Урок №11 Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар, суффиксаш

Вайн урокан ц1е ю: Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар, суффиксаш.
Вай дуьйцур ду мухаллин билгалдешнийн даржех лаьцна.
Хьовсал, бераш, корах ара.
Дала  делла хаза 1алам.
Сов хаза ду лекха лаьмнаш,
Дуста, х1ун ду хаза царал.
Х1окху мог1анашкахь билгалдешнаш муьлханаш ду?
Хаза, лекха – х1ара билгалдешнаш юьхьанцарчу даржехь лаьтташ ду.
Дарж — степень бохург ду оьрсийн маттахь.
Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллица ца юстучух юьхьанцара дарж олу.
Масала: жима, воккха, еха, йоца и.д1.кх.
Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллех  юстучух дустаран дарж олу.
Дустаран дарж кхоллало –о- бохучу суффиксан г1оьнца. Масала:
Хаза-хазо
Дика-дико
Чехка-чехко
Хазо йо1 лаха араваьллера иза.
Дико белхан меттиг езара цунна.
Чехко амал йолуш вара жима къонах.
Билгалдешнийн дарж шина дашах лаьтташ хила а тарло, масала:
инзаре хаза, т1ех дика, сов чехка.
Х1окху билгалдешнех  т1ехдаларан дарж олу.
Т1ехдаларан  дарж  кхоллалуш билгалдашна  хьалха х1уьтту: сов, т1ех, 1аламат, вуно, уггар — боху дешнаш.
Оьрсийн матте вай даьккхича — дустар-сравнение, т1ехдалар-превосходство бохург ду.
Масала:
Шийла буьйса – шийло буьйса – т1ех шийла буьйса,
Луьста хьун — луьсто хьун — вуно луьста хьун,
Лекха лам  – лекхо лам — 1аламат лекха лам.
Вай хьалха, ма-аллара т1ехдаларан  даржо гойту х1уманан   мухалла т1ех хилар. Хьовсур ду вай предложенешкахь уьш муха нисло. Масала:
Цхьогал ду котамийн уггар доккха мостаг1.  
Вуно жима хьоза дийкира тхан корехь.
Инзаре доккха маьждиг дина тхан юьртан коьртачу шахьарахь.
Т1едиллар №1.
Дустаран даржана буха цхьа сиз а, т1ехдаларан даржана буха ши сиз а хьакха.
Вуно шийла мох бара дарбелла хьийзаш.
1аламат хаза сурт дара цунна хьалха х1уьттург.
Д1ахьажча гуш бара лекхо берд.
Хьалххе еанчу б1аьстенан  довхо денош дара лаьтташ.
Т1едиллар №2
1амийнарг т1еч1аг1деш кхин цхьа т1едиллар кхочуш дийр ду вай.
Х1ара билгалдешнаш шайца долчу ц1ердешнашца цхьаьна дустаран а, т1ехдаларан а  дарже даха хьовса деза шу.
Мерза кхор —
Чехка говр —
Эсала йо1-
Лекха лам —
Хьоме дешархой, юха а билгадоккхур ду  вай  шуна хаийта —  дустаран даржо х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллица юсту. Т1ехдаларан даржо х1уманан мухалла лакхаялар, сов ялар гойту.
Вайна х1окху урокехь  девзи мухаллин билгалдешнийн даржаш.
Кху т1ехь вайн урок ерзор ю вай.1одика йойла шун, марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика