Урок №1. Къамелан дакъош, предложенин меженаш. 1амийнарг карладаккхар

аршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Вай урокан ц1е ю — къамелан дакъош, предложенин меженаш. 1амийнарг  карладаккхар.
Урокан 1алашо ю:  нохчийн маттахь долу къамелан дакъойх, предложенин меженех аша 1амийнарг карладаккхар.  Уьш вовшех къастор, церан грамматически билгалонаш шуна йовзийтар. Ткъа иштта, шуьца предложенин меженаш къастош болх бар.
Урок д1айолош цхьа жима дийцар доьшур ду вай.
Морфологи бохучу махкахь 1аш къамелан дакъош хилла. Цхьана дийнахь цара къоьвсина, муьлха къамел дакъа ду коьртаниг, муьлха къамелан  дакъа хила деза Морфологи бохучу махкахь Паччахь.
Ц1ердашо аьлла:
— Со коьрта къамел дакъа ду. Сан дешнаша х1ума билгалйо, а шу  сан билгалонаш а, дар я хилар а ду. Ткъа дешт1аьхьенаш-м хумма билгал а ца йо.
— Со доцуш хила хьажал!-халахетта Хандашна. — Со дацахьара  муха эр дара ахьа Б1аьсте а еана, малх а кхетта?
-Сан дешнаш а ч1ог1а оьшуш ду, — аьлла билгалдашо. — Со дацахьара  муха эр дара ахьа,сийна стигал, к1орга хи?
— А со дацахьара, -аьлла дешт1аьхьено,- предложени шуьга х1отталур а яцара.
Моьттурдац!- дуьхьал даьлла Ц1ердош.- Х1уманан билгало, х1уманан дар я хилар! Муха шу хийцало? Хьо, билгалдош,со лаьттачу дожарехь, терахьехь, классехь лаьтта. Ткъа хьо, хандош, ас аьллачу х1уманийн  дар я хилар гойтуш 1а. Цундела Морфологин Паччахь со хила деза — Ц1ердош!
Дуккха а  къийсалуш 1ийна уьш, коьртаниг къастош. Цхьа барт ца хила цера.
Хьоме дешархой, вай х1окху урокехь царна г1о дийр ду церан къовсамехь. Жоп лур ду, муьха къамел дакъа ду коьртаниг  морфологехь.
Муьлха къамелан дакъош девза вайна? Дагадаийтий вай?
5-чу классехь вай дийцира къамелан дакъош:
Ц1ердош, Билгалдош, Ц1ерметдош, Терахьдош, Хандош.
Нохчийн маттахь, дерриге а дагардича итт къамелан дакъа ду.
Коьрта — 6 къамел дакъа: Ц1ердош – имя существительное, Билгалдош – имя прилагательное, Терахьдош   – имя числительное, Ц1ерметдош – местоимение, Куцдош  – наречие, Хандош – глагол
Г1уллакхан къамелан дакъош – 3 ду: Дешт1аьхье, Хуттург, Дакъалг
Кхин цхьа къамелан дакъа а ду, коьрта я г1уллакхан а доцуш, ша лаьтташ — цунах айдардош олу (оьрсийн маттахь междометие).
 
                                   Къамелан дакъош  (части речи)
 
Ц1ердош   –    имя существительное.
Билгалдош   – имя прилагательное.
Терахьдош   – имя числительное
Ц1ерметдош – местоимение.                      Коьрта къамелан дакъош
Куцдош    –     наречие.
Хандош    –     глагол.


Дешт1аьхье —  предлоги
Хуттург    —    союз                                 Г1уллакхан къамелан
Дакъалг —   частица.
 
