? – наггахь- бараман латтам)
Меттиган латтам  вай 1амийна хиларе терра,цунах доцца дуьйцур ду  вай масалшца:
Цо жоп ло: мича? мичахь? мичара? мичахьара? мичахула? стенга? стенгахь? стенгахьа? стенгара? стенгахьра? стенгахула?
стенгахьахула? — бохучу хаттаршна.
Масала:
Тахана иза рег1ахула юьртара ц1а веара (веара мичахула?-рег1ахула-меттиган латтам)
Х1инца вай, дика тидам т1е а бахийтина дуьйцур ду  хенан  латтамах лаьцна:
Хенан латтамаша билгалдоккху, маца кхочушхуьлу дар,хилар.
Цара жоп ло:  маца? маца дуьйна? маццалц? — бохучу хаттаршна. Хенан латтам  хандашах-сказуемих боьзна хуьлу.
Иза кхоллало куцдашах, деепричастих, деепричастин карчамах, хандешан латтамийн форманех, масала:
Сарахь а, 1уьйранна а олхазарш дека. (дека маца?-сарахь а, 1уьйранна а- хенан латтамаш, кхоллабелла куцдашах)
Ц1ена йолуш дуьйна бедар 1алашъе, жима волуш дуьйна сий ларде.(кица).(1алашъе маца дуьйна?-ц1ена йолуш дуьйна-хенан латтам, сий ларде маца дуьйна?-жима волуш дуьйна, хенан латтам).
Х1инца шуьга са а до1уьйтуш, аса шуна байт йоьшур ю,ткъа аша ойлае, буй цу юкъахь хенан латтам?
Хьоме дешархо, даима дас-нанас бохург делахь,
Хьехархой безалахь, дай-наний санна.
Воккханиг ларалахь, сий делахь жимачун,
Сий долуш хир ву хьо-хьо а т1аккха!
 Р.Шахтиева
 
Вайна тахана бевзи  хенан латтам,  хии  цо хан билгалъяр а, маца? маца дуьйна? маццалц?-бохучу хаттаршна жоп лой а.
Иштта  предложенехь латтамаш ц1ердашах дешт1аьхьенаш йолуш а, йоцуш а, масдарх,  хандешан  билгалзачу кепах, куцдашах, деепричастих, ц1ерметдашах кхоллалуш хилар.
Х1инца  дийцинчух шу муха кхетта а хьовсуш, барта далор ду вай масалш:
Сарахь, лимон санна можа малх д1абузуш,шийла мох хьаькхира. Сахилале сийначу стигалхула меллаша нека деш йоьлхура мархаш. 1уьйранна нана балха яхча, цхьа сингаттаме хуьлура ц1ахь.
Пхоьалг1ачу дийнахь г1оли хилира дархочунна.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шун ,марша 1ойла шу!

Close
Яндекс.Метрика