Де дика хуьлда шун .
Нохчийн мотт сий — пусар а деш, ларар а, 1амор а, кхиор а вайна т1ехь ду тахана.
Вайн урокан тема » Дешан латтам (х1оттам), схьадевлла а, схьадовлаза а дешнаш» ю.
И тема юьхьанцарчу классашкахь дуьйна вай 1амийна а, евзаш а ю.
Тахана карладохур ду вай цунах долу хаарш.
Вовшех схьадевллачу дешнех гергара (я цхьана ораман ) дешнаш олу.
Масала: Деша- дешийта- дешар-дешархо, хьеха-хьехийта- хьехар-хьехархо.
Дешан латам-иза:
дешхьалхе
орам
суффикс
лард
чаккхе.
Гергарчу дешнийн лардан юкъарчу декъах орам олу.
Масала: дийца-дийцийта- дийцар- дийцархо (дийц-орам)
Орамна хьалха а лаьтташ, цунна керла маь1на лучу лардан декъах дешхьалхе олу.
Масала: вола -д1авола, чувола, т1евола, схьавола.
Орамна т1ехьа а лаьтташ,цунна керла маь1на лучу лардан декъах суффикс олу.
Масала: деш-ар-хо, вота-н-ча, теш-а –м-е-ниг, дийц-ар, дик-а-лл-а.
-Предложенехь дешнашна юккъе уьйр а тосуш, дешан хийцалучу декъах чаккхе олу.
Дешархо-дешархочуьнца; кор-корах.
Дешан хийцалуш долу дакъа д1адаьккхича, бухадуьсучу дешан декъах лард олу.
Масала: д1адешийтарца-д1а-дешхьалхе, деш-орам, ийт-а-р-суффикскаш, ца-чаккхе, д1адешийтар-лард.
-Дешнаш шина кепара хуьлу: схьадевлла а, схьадовлаза а.
-Кхечу дашах хилла доцчу дашах схьадалаза дош олу.
-Схьадовлазчу дешнийн орам а, лард а цхьаъ хуьлу.
Масала: Терк, хьер, лам, юрт, болх, тхьамда, пондар, ирс, шовда, товха.
-Кхечу дашах кхолладеллачу дашах схьадаьлла дош олу. Схьадевллачу дешнийн лард орамал йоккха хуьлу, цундела схьадевллачу дешнийн лард кхаа декъах лаьтта: орамах, дешхьалхенах, суффиксах, амма и дерриге а дакъош цхьана дашехь хила а, ца хила а тарло.
Масала: д1адешарца — д1а-дешхьалхе, деш-орам, ар-суффикс, ца –чаккхе, д1адешар-лард.
белхалочуьнца — белх-орам, -а -ло суффикс, чуьнца-чаккхе, белхало- лард.
-Цхьана дашехь ши суффикс а, ши дешхьалхе а хила тарло, масала:
д1ат1евахара, схьат1еведира, хаз -а -лл а, вота -н -ч а.
-Х1инца цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
-Х1ара дешнаш дукхаллин терахьехь муха яздо хьовсий вай:
говр, яздархо, сту, ков, хьал, г1аж, йийсар, бахам,
Кеп: Хьехам-хьехамаш.
говр — говраш
яздархо — яздархой
сту — стерчий
ков — кевнаш
хьал — хьелаш
г1аж — г1ожмаш
бахам-бахамаш
Дешан латтамах а , схьадевллачу дешнех 1амийнарг а карладаьккхи вай.
Дала нохчийн маттаца йолу уьйр ч1аг1йойла шун.
Вайн хилар маттаца доьзна дуйла хаа кхетам лойла шуна.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу.
Шун 1одикайойла марша 1ойла.