Урокан 1алашо ю латтамех кхетамбалар, латтамаш муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу шуна хаийтар, довзийтар латтам хандашах бозуш  хилар, предложенешкахь латтам каро хаар.
Ненан маттаца бен ца хуьлу марзо
Ненан маттаца бен ца хуьлу барт а
Дика-вуон даг1ахь нохчийн керта-
Дерзадо и ненан  маттахь.
Доцца а, къегина а аьлла ду и дешнаш.
Ненан мотт а, г1иллакх оьздангалла а хеста йо оцу дешнашца автора Сейлмуханов Мусас.
Х1ора нохчочун дахарехь и ши х1ума шен  санна уггаре коьрта меттиг д1алоцуш хиларе сатуьйсу цо.
Дала мукъалахь  и марзо вай дагахь а, лелочу г1уллакхаца хилийта хьовсур ду.
Хьалха д1аяханчу урокашкахь вай 1амийра предложенин коьртаза меженаш-кхачам, къастам. Х1инца вайна  евзар ю кхин цхьа  коьртаза меже- латтам.
Латтам  оьрсийн  маттахь  обстоятельство бохург ду.
Стенах олу  латтам?
Латтамаша гойту дар, хилар  муьлхачу  хьолехь  кхочуш хуьлу :
маца? мичахь? х1ун 1алашо йолуш? х1унда? муха?
Шайн маь1нашка хьаьжжина  латтамаш  тайп-тайпана  хуьлу:
Даран суьртан – ( муха?) хаза яздо.
Бараман – ( мел? мичабарамехь?) дукха дуьйцу.
Хенан-  ( маца? мацале? маццалц? маца дуьйна?) сарахь, дийнахь.
Меттиган —  ( мича? мичахь? мичхьахула?  Мичара дуьйна?) кхузахь, рег1ахь.
Бахьанин – Бахьанин латам бахьанин куцдашах, бахьана гойтучу деепричастих а, лург дожаран  масдарх а хуьлу, ( х1унда? мича бахьница?)  шелонна,  йовхонна.
1алашонан- ( х1ун  дан?  стенан  дуьхьа? ) совг1атана,  безамана.
Бехкаман,  дуьхьалара ( муха? муьлхачу  бехкамца?)-  хаахь, хиънехь, хуур делахь, луъушехь. хуъушехь. 
Хьавас  йоза хаза  а, ц1ена а яздо. Яздо – муха? хаза а, ц1ена а. (даран  суьртан латтам).
Даран суьртан латтам хуьлу даран  суьртан куцдашах,  муха? бохучу хаттарна жоп  ло цо.
Сарахь со театре г1ур ву. Г1ур ву (маца?) сарахь,  хенан куцдашах хилла хенан латтам бу.
Нехан динара  хотталахь вуссу. вуссу  мичара ?- динара, вуссу мичахь?- хотталахь (меттиган латам).
Латтамаш муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу, хьовсур вай.
Предложенехь латтамаш  хуьлу ц1ердашах дешт1аьхьенаш йолуш а ,йоцуш а, масдарх а,  куцдашах а, деепричастих а, хандешан билгалзачу кепах  (инфинитивах) а.
Кхочушдийр ду вай цхьа т1едиллар. Лахахь яздина долу дешнаш х1окху таблици чохь д1анисде бакъонца.
Даран суьртан
Бараман
Хенан
Меттиган
Бахьанин,бехкаман
1алашонан
Дуьхьалара
Дика йийшира, чехка  яздо, дийцарх, аларх,меллаша  дуьйцу, хийлаза
дийцина,к1ез-к1езиг,ц1аста,мукъалла,шозза  ,стомара, хьастаг1а, жерахь,цигахь,сени чохь, шкафа чохь, веха волчохь, хазалла, жималла, хазахь, хезнехь, хезар  делахь.хьешан дуьхьа, совг1атана. хуъушехь, хетар  доллушехь
нийса жоп иштта хир ду:
даран суьртан
бараман
хенан
меттиган
бахьанин, бехкаман
1алашо
нан
дуьхьалара
дика йийшира, чехка яздо, меллаша дуьйцу
Хийлаза дийцина,
шозза, к1ез-к1езиг
стомара
хьаста-
г1а жерахь, ц1аста
цигахь,
сени чохь, шкафа чохь,
веха волчохь
хазалла,
мукъалла,
жималла, хазахь, хезнехь, хезарделахь
Хьешан дуьхьа, совг1атан
на
хуъушехь, хетар
доллушехь, дийцарх,
аларх
1амийнарг т1еч1аг1деш ,толлур ю вай предложенеш.
Хаттарш а х1иттош, билгал  бохур бу  латтамаш:
И даккхий 1ежаш тхан  бешахь  кхиънера,
Юьртарчу  маьждигехь до мехала  хьехарш.
Таллархо  хьуьнах  талла  вахара.
Шелонна  са  ца   тохалора  цуьнга.
Байн хьоькхучу махо г1ийла лестадора г1аш.
Болх иштта  кхочушбина хила беза:
И даккхий 1ежаш тхан бешахь кхиънера.(кхиънера мичахь?  бешахь-меттиган  латтам)
Юьртарчу маьждигехь до мехала  хьехарш.( мичахь? маьждигехь-меттиган латтам)
Таллархо хьуьнах талла вахара. (вахара х1ун  дан? талла-1алашонан латтам). Шелонна са  ца  тохалора цуьнга. (х1унда? шелонна- бахьанин латтам )
Байн хьоькхучу махо г1ийла лестадора г1аш. (лестадора муха? г1ийла –даран  суьртан  латтам).
Дешнаш т1ехь болх бийр бу вай:
Хьастаг1а—  недавно, жимма хан хьалха, дукха хан йоццуш.
Жерахь– хьалхехьо.
Мехала– значимый, ценный.  Урокан 1алашо ю латтамех кхетамбалар,
Х1окху урокехь вайн  аьтту  хили  латтамах долу хаарш  довза, уьш  тайп-тайпана  хуьлий а хии  вайна, уьш  муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало а, латтам хандашах бозуш  хилар, предложенешкахь латтам каро  а хии.
Ц1ахь бан болх лур  бу  шуна:
Х1окху дешнийн  цхьаьнакхетаршца  дийцар х1оттаде.
1аьнан мур, берийн ловзарш, лайн мижаргаш, шера ша,шийла мох, г1орийна хиш, ,чехка салазаш.
Таханлера урок цу т1ехь ерзор ю вай, 1одика йойла  шун.
 
Тесташ
1) Билгалъяккхакоьртаза меже:                                                                                    
а) Сказуеми
б) Хандош
в) Латтам
2) Ширделла дош къастаде: 
а) Ешап
б) Телевизор        
 в) Дошам
3) маца? мацале? маццалц? маца дуьйна – х1ара хаттарш:
а)меттиганлаттаман
б)дарансуьртанлаттам
в)хенанлаттаман
г)бахьанинлаттаман
4) Курачулулахочун х1уьттаренна, кхузахьйиллинахир ю г1ала. – Х1уьттаренна – бохулаттам:
а) меттиган
б)бахьанин
в) дарансуьртан
г)  1алашонан
5) Билгалбаккха коьрта меженаш бен йоцу мог1а:              
 а) Йо1,йиша,шийла          
 б)  Йоьшу,школа,исбаьхьа
 в)  Доьшу,дилха,во1
 
Урок кечйинарг: Дурдышева З.М.

Close
Яндекс.Метрика