Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой.
Вай тахана юха а вовшахкхийти нохчийн меттан рог1ерчу урокехь.
Д1аяханчу урокехь вай хуттургаш, церан тайпанаш 1амийра. Ткъа тахана вай дуьйцур ду дакъалгех лаьцна.
Предложени, цуьнан меже
Маь1не ялош лела иза.
1амо деза, хаа деза,
ДАКЪАЛГ вайна довза деза.
Преложенина я цуьнан меженашна тайп-тайпана маь1на лучу г1уллакхан къамелан декъах дакъалгаш олу:
Слайд:
Иман тахана школе ца еара.
Хьо бен цхьа к1ант вац кху чохь?
-Шаьш дечу г1уллакхе хьаьжжина,дакъалгаш масех тайпане декъало:
Хаттаран (вопросительные) – те, техьа, теша:
Анзор вог1ур вуй-те тахана школе?
1иса вог1ур волуш варий-техьа?
Мансур веанерий-теша?
Бакъдаран (утвердительные) – ма, ткъа, х1аъ, хьаха:
И ма ву х1ара дов долийнарг.
Цо дина ткъа х1ара г1уллакх.
Х1аъ, ду дера иза-м цома-аллара.
Иза-м хьаха ву ч1ог1а дика доьшуш.
Дацаран (отрицательные) — ма, ца, х1ан-х1а:
Ма дийца хьаштдоцург.
Иза ца веара тхоьга.
Х1ан-х1а, со ца вог1у шуьца.
4. Дацар ч1аг1даран (усиления отрицания) – де а, данне а, аьттехьа а (де а дац, данне а дац, аьттехьа а дац).
5. Бакъдаран-ч1аг1даран (утвердительно-уселительные) –аьлла-кх, ткъа: Ас аьлла-кх хьоьга со вог1у.
Ткъа хьуна муха хета цо дуьйцург?
6. Ч1аг1даран (усилительные): -м, -кх, -кха, -ма, -а, -кхин а, ур-атталла, а т1ехь, дуьххьал, дуьххьалд1а:
Мохьмада-м ца элира.
Аьлла-кх цо шена хетарг.
Цунна-м иза ур-атталла вовза а цавевзира.
7. Хьастаран (ласкательные): -ца, -кхин:
Иштта аьллий-ца.
Иштта аьлла-кхин цо.
8. Айдаран (восклицательные) – мел, ма, ца:
Ма хазаду-кх ненан амат!
Мел хаза ду Даймехкан лаьмнаш!
Иштта аьллий-ца цо!
9. Бахьанин (причины) – аьлла дела, яздина дела, дийцина дела.
10.Дустаран (сравнительные) — асачул, суначул, соьцачул, сохчул, соьга-чул.
11. Бараман (размера): — сел сиха, сел чехка, сел хаза, сел ч1ог1а,сел ц1ена.
12. Пурбанан (разрешения): — ала х1ета, г1о х1ета, еша делахь, эца делахь.
13. Тоамбаран-синтеман (успокоительные): мукъа а, мукъана а (мукъане а): Цо мукъа а аьллехьара.
Кехат мукъана а яздан ца мегара те?
14. Ч1аг1даран-къасторан (усилительно-выделительные) — деккъа, хьовха, ур-атталла:
И хьовха.
Деккъа цхьа дош а аьлла д1авахара иза.
Ур-атталла шега дуьйцучуьнца бала ца хили цуьнан.
15. Дозатохаран (ограничительные) – бен, еккъа (веккъа, деккъа, беккъа): Хьо бен вац сан деган доттаг1а.
-Х1инца дакъалгийн нийсаяздар муха хуьлу хьосур ду вай.
1. Хаттаран дакъалгаш: те, техьа, теша, хандешнашца юккъе дефис юьллуш яздо,ткъа х1ан къаьстина яздо, масала: хезний-те? яздиний-теша? веаний-техьа? х1ан, ахьа х1ун элира?
2. Бакъдаран дакъалгаш: х1аъ, дера, ма, хьовха даима а къаьстина яздо, масала: аьлла дера, (дера аьлла), х1аъ, аьлла.Зина-м ма яра цигахь.
3. Ч1аг1даран дакъалгаш: -м, -х, -кх, -кха, -ма – дефисца яздо, масала: Хьамзата-м ч1ог1а хаза къамел дира.
Иза-х т1ех дика дешна ю школехь.
Цо т1ех дика язйина-кх диктант.
