Урок №21. Хуттургш, церан тайпанаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Суна ч1ог1а хазахета вайн тахана юха а цхьанакхетар нисделла.
Вешан ненан мотт 1амор а, и хаар а вайн декхар ду.
Х1окху таханлерчу урокехь вай дуьйцур ду хуттургех, церан тайпанех, церан нийсаяздарх  лаьцна.
-Дагадог1ий шуна, ворх1алг1ачу классехь вай хуттургаш 1амийна.
-Тахана вай оцу хуттургех долу вешан хаарш, мелла а к1аргдан хьовсур ду.
-Д1аяханчу урокехь вай 1амийра дешт1аьхье а,цуьнан нийсаязъяр а.Хууш ма-хиллара дешт1аьхьенаш,хуттургаш, дакъалгаш – уьш г1уллакхан къамелан дакъош ду.
-Дешнаш я предложенеш вовшеххуттучу къамелан декъах хуттург олу.
Слайд:
Предложенехь дешнаш хуттуш,
Вовшех дузуш, з1е тосуш,
Лелаш ю со цаьрца гуттар
Цундела сох олу … хуттург.
-Хуттургаш уггаре а хьалха,шайн синтаксически маь1не хьаьжжина шина кепара хуьлу:
1) цхьаьнакхетаран хуттургаш;
2) карара хуттургаш.
-Цхьаьнакхетаран хуттургаш предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь а,чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь а лела,масала:
 Хьечаш а, кхораш а, 1ежаш а дара тхан бешахь кхуьуш.
 Кхетта малх бара, амма хьоькхуш шийла мох бара.
— Хьалхарчу предложенехь цхьанатайпанара меженаш вовшахтесна хуттургаша, ткъа шолг1ачу предложенехь – шиъ цхьалхе предложени.
1.Цхьаьнакхетаран хуттургаш еакепара ю:
1) дозаран хуттург а: Аьлларг дети делахь а,цааьлларг деши ду.
2) къасторан хуттург я: Я хьалакхуьур ду и синтар,я дакъалур ду.
3) дуьхьалара хуттургаш: амма, ткъа, делахь а, х1етте а, бакъду, цхьабакъду: Арахь ло дара, амма сов шийла яцара; Дог1уш дог1а дара, х1етте а бераш арахь ловзуш дара.
4) довзийтаран хуттург аьлча а: Шовданан йисте хи эца еана жима зуда яра ,аьлча а Бусана яра.
-Карара хуттургаш а еакепара ю:
бахьанин хуттург х1унда аьлча:
Дархочуьнга х1умма а ца элира лоьро, х1унда аьлча бакъдолчо цатам бан тарлора цунна.
бехкаман хуттургаш: нагахь, нагахь санна:
Нагахь хьо соьца ваг1ахь, хьо дохко вер вац хьуна. Нагахь санна со юьрта водахь,аса тхайн к1от1арахь стоьмийн синтарш д1адуг1ур ду.
Дустаран хуттург санна:
 Сийсара деана ло, бамба санна, 1уьллура лекхачу дитташ т1ехь.
кхеторан хуттургаш: аьлла, бохуш:
Баьхкина хьеший дукха бу аьл-ла, уьстаг1 бийра дадас. Суна хезна, Асланбек деша воьду бохуш.
  -Предложенехь хуттургаш кхечу дешнех къаьстина язйо:
 Иман а, Луиза а дика доьшуш ю.
А бохучу дозаран хуттурган метта лиэла хуттурган суффикс -й (ий, н) цхьаьна язйо: Йо1а ламаз эца тассий, г1умг1ий, к1архашший беара.
 Бацалахь хаза гора ц1ен, к1айн зезагаш.
-Х1оттаман хуттургаш къаьстина язйо:
нагахь санна, х1унда аьлча, аьлча а, х1етте а, делахь а.
Чолхе дуьхьалара хуттургаш бакъду, цхьабакъду (амма бохучу хуттурган маь1нехь) цхьаьна язйо:
Арахь къеггина кхетта малх бара, бакъду (цхьабакъду) сов йовха яцара.
-Билгалдаккхар.
-Цунах ц1еран х1оттаман сказуеми хуьлучу меттехь иза ши дош хуьлий  д1ах1утту  ц1еран дакъий, х1оттаммий  къаьстина яздан а дезаш, масала:
1исас дуьйцург бакъ ду. (муха ду?)
-Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш жимма болх бийр бу вай.
-Т1адамийн метта йог1уш йолу хуттургаш а х1иттош, д1аязъе предложенеш.
… стагана шен ц1а, юрт,халкъ ца дезахь,цунна вежараллин къаьмнаш а, Даймохк а безар бац. Човхийча,йиттича бер галдолу … кхоьруш,к1илло кхуьу, … духахьа долу. … доьзалхочо цхьана минотана а дицдан ца деза, дел-ненал гергара а, бехке а, хьоме … сийлахь а х1ума дуьненахь шайн цахилар. … иссанна хууш дерг сиха когадолий, юьртара юьрта доьдуш, сиха      даьржа кху лаьмнашкахь. … тховса цуьнан боларехь а, леларехь иза а, важа а дацара.Стоьла т1е тесна к1айн шаршу къегара ло …
Нийса жоп:
 Нагахь стагана шен ц1а, юрт, халкъ ца дезахь,цунна вежараллин къаьмнаш а, Даймохк а безар бац.
Човхийча, йиттича бер галдолу я кхоьруш, к1илло кхуьу, я духахьа долу.
Амма доьзалхочо цхьана минотана а дицдан ца деза, дел-ненал гергара а, бехке а, хьоме а, сийлахь а х1ума дуьненахь шайн цахилар.
Бакъду иссанна хууш дерг сиха кога долий, юьртара юьрта доьдуш, сиха даьржа кху лаьмнашкахь.
Ткъа тховса цуьнан боларехь а, леларехь иза а, важа а дацара.
Стоьла т1е тесна к1айн шаршу къегара ло санна.
Таханлерчу урокехь вайна девзи  хуттургин тайпанаш.
Аша х1окху уроках пайда эцна хир бу аьлла хета суна.
   Ц1ахь бан болх: цхьаьнакхетаран а, карара  а хуттургаш юкъахь йолуш, кхоккха  предложени х1оттае, масала:
Ахьмада а, Супьяна а, Сулимас а къовсадаларшкахь хьалхара меттигаш  ехира.
Толам я 1ожалла – иштта бара кхайкхам.
Буьйса юккъе яханера, амма хьеший д1абаха дагахь бацара.
Нохчийн мотт дика ца хаьара цунна, х1унда аьлча кхечу махкахь вина а,кхиъна а вара Муса.
Ахъяд Мансур волчувахара, жиммацунна г1о дер ша аьлла.
Нагахь сана хьо дика хьовзахь, вайн г1уллакхаш вон хир дац.
Цу т1ехь вайн таханлера урок д1аерзор ю.
1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н. «Нохчийнмотт» 10-11 класс Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий»»,2013шо.
Эсхаджиев Я.У. «Юккъерачушколехьнохчийнметтан орфографии а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный. Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийнметтансинтаксисан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийнметтан практикум» Соьлжа-г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Карасаев А.Т.,МациевА.Г.”Русско-чеченский словарь” Москва.Издательство ”Русский язык” 2000

Close
Яндекс.Метрика