Урок №20. Дешт1аьхье, цуьнан нийсаязъяр

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду:
Дешт1аьхьенах, цуьнан нийсаязъярх лаьцна.
Хилча х1ун ду дашна т1ехьа?
Дац и хьуна х1умма иэхье.
Дешнаш хуьттуш болх цо бо,
Церан уьйраш латтайо.
Дешнаш хуьттуш, уьйраш латтош
Болх беш лела даим со.
Хьалха йоцуш, т1ехьа лаьтташ,
Сайн декхарш ас кхочушдо.
(Эдилов С. Э.)
-Дешт1аьхье (оьрсийн предлоган метта йолу вайн послелог) къамелан дакъа ду, цундела иза къаьстина язйо:
 Хи чу доьжна кехатах дина жима кема. (-чу дешт1аьхье ю)
Дистина деана хи чудоьжна гора. (чудоьжна -чу дешхьалхе ю)
-Гергарчу хьесапехь оьрсийн предлогаша деш доллу г1уллакх до цара:
 стоьла т1е – (на стол), стоьла т1ехь­­ – (на столе)
 Лач дожаршкахь долчу ц1ердешан а,  цуьнан маь1нехь лелачу дешан а, кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойтучу г1уллакхан къамелан декъах дешт1аьхье олу.
Дешт1аьхье (послелог) дешхьалхенах  (приставкех) къасто хаа деза.
Кегийрхой, вовшах а кхетта,ламазана керлачу маьждига чу бахара.
(-чу дешт1аьхье ю)
 Маьждигехь вовшахкхетта кегийрхой ламазана сихха чубахара (чубахара –чу –дешхьалхе ю)
-Дешхьалхе (приставка) дешан дакъа бен дац, цундела иза дашца цхьаьна язйо, масала:
Слайд:
Йо1а меллаша кор д1адиллира. (д1а- дешхьалхе ю дашца цхьаьна  язйо)
— Дешт1аьхье  къамелан дакъа  ду, цундела иза къаьстина яздо.
-Нагахь хандашна т1ехьа нислахь, иза къаьстина язйо:
дийца схьа –схьадийца,
йилла чу- чуйилла,
вала ара- аравала
-къаьстина язйо, нагахь санна орамний,дешхьалхенний   юккъе –ца –ма –а дакъалгаш нислахь:
схьадуьйцу- схьа ца дуьйцу,
чуйилла — чу ма йилла,
аравала — ара а вала.
-Дешхьалхе –дешан дакъа ду, ткъа дешт1аьхье –къамелан дакъа ду.
Дийнна денош дойура бераша, дитта т1е а довлий, комарш юуш. (т1е — дешт1аьхье ю, иза къаьстина язйо)
Хьасан дитта т1е хьала а, т1ера охьа а ца воссалора доттаг1чун г1оьнца бен.
Хьусайн, вела а воьлуш, чехкачу боларца шен нийсархошна т1евахара.
-1амийнарг т1еч1аг1деш, х1окху  предложенеш юкъара дешт1аьхьенаш схьалахий вай.
Ламеш т1ехь чубаханчу наха охьаехкина мачаш  1охкура.
Хазачунна  т1ехь сацийра цо шен б1аьрг.
Ялханна т1е исс тоьхча пхийтта хир ду.
Цунна юххе а вахана, цхьаъ элира Рамзана.
Предложенешкара –т1ехь, т1е, юххе – дешт1аьхьенаш ю.
-Абатан рог1ехь дешт1ахьенаш д1анисйийр ю вай:
(Арахь, бухахь, гонахь, дехьа, дуьхьал, дуьхьа, йисте, йистехь, к1ел, к1елахь, к1елхула, метта, сехьа, т1е, т1ехь, т1ехьа, т1аьхьа, т1ехула, улло, уллохь, уллора, хьокъехь, хьала, хьалхара, чу, чохь, юххехь, юххера, юкъа, юкъахь, юкъара).
Рог1ерчу урокехь вайна девзи г1оьналлин къамелан дакъа — дешт1аьхье а,дешан дакъа- дешхьалхе а. Иштта церан нийсаязъяран бакъонаш.
Ц1ахь: Дешт1аьхьенаш юкъа а ялош предложенеш х1иттае.
Цу т1ехь вай урок ерзор, шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Муса  Ахмадов «Нохчийн г1иллакх оьздангалла» 10-11 кл. Издательство. «Седа»2002ш.
Джамалханов З.Д. Чинхоева Т.Н.  «Нохчийн мотт»  10-11 кл. Москва «Русское слово» 2014ш.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» Издательство «Арфа-Пресс» 2010ш. 

Close
Яндекс.Метрика