Оха ма-дарра къамел 1аламат дика 1амийра.
4. Х1ан-х1а боху чолхе дацаран дакъалг дефисца яздо.
Х1ан-х1а, ас хьайга ца аьлларг ма дийца.
5. Дацаран дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстина яздо, масала: ма дийца, ца дуьйцу, ма ала, ца олу.
6. Дацаран дакъалг ца ц1ердашций, масдарций цхьаьна яздо:
цатам, цабезам, цалаар, цахаар, цатоар, цатешар, цахетар.
7. Дакъалг ца деепричастица къаьстина яздо, масала:
ца хууш, ца лууш, ца вог1уш, ца дуьйцуш.
8. Карарчу я яханчу хенийн лаамечу причастешца дацаран дакъалг –ца –цхьаьна яздо:
цахуург, цахиънарг, цалуург, цалиънарг.
9. Дакъалг ца лаамазчу причастица къаьстина яздо, масала: ца хеза дош, ца хезна дош, ца дуьйцу хабар, ца дийцина хабар, ца дуьйцу долу хабар.
10. Йог1учу хенан причастица дакъалг ца даима а къаьстина яздо:
ца хета долу х1ума, ца хета дерг.
11. Дуьххьалд1а боху чаг1даран дакъалг цхьаьна яздо.
12. Дустаран дакъалг чул муьллхачу дожаршца хилахь а, къаьстина яздо, иштта куцдешнашца а, масала:
Хьавас чул, Хьавана чул, Хьавага чул, кхунна чул, х1етахь чул, кузахь чул, цигахь чул.
13. Ур-атталла боху чаг1даран дакъалг дефисца яздо.
14. Карарчу хенан чаккхенгахь дакъалг ца (ц) цхьаьна яздо.
Туьран-тоьпан чов йирзина, меттан чов ерза тигац. (Кица.)
-Ткъа х1инца 1амийначу урокан мах хадош, вешан хаарш толлуш, т1еч1аг1дарехь болх бийр бу вай.
-Т1ера схьаязде кицанаш, цкъа хьалха дакъалгашца цхьаьна яздинарш, т1аккха къаьстина яздешдерш.
Слайд:
Ахчано хьекъал т1е (ца) кхоьтуьйту, хьекъал дешаро совдоккху.
Ладог1а (ца) хаар-бала, ладог1а хаар-г1ала.
Дукхалер — дети делахь а, (ца) лер-деши ду.
Къахеташ (ца) лург дозаллина ло.
Хьешана дуьхьал нуй хьекхар – хьаша (ца) эшаран билгало ю.
Болх бар цхьа къинхьегам, (ца) бар-ши къинхьегам.
Хьошалг1а вахча, х1усамдайн г1алаташ (ма) леха.
Т1едиллар иштта хир ду:
Слайд:
Ахчано хьекъал т1е ца кхоьтуьйту, хьекъал дешаро совдоккху.
Ладог1а цахаар-бала, ладог1а хаар-г1ала.
Дукхалер-дети делахь а, цалер-деши ду.
Къахеташ цалург дозаллина ло.
Хьешана дуьхьал нуй хьекхар – хьаша цаэшаран билгало ю.
Болх бар цхьа къинхьегам, цабар-ши къинхьегам.
Айхьа ловрдоцург, нахе а ма ала.
Хьошалг1а вахча, х1усамдайн г1алаташ ма леха.
-Х1окху урокехь вайна девзи дакъалгаш, церан тайпанаш, иштта вайн таро хили церан нийсаяздаран бакъонаш йовза а.
-Дала вешан ненан мотт безар лойла вайна и 1аморехь аьтто бойла вайн!
Ц1ахь бан болх: дакъалгаш юкъахь долуш 5 предложени х1оттае.
Вай цкъа а ца хилла нахал оьшуш.
Ванах, мича ваха-техьа Ислам?
Ма дукха хан яра суна хьо ганза!
Со-м тахана д1акхача дагахь ву.
Руслан бен накъост воцуш висира Мохьмад.
Цу т1ехь вайн урок чекхъели.
1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н. «Нохчийнмотт» 10-11 класс Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий»»,2013 шо.
Эсхаджиев Я.У. «Юккъерачу школехь нохчийнметтан орфографии а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный. Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийнметтан синтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийнметтан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Карасаев А.Т., Мациев А.Г. ”Русско-чеченский словарь” Москва. Издательство ”Русский язык” 2000