Маршалла ду шуьга, хьомсара дешархой.
Д1айолор ю вешан рог1ера урок.
Дала бина къинхетам бу, тахана эвххьаза, дуьззина шен ненан маттах ала дош хилар, йиш хилар.
Вай байлахь дац, дозалла дан ненан мотт бу, и дебош цу т1ехь болх беш меттан 1илманчаш а, меттан хазалла, исбаьхьалла вайна йовзуьйтуш, шайн говзаршца, яздархой а бу.
Вайн урокан тема ю: Лексикологин маь1на. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.
Хьалха д1аяханчу урокашкахь 1амийнарг карладоккхур ду вай.
Омонимех, синонимех, антонимех лаьцна юьхьаьнцара кхетам вайн болуш бу.
Цо вайна г1о дийр ду лексикологин маь1на довза.
Омонимаш ,синонимаш ,антонимаш стенах олу хьовсур ду вай.
Меттан дерриге а дешнех лексика олу.
Масала:
Слайд:
коч, мотт, йовлакх, к1ади, лерг, лам, ов, нехча, ц1е, ча, раг1у, бепиг.
Алар а, яздар а цхьаъ а долуш, тайп-тайпана маь1наш долчу дешнех омонимаш олу.
Масала: не1 (ду) — бежанан ц1ока; некъ (ю) — чу-ара вала оьшуш йолу.
Алар а, яздар а тайп-тайпана долуш, гергара маь1наш долчу дешнех синонимаш олу.
Масала: йол, буц, докъар, цана, шовда, хьоста, к1улла.
Б1останехьа (дуьхьал) маь1наш долчу дешнех антонимаш олу.
Масала: лекха-лоха; тиша-керла; лакхахь-лахахь.
—Меттан дешнаш (лексика) 1амочу меттан 1илманан декъах лексикологи олу. Лексикологин дакъош ду:
1) семасиологи (семантика)
2) фразеологи
3) диалектологи
4) лексикографи
5) этимологи
-Дешнийн тайпанаш, церан маь1наш 1амочу лексикологин декъах семасиологи (я семантика) олу.
— Семасиологехь 1амайо омонимаш, синонимаш, антонимаш, архаизмаш, неологизмаш, историзмаш, деалектизмаш, терминаш и.д1.кх.а
— Синонимийн тайпанаш вуно дукха ду. Вай царех цхьадолу тайпанаш билгалдохур ду:
Маь1нийн башхаллашца къесточу синонимех маь1нийн синонимаш олу
Масала: говр, дин, кхел, алаша.
Маь1ница цхьа тайпа башхо йоцуш нислучу синонимех юьззина синонимаш олу.
Масала: кхаллар, бепиг; лингвист, языковед.
Шех фразеологически цхьанакхетар хуьлучу синонимех фразеологически синонимаш олу.
Масала: куьйгаш т1ехь лелаво (дика лелаво, дика кхобу).
Стилистически суртх1отторца къесточу синонимех стилистически синонимаш олу:
Масала: оба, барт; бат, муц1ар.
Морфологически билгалонашца къесточу синонимех морфологически синонимаш олу.
Масала: 1илманча, 1илманхо; белхахо, белхало.
Предложенин меженийн синтаксически билгалонашца къесточу синонимех синтаксически синонимаш олу.
Масала: екхна (сказуеми) — малх хьаьжна (подлежащи, сказуеми шиъ цхьаьна
нисло).
Морфологически а, синтаксически а синонимех грамматически синонимаш олу:
и ший тайпа юкъалоцу.
Текстехь нислучу синонимех текстови синонимаш олу.
Масала: Эсхаджие Якъуб 1илманан кхеташонехь вара.
Иза меттан 1илманча ву.
Маь1нашца а, стилистически суртх1отторца а къесточу синонимех лексически синонимаш олу.
-Дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах лексикографии олу.
-Нохчийн меттан дешнийн хазна дахарехь а, юкъараллехь халкъо а, литературехь, 1илманехь вайн дошамаша а ларъеш ю.
Дошам — (словарь) — меттан дешнаш, дешнийн хазна т1ехь йолу жайна ду. Масала: 1942-чу шарахь арахецна 8000 дош т1ехь долу Хь, Г.Гугиевн «Орфографически словарь». 1961-чу шарахь, 20000 дош т1ехь долуш арахецна А.Г.Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь». 1978-чу шарахь, 40000 дош т1ехь долуш, арахецна А.Г.Мациевн, А.Т.Карасаевн «Оьрсийн-нохчийн словарь». 1975-чу шарахь арахецна 10000 дош т1ехь долу И.Ю.Алироевн «Вайнехан меттанийн, диалектийн шакъаьстинчу дакъойн лексикан дустаран-дуьхьалх1отторан дошам». Дошамаш кхин а ю, царех лаьцна вай т1аьхо дуьйцур ду.
-Х1инца вай дуьйцур ду дешнийн маь1нех лаьцна.
-Дешнаш цхьа маь1на дерш хуьлу, дукха маь1на дерш хуьлу.
Масала:
лам, кад, бел-цхьа маь1на бен дац оцу дешнийн;
1) мотт-буьйцу мотт,
2) багара мотт, х1ургонан (ворданан) мотт; доьхкаран мотт; хьийзачу д1аьндарго лоцу мотт; мачин мотт; д1авуьжу мотт.
1амийнарг т1е а ч1аг1деш, д1аяздийр ду вай иштта дешнаш, шина б1ог1амалге а доькъуш.
Лам, нехча, раг1у, бепиг, ц1е,
ча, хьех, м1ара, мотт, лерг, ов,
коч, йовлакх, к1ади, кад.
— Т1едиллар нийса иштта хир ду:
Цхьа маь1на дерш:
коч, йовлакх, к1ади
лам, нехча, раг1у
кад, бепиг
масех маь1на дерш:
мотт, лерг, ов,
ц1е, ча, хьех, м1ара.
Масех маь1на долчу дешнийн маь1на даста. (барта-устно)
хьех — (диттан тайпа, акха газа, бердах яьккхина хьех — пещера)
лерг — (коьрта меже, дечиг-пондаран лерг)
ц1е — (кхерчара ц1е, стеган ц1е)
ча -(экха-зверь, к1а хьаькхча дуьсу ча— солома) — ишттачу дешнех масех маь1на долу дешнаш олу.
—Синонимаш даладе вай х1окху дешнашна:
Онда дег1 долу стаг — (зоьртала)
Оза, къена говр — (1аспар)
Ц1ен-къорза етт — (торг1ал)
Ма1аш йоцу етт — (дирша)
Ма1аш йолу газа — (кирша)
Кийра боьссина бала — (сингаттам, г1айг1а)
Къинхетам боцу стаг — (къиза, буьрса, дера)
_________________________________________________
Антонимаш далор ду вай х1окху дешнашна:
атаг1и, бертахь, гамо, дахар, каде.
Бертахь (согласно) — бертаза (насильно)
Гамо (вражда) — безам (любовь)
Дахар (жизнь) — 1ожалла (смерть)
Каде (ловкий) — партал (неуклюжий)
-Ялор вай омонимаш:
Н1аьна (ю) — борг1ал (петух), н1аьна (бу) — к1едачу лаьтта юкъахь бехаш а, ч1ерий дохучу м1ера т1е тосуш а йолу сагалмат;
дин (бу) — т1ехуу говр, дин (ду) — (ислам)
Вай х1инца къамел кхиош, кхета хала долчу дешнийн маь1наш къастош, цадевзарг довзуьйтуш, д1аяздийр ду.
Аркхо, бокказ, гоьза, гоьмукъ, динбухка, долма, жовх1ар, кхерч, туьдург, тутмакх-девзий вайна х1окху дешнийн маь1наш.
Иштта хир ду церан маь1наш:
аркхо — шнур для привешивания свадебной занавески, за которой стоит невеста;
бокказ — кожа;
гоьза — коновязь;
гоьмукъ — копье;
динбухка — ключица;
долма — голубцы;
жовх1ар — жемчуг;
кхерч — очаг;
туьдург — толкователь;
тутмакх — арестант, заключенный (человек, находящийся под стражей).
Х1окху урокехь вай шуьца дийцира лексикологин маь1нех лаьцна, карладехира омонимех, синонимех, антонимех лаьцна долу хаарш.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
Шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо
2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийнстуденташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.
3. Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.
4. Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо. 5. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.
6. Эдилов С.Э. « Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.
7. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.
8. Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.