Урок №10. Доца шеконан мукъа аьзнаш: а, у, и. Ч1ог1а, к1еда, деха, доца, балдийн, балдийн доцу, мукъа аьзнаш

Маршалла  ду  шуьга,  хьоме  дешархой.
Де  дика  хуьлда  шун.
-Воккхаве  со  тахана,  ненан  мотт  безаш, цуьнца  долу  гергарло  хер ца  долуьйтуш,  шу  хиларна.
-Ненан  мотт  безаро а,  цуьнца  болчу  ларамо  а, алсамдоккхийла  вайн  1илманан  бешахь   заза.       
-Вайн  урокан  тема ю: Доца шеконан мукъа аьзнаш: а, у, и. Ч1ог1а, к1еда, деха, доца, балдийн, балдийн  доцу, мукъа  аьзнаш.
— Урокан  1алашо:  Ч1ог1а а, к1еда а, деха а, доцу  а, балдийн  а, балдийн  доцу а  мукъачу  аьзнех лаьцна кхетам  балар.     
-Мукъачу аьзнех  лаьцна  1амийна  хаарш  т1еч1аг1дар .   
 -Вайна  тахана  1емар ду:  мукъачу  аьзнийн  тайпанаш а,  цуьнан  билгалонаш а.
 
Шайн  г1оьнца  дешнийн  маь1на  къасточу къамелан  аьзнех   фонемаш олу. 
Масала: мохк, дохк, мерза, дерза, тарса, хьарса, серса.
 — Графико 1амадо  йозанехь  къамелан  аьзнаш  элпашца  билгалдар.
Аьзнийн тайпанаш декъало кху кепара:                          
Слайд:
Ч1ог1анаш:         а,       о,      у,      ю,      я
К1еданаш: аь, оь, уь, юь, яь
Доца мукъа аьзнаш: и,          уь,     юь
Деха мукъа аьзнаш:  ий, уьй, юьй
Масала: динахь –дийнахь; дуьлу-дуьйлу; юла-юьйлу
-Цхьадолчу  дешнашкахь  мукъа  аьзнаш  доца  а, деха а аларо цу дешнийн маь1на хуьйцуш хуьлу,
масала:
ваха – ваха, худар – худар, дoгla – дог1а.
Балдийнаш: о, оь, у, уь, уьй, ю, юь, юьй,
Балдийн доцурш: а, аь, и, ий, э, е, я, яь
-Балдаша дакъалацарца олуш долчу мукъачу
аьзнех балдийн мукъа аьзнаш олу.
-Балдаша дакъа ца лоцуш олуш долчу
мукъачу  аьзнех  балдийн доцу мукъа аьзнаш олу.
лата — латта
бага — бага
яха — яха
 
-Х1ара  далийна  дешнаш  юкъа  а  далош,  предложенеш  х1иттае.                              
Масала:
Нанас  суна  баганан дитт довзийтира.  (бага-сосна)
Бага эрна лиэяр жимачу стагехь товш дац.
Дас шен к1антана лата 1амийра.
Кегийрхоша кертара латта цхьатерра нисдеш аьхкира.
-Ч1ог1а, к1еда, деха, доца, балдийн, балдийн  доца,   мукъа а ,мукъаза  а  аьзнаш а девзи вайна. Мукъа  аьзнаш  деха  а,  доца  а  аларца  дешнийн маь1на хийцадалар а,  хии вайна.
 -Ирс, шен  меттан  беркатца ду аьлла  хета суна,тахана цунах  дог  лозуш,  цунах  пайдаоьцуш   адамаш  мел  ду ,вайн  мотт  бехар бу. Дахаро  цкъа  а  ма  къовлийла  цунна  т1е  доьлху  некъаш.
 -Цу т1е  а  доьг1на, суна язъян  луур  дара  нохчийн  халкъан  поэтан  Шайхи  Арсанукаевн  «Сий» стихотворении юкъара мог1анаш. (Шен доттаг1чунна  поэтана  Сулейманов Юсупна лерина).
Сий.
Бедар а, мегар ю, бехъелча йитта.
Тишъелча, эца а мегар ду кхин,
Амма, ахь, сий  бехдахь, йиш яц и дитта.
Карор дац дуьненчохь, и ц1андан хи.
-Поэта ма аллара, сий массо а х1уманал деза ду. Иза жимчохь дуьйна лардан а деза.
Ц1ахь «Меттан сий» темина лерина жима сочинени язъе.
-Кху т1ехь вайн  урок ерзор ю.
-1одика йойла, марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика