Маршала ду шуьга, хьоме  дешархой!
Вайн урокан тема ю: Къастам.
Предложенин коьртаза меженаш ю: лач кхачам, къастам, латтам. Тахана дуйцур ду вай къастамах лаьцна.
Х1уманан билгало гойтучу предложенин коьртазчу меженах къастам олу. Цо х1окху хаттаршна жоп ло: муха? муьлха? мичара? мацалера? хьенан? стенан? (муьлха бохучу хаттаран маь1нехь):
Вайн Даймохк безалахъ, нанна бер санна, оьзда г1иллакх ларделахь, вайн дайша санна.
Къастам берта а, бертаза а хуьлу(согласованное, несогласованное):
Балха т1ехъ баккхий кхиамаш бохура  къинхьегаман бригадо.          
(муха кхиамаш?) баккхий кхиамаш- берта къастам;
(муьлхачу бригадо?) къинхьегаман бригадо — бертаза къастамаш.
Предложенехь дукхахьолахь къастам ц1ердашна хьалха хуьлу.
Къастамний, ц1ердашний юккъехь бартбаран уьйр елахь(дожарехь, я терахьехь,я классехь), берта къастам лору.
Масала: Бай т1ехь ловзуш кегий бераш дара.
Ас таханлера газета дийшира.
Къастамний,  ц1ердашний юккъехь урхаллин, т1етовжаран уьйр елахь — бертаза къастам лору
Масала: Тхуна гена йоццуш берийн беш ю.
              Сан лулахочо кибарчигийн ц1енош дина.
Къастам дукхахьолахъ х1окху къамелан дакъойх кхоллало:
1) билгалдашах: лекха лам, мерза 1аж, комаьрша стаг, 1аьржа б1аьргаш, болатан тур;
2) гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнех: xlapa дитт, д1opa стаг, дерриге а дуьне, сан дахар;
3) рог1аллин терахьдашах: шолг1а буьйса, пхоъалг1а сахьт;
4) хандешан билгалзачу кепах: сан деша лаам бу;
5) причастих: яздина кехат, леста г1а, воьлу к1ант;
6) причастин карчам: Шен меттахь ца аьлла дош хезна дац. (Кица)
Дийцинарг т1еч1аг1деш  т1едилларш  кхочушдийр ду вай.
Кху предложенехь къастамаш билгалбаха хьовсий вай.
Лекхачу попана мох ца эшна, дикачу к1антана  дош  ца эшна. (лекхачу,дикачу-берта къастамаш)
Аса туьканара аьчкан маьнга ийцира.(аьчкан -бертаза къастам)
Стеган амалех а,хьолах а уггар тоьлашха дерг нехан безам цуьнгахь хилар ду.(нехан -бертаза къастам)
Жимачу халкъо шен парг1атонехьа къуьйсура.(жимачу–берта къастам) Лоькху пондар дагна там беш бара.(лоькху-берта къастам)
Тахана урокехь вайна бевзи къастамаш ,хии уьш берта а, бертаза а хилар , иштта церан кхоллабалар а.
Кху т1ехь вешан рог1ера урок ерзор ю вай.
1одика йойла. Марша 1ойла.
 
 
                                                 Тест
1.Предложенин коьртаза  меженаш ю:
а) ц1ердош, куцдош, билгалдош
б) лач кхачам,  къастам, латтам
в) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам
 
2.Къастам хуьлу:
а) лааме, лаамаза
б) грамматически, логически
в) берта, бертаза
 
3.Къилбехьа лахлуш, генна  д1абахло къегина арц – бохучу  предложенехь  къегина боху дош ду:
а) латтам
б) кхачам
в) къастам
 
 
Пайдаэцна литература
1.  З.Д. Джамалханов, Т.М. Вагапова, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт 8-9 классашна. Соьлжа-г1ала ГУП «Книжное издательство» 2007г.
   2.Эдилов С.Э. Самукъане грамматика 5-11 классана дешаран пособиГрозный«Арфа-Пресс»    2010г.
    3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2012г.
 
    4.Эсхаджиев Я.У. «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор». Грозный
   «Альфа-Пресс» 2010г.
 
 
 
 
 
 
                              
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Урок №17. Къастам.
Маршала ду шуьга, хьоме  дешархой!
Вайн урокан тема ю: Къастам.
Предложенин коьртаза меженаш ю: лач кхачам, къастам, латтам.
Х1уманан билгало гойтучу предложенин коьртазчу меженах къастам (определение) олу. Цо х1окху хаттаршна жоп ло: муха? муьлха? мичара? мацалера? хьенан? стенан? (муьлха бохучу хаттаран маь1нехь):
 
Вайн Даймохк безалахъ, нанна бер санна, оьзда г1иллакх ларделахь, вайн дайша санна. (III. Л.)
 
Къастам берта а, бертаза а хуьлу(согласованное, несогласованное):
 
     Балха т1ехъ баккхий кхиамаш бохура  къинхьегаман бригадо.          
    (муха?) баккхий кхиамаш- берта къастам;
  (муьлхачу?) къинхьегаман бригадо — бертаза къастамаш.
 
Предложенехь дукхахьолахь къастам ц1ердашна хьалха хуьлу.
Къастамний, ц1ердашний юккъехь бартбаран уьйр елахь(дожарехь, я терахьехь, я классехь), берта къастам лору.
 
Масала: Бай т1ехь ловзуш кегий бераш дара.
              Ас таханлера газета дийшира.
 
 Къастамний,  ц1ердашний юккъехь урхаллин, т1етовжаран уьйр елахь — бертаза къастам лору
 
Масала: Тхуна гена йоццуш берийн беш ю.
              Сан лулахочо кибарчигийн ц1енош дина.
 
Къастам дукхахьолахъ х1окху къамелан дакъойх кхоллало:
 
1) билгалдашах: лекха лам, мерза 1аж, комаьрша стаг, 1аьржа б1аьргаш, болатан тур;
2) гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнех: xlapa дитт, д1opa стаг, дерриге а дуьне, сан дахар;
3) рог1аллин терахьдашах: шолг1а буьйса, пхоъалг1а сахьт;
4) хандешан билгалзачу кепах: сан деша лаам бу;
5) причастих: яздина кехат, леста г1а, воьлу к1ант;
6) причастин карчам: Шен меттахь ца аьлла дош хезна дац. (Кица)
Дийцинарг т1еч1аг1деш  т1едилларш  кхочушдийр ду вай.
Кху предложенехь къастамаш билгалбаха хьовсур  ду вай.
Лекхачу попана мох ца эшна, дикачу к1антана  дош  ца эшна.(Берта къастамаш)
                                        
 
 
                                                 Тест:
1.Предложенин коьртаза  меженаш ю:
а) ц1ердош, куцдош, билгалдош
б) лач кхачам,  къастам, латтам
в) подлежащи, сказуеми, нийса кхачам
 
2.Къастам хуьлу:
а) лааме, лаамаза
б) грамматически, логически
в) берта, бертаза
 
3.Къилбехьа лахлуш, генна  д1абахло къегина арц – бохучу  предложенехь  къегина боху дош ду:
а) латтам
б) кхачам
в) къастам
 
Пайдаэцна литература
1.  З.Д. Джамалханов, Т.М. Вагапова, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт 8-9 классашна. Соьлжа-г1ала ГУП «Книжное издательство» 2007г.
2.Эдилов С.Э. Самукъане грамматика 5-11 классана дешаран пособиГрозный«Арфа-Пресс»    2010г.
 
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала  2012г.
4.Эсхаджиев Я.У. «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор». Грозный  «Альфа-Пресс» 2010г.

Close
Яндекс.Метрика