Урок №14 Хандешан х1оттаман сказуеми

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой .
Рог1ерчу урокехь вай кхид1а а  дуьйцур ду хандашах лаьцна.
Урокан тема: хандешан х1оттаман сказуеми.
Хьалхарчу урокашкахь вай дийцира,  хандешан цхьалхе а, ц1еран х1оттаман а, сказуемих лаьцна. Сказуеми вайна ма  хаъара  дукхахьолахь хандашах хуьлу.
Деккъачу хандашах хилла сказуеми цхьалхе сказуеми ду.
Иза хуьлу билгалчу а, лааран а, т1едожоран а, бехкаман а саттамийн хандешнех.Ткъа ц1еран х1оттаман сказуеми ц1еран декъах а, г1оьнан хандешан х1оттамах а лаьтташ хуьлу.
Далор вай масалш:
Мадинина йиш лакха хаьа.
Жима к1ант велха волавелира .
Со сайн воккхачу  вешица урокаш ян кечло.
Вайна суьйре  шелъяла мега.
лакха хаьа, велха волавелира, ян кечло, шельяла мега —хандешан х1оттаман сказуеми ду.
Хандешан билгалзачу кепах инфинитив олу. Инфинитиваххий, муьлххачу а саттаман г1оьнан хандашаххий хиллачу сказуемих хандешан х1оттаман сказуеми олу. Цуьнан хаттарш ду:
Цуьнан хаттарш ду: х1ун дан лаьа? х1ун дан хаьа? х1ун дан юьйлира? х1ун дан кечвелира? х1ун дан волало? х1ун дан х1утту? х1ун дан вулу? х1ун хила дулу? х1ун дан кхуьу? х1ун дан г1ерта? х1ун дан хьожу? х1ун хила мега? х1ун хила тарло? масала:
еша лаьа, еша хаьа, еша йолало, еша хьожу, еша кечло, йохъяла мега, йохъяла тарло.
Хандешан х1оттаман сказуемин коьрта дакъа инфинитив ю, г1оьналлин дакъа г1оьнан хандош ду, х1унда аьлча инфинитиво сказуемин лексически коьрта  маь1на гойту, ткъа г1оьнан хандашо и маь1на гайта г1о а до, сказуемин грамматически маь1на а гойту. Масала:
Мохьмад  школе ваха кечвелира.
Баба  суна хаза туьйра дийца йолаелира.
Хандешан х1оттаман сказуемехь инфинитиваца цхьана лиэла тарло х1ара г1оьнан хандешнаш:
лаа, доло, тара, кечвала, х1отта, мага, хьажа, тардала, сихвала, ялла, эша, деза, кхиа, кхиаяла, масала: деша лаа, деша доладо, деша кхиало, яздан сихло, яздан деза иштта д1а кхин а.
1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса, лахахь ялийнчу предложенешкара сказуемин кеп билгалъеш:
1)хандешан цхьалхе сказуеми;
2)ц1еран х1оттаман сказуеми;
3)хандешан х1оттаман сказуеми.
Юрт-иза халкъ ду, ткъа серло-бакъдерг.
Бераш ч1ог1а самукъадаьлла ловзура .
Дуьненан хьал могушалла ю.
Суна цирке ваха лаьа.
Гурахь буьйсанаш еха хуьлу.
Воккха стаг хьекъале къамел дан волавелира.
Гурахь олхазарш бовхачу махка д1адахара.
Т1едиллар нийса иштта хир ду:
Юрт-иза халкъ ду, ткъа серло-бакъдерг. (ц1еран х1оттаман сказуеми).
Бераш ч1ог1а самукъадаьлла ловзура. (хандешан цхьалхе сказуеми)
Дуьненан хьал могушалла ю. (ц1еран х1оттаман сказуеми)
Суна цирке ваха лаьа. (хандешан х1оттаман сказуеми)
Гурахь буьйсанаш еха хуьлу. (ц1еран х1оттаман сказуеми)
Воккха стаг хьекъале къамел дан волавелира. (хандешан х1оттаман сказуеми)
Гурахь олхазарш бовхачу махка д1адахара.(хандешан цхьалхе сказуеми)
Тахана вайна девзира хандешан х1оттаман сказуеми,цуьнан хаттарш а, цуьнан коьрта дакъа инфинитив хилар а, иштта хандешан х1оттамца лела тарло г1оьналлин хандешнаш а девзи.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю.
Шун 1одика йойла марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика