Кхул хьалхарчу урокехь вай дийцира билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.Х1окху урокехь вай хьовсур ду билгалдешнаш классашца хийцадалар муха хуьлу.
Хьалха 1амийнарг карладоккхур ду. Вайна ма хаъара нохчийн маттахь биъ классан гайтам бу:
Ву, ю, бу, ду, ву,
(Ву -в) (ю-йу-й)
(Ду-д) (бу-б)
Нохчийн маттахь грамматически класс кхоъ ю божарийн, зударийн, кхийолчу х1уманийн класс.
Хьовсур ду вай билгалдешнаш классашца муха хийцало.
Классашца хийцало:
Шайца классан гайтамаш болу мухаллин билгалдешнаш:
Масала:
Воккха
йоккха
доккха
боккха
Церан хийцадалар ц1ердешнака хаьжжина хуьлу.
масала:
Воккха хьаькам
йоккха йиша
боккха сту
доккха хи
Х1окху билгалдешнийн классан гайтамаш иштта хир бу
(ву-в) — бож.класс
(ю-йу-й) — зуд.класс
(бу-б) — кхийолчу.класс
(ду-д) — кхин.класс
Классашца ца хийцало:
1) Юкъаметтигаллин билгалдешнаш;
Масала:
Оршотан де, баьллийн мутт, б1арийн т1амарш.
Х1уманан бос, чам гойтуш долу билгалдешнаш а ца хийцало
Масала:
Можа зезаг, теза берам, баьццара аре, муьста шура;
Х1инца вай д1аяздийр ду иштта билгалдешнаш:
Екъа
Векъа
Декъа
Бекъа
Х1окху билгалдешнийн классан гайтам муха къастор бара вай?
И хаа вай царна юххе ц1ердешнаш х1итто деза
Масала:
Екъа г1ум
Векъа стаг
Декъа латта
Бекъа некъ
Х1инца вайна билгалбели оцу билгалдешнийн классан гайтам:
Екъа г1ум — (ю-йу-ю)
Векъа стаг — (ву-в)
Декъа латта — (ду-д)
Бекъа некъ — (бу-б)
Т1едиллар №1.
Ткъа х1инца предложенешна юкъара билгалдешнаш шайца цхьана уьйр йолчу ц1ердешнашций схьаязде. Церан классаш, терахьаш билгал а дохуш.
1аьржачу буса веанарг лохачу дег1ах, боккха корта болуш векъана стаг вара. Б1аьстенан дуьххьарчех долу де декхна дара. Т1аьххьара цхьана хин йисте кхечира воккха стаг.
Вай х1окху урокехь дийцира билгалдешнийн классашца хийцадаларх лаьцна,иштта карладаьккхира билгалдешнийн терахьашца хийцадалар а.
Ц1ахь бан болх:
1амийнарг т1еч1аг1деш, ц1ахь кхочушде т1едиллар:
Х1ара билгалдешнаш дукхаллин терахье даха,церан классан гайтам билгалбаккха;
Йоккха майда, г1алара хьаша, б1аьстенан зезаг, буткъа сара.
Вайн урок кху т1ехь чекхйолу. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.