Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Таханлера вайн цхьанакхетар д1ахьур ду меттиган латтамаш буьйцуш.
Вайн х1окху урокан 1алашо ю меттиган латтам бовзийтар, латтамаш карлабахар ; дешнашца болх бар.
Хьалхарчу урокехь дийцинарг карла а доккхуш латтамех лаций дийца вай.
Синбилгало къастале г1оттура хьала йоккха стаг.(маца? синбилгало къастале— хенан латтам)
Ког ма-боллу урамехула ведда вог1ура Бешто.(муха? ког ма-боллу-даран суьртан латтам)
Оццул дика г1уллакх дина хилла цу жимчу к1анта.(мел? оццул-бараман латтам)
Х1инца иштта предложениш толлур ю вай:
Воккхах волу ваша институтехь доьшуш вара.(мичахь? институтехь-меттиг гойту )
Эвла йистехула охьадог1ура жима татол. (мичахула? Эвла йистехула— меттиг гойту)
Х1окху предложенешкахь меттиг гойтуш долу дешнаш билгалдехи вай.
И предложени синтаксически теллича вайна цигахь йолу меженаш билгалъевр ю.
Доьшуш вара – х1оттаман сказуеми;
ваша — подлежащи;
воккхах волу – къастам;
институтехь – меттиг гойту латтам ( меттиган латтам)
Синтаксически бинчу къастамо гойту вайна, институтехь бохучу дашо меттиг гойтуш хилар, мичахь? боху хаттар кхоллало вайн.
Х1инца цу бинчу балхе хьаьжжина бакъо кхоллалур ярий техьа вайга?
Меттиган латтамаша гойту дар я хилар мичахь кхочушхуьлу Царна х1ара хаттарш х1иттадо: мичахь? мича? мичара? мичхьахула? мичара дуьйна? стенга? стенгахь?
Масала:
Оцу дийнахь юьрта ( мича?) г1алара (стенгара?) хьеший баьхкира.
Оьрсийн маттаца дуьстича:
Заяц выскочил из леса ( откуда?) и побежал полем ( где?).
Меттиган латтам хуьлу дешт1ехьенаш йолуш а,йоцуш а долчу ц1ердешнех,куцдешнех,ц1ерметдешнех,терахьдешнех,хандешан латтамийн форманех.
Раг1у к1елахь дижина 1уьллуш цициг дара. (мичахь? раг1у к1елахь-к1елахь-дешт1аьхье)
Гучувелира божалахь лечкъина 1аш верг. ( стенгахь? божалахь-ц1ердош)
Тхоьгахь дукха хьеший бара. ( мичахь? тхоьгахь- ц1ерметдош)
Хьалхарчунна т1аьхьа х1оьттира со. ( мича? хьалхарчунна т1аьхьа-терахьдош т1аьхьа-дешт1аьхье)
Геннара схьахеза дагна там луш долу илли. ( мичара? геннара-куцдош)
Уьшал лаьттинчохь 1ам ца эшна. ( мичахь? уьшал лаьттинчохь-хандешан латтамийн форма)
Гергарчу хьесапехь т1едиллар иштта хила тарло:
1.Ц1ийна уллохь говр д1атесна яра.
Д1атесна яра— х1оттаман сказуеми
Говр— подлежащи
Ц1ийна уллохь – меттиган латтам.
Лаьмнаш т1ехь ло гора.
Гора – сказуеми;
Ло— подлежащи;
Лаьмнаш т1ехь – меттиган латтам
Меттиган латтамех дерг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар лур ду вай шуна .Ялийначу предложенешкара меттиган латтамаш билгалбаха .
Кхузара гуш яра стоьмех йоьттина йолу бошмаш.
Шолг1ачунна юххе д1ахотта веза хьо къайлаха.
Массанхьара а схьахезара бераша детта маьхьарий.
Геннара деъначух тера дара воккхачу стага и кхорийн синтарш.
Нийса жоп иштта хир ду:
Кхузара гуш яра стоьмех йоьттина йолу бошмаш.
Шолг1ачунна юххе д1ахотта веза хьо къайлаха.
Массанхьара а схьахезара бераша детта маьхьарий.
Геннара деъначух тера дара воккхачу стага и кхорийн синтарш.
Кхузара , шолг1ачунна юххе, массанхьара а, геннара – меттиган латтамаш бу.
Х1окху урокехь вай шуьца карладехира латтамех долу хаарш а , девзийтира церан кхолладалар, уьш т1еч1аг1деш болх а бира . Цул совнаха керла дешнаш а девзира вайна. Уьш дагадоуьйтур ду вай.
Раг1у ( навес) — тхов болуш, хьалхара пен боцуш , т1ехьара а, шина аг1орхьара а кхо пен а болуш йина г1ишло.
Божал (сарай) — бежнаш кхаба йина г1ишло.
Кху т1ехь вай урок ерзайо.
1одика йойла ,марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1.З.Д. Джамалханов, Т.М.Вагапова, Я.У.Эсхаджиев «Нохчийн мотт 8-9класс» Грозный ГУ « Книжное издательство»2011 шо.
2. С.Э.Эдилов « Самукъане грамматика»5-11 классашна . Соьлжа- г1ала Издательство «Альфа-Пресс» 2010 шо.
3. Методически пособи 8 классана лерина йолу.
4. А.Г. Мациев «Нохчийн- оьрсийн словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК» Грозненский рабочий» 2010 шо.