 Айдардош —    междометие
 
Х1ора къамелан декъан ю шеен-шен морфологически а, синтаксически а
бигалонаш. Масалш а далош хьовсур ду вай.
I. Х1ума билалъечу къамелан декъах ц1ердош олу. Цо жоп ло Х1ун? Мила?   
Муьлш? бохучу хаттаршна, масала: некъ, говр, к1ант, белхало, лаьмнаш.
Слайд
Вайна ма-хаъара, ц1ердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало.
Предложенехь ц1ердош, шен маь1не хаьжжина, подлежащи, кхачам, латтам,   къастам, т1едерзар хила тарло.
Масала:
1. Барзо узарш ца до.
Барзо — ц1ердош, подлежащи. Узарш— ц1ердош,  нийса кхачам.
2. Асхьаб хьуьжаре деша вахна.
Хьуьжаре — ц1ердош,  латтам.
3. Хеда, хьо хьуьжаре йог1ий?
Хеда — ц1ердош, т1едерзар.
4. Х1уманан билгало а гойтуш,  муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна жоп а луш долчу къамелан декъах  билгалдош олу.
К1айн коч, юккъера кор, вешин к1ант, стохкалера шо.
Билгалдешан ц1ердашца уьйр хуьлу:
Масала: лекха лам,1аьржа мархаш,  лулахойн керт.
Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало:
Масала: доккха ц1а-даккхий ц1енош, доккха дитт — даккхий дитташ.
Дукха хьолахь билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела, амма шен маь1не хьаьжжина подлежащи, кхачам, т1едерзар а хуьлу.
Бацалахь лепара бес-бесара зезагаш. (бес-бесара — къастам)
Царалахь воккханиг тхуна т1евеара.  (воккханиг — подлежащи).
Тайнигех жиманиг къастийра Маликас. (жиманиг — кхачам бу).
Хьомениг, хьо х1ун лелош вара ехачу аьхка? (Хьомениг — т1едерзар ду).
Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
Терахьдашо маса? масалг1а? бохучу хаттаршна жоп ло.
 (исс, итт, шолг1а,  пхуьйтталг1а).
Умидатан берх1итталг1а шо ду.
Ц1ЕРМЕТДОШ  – КЪАМЕЛАН ДАКЪА ДУ.
Ц1ердашан, билгалдешан, терахьдешан метта лелачу  къамелан декъах Ц1ерметдешнаш олу.
Х1етахь со жима вара. Делахь а, суна дагадог1у дерриг а.
Хьалхарчу предложенера ц1ерметдош – со, шолг1ачу предложенехь суна.
Уггар доккха къамелан дакъа хандош ду. Дикачу белхалочо санна, 24 сахьта чохь болх бо цо. Оцу къамелан декъо х1уманан дар я хилар гойту.
Хандашо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу? и.д1.кх. бохучу хаттаршна.
Яздо, доьшу, хьоьжу, шелъяла, йохъяла, шелло, доьшу, сахуьлу.
Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лела.
Коьртачу къамелан дакъойх кхин цхьа къамелан дакъа а ду вай хьахо дезаш. Иза куцдош ду.
Куцдош йоккхачу стагах тера ду ала мегар ду, х1унда аьлча  цо хоьтту Муха? Маца? Мичахь?  Х1унда? Х1ун 1алашо йолуш?
Масала:
Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.
Дуьйг1ира  (маца?) гурахь. – Куцдош, латтам.
Вай  хьалха ма-аллара, нохчийн маттахь, г1уллакхан къамелан дакъош а ду.
Царах лаьцна вай т1ейог1учу хенахь 1амор ду.
Уьш  кхоъ ду:  дешт1аьхье, хуттург,  дакъалг.
Г1уллакхан къамелан дакъоша дар я хилар а ца гойту, х1ума билгал  а ца йо, х1уманан билгало а ца гойту, масалла я рог1алла а ца гойту, предложенин меженаш а ца хуьлу.
Дешт1аьхьено — Ц1ердешан, Билгалдешан, Терахьдешан, Ц1ерметдешан кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойту.
(Класс чохь, стоьла к1ел)
Хуттурго — Предложенин меженаш я предложенин  дакъош вовшахтосу.
(Султана мохь беттара, амма цхьа а гучу волуш вацара)
Дакъалг — дешнашна я дийначу предложенешна тайп-тайпана маь1на ло.
(Вахарий техьа Супьян эсий дажо?)
Кхин цхьа къамелан дакъа ду нохчийн маттахь — айдардош.
Х1уманан я г1уллакхан хаадалар хазахетарца, инзарваларца, азтардарца, кхайкхарца билгалдечу дешнех айдардош олу.
Масала:
Эх1, ма тамашийна г1уллакх ду-кх х1ара! Ой, х1инца баккъал дешна а ваьлла, ц1а веана-кх хьо!
Хьоме дешархой! Вайна ма-гарра Морфологи бохучу пачхьалкхехь Паччахь хуьлийла дац, х1унда аьлча, массо къамелан дакъа вовшашца доьзна ду. Вовшашна г1оьнна д1ах1иттина ду. Цхьаъ юкъара д1адаьккхича Пачхьалкх юхур ю. Цундела уьш х1ора а вайн маттахь ч1ог1а оьшуш а, мехала а ду. Вай 6-чу классехь царах долу хаарш шордеш, дуккха а керла х1уманаш а довзуьйтуш болх бийр бу шуьца.
Х1инца вай карладохур ду предложенин меженех долу хаарш.
Вайна ма хаара нохчийн маттахь предложенин  меженаш екъало  шина тобане: коьрта а, коьртаза а. Подлежащи, сказуеми, коьрта меженаш ю. Кхачам, латтам, къастам коьртаза меженаш ю.
Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах подлежащи олу.
Арахь схьакхетта бовха малх.
(Малх подлежащи ду, сказуемино малхах лаьцна дуьйцу).
Подлежащина буха цхьа сиз хьокху. (    ______   )
Предложенехь подлежащех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах сказуеми олу.
Цо жоп ло цо  (х1ун до? х1ун хуьлу? х1ун дийр ду?) иштта кхин д1а а долчу хаттаршна.
Масала:
Гурахь олхазарш бовхачу махка д1адоьлху.
(х1ун до? — д1адоьлху – сказуеми, д1адоьлху (х1ун?) — олхазарш). Подлежащих лаьцна дуьйцу.
Сказуемина к1ел ши сиз хьокху. 
Кхачамах лаьцна дийцале вайна хаа деза, кхачам шина кепара хилар: нийса кхачам, лач кхачам
Ц1ерниг дожар нийса дожар долун дела, дар я хилар шена  т1еузуш болчу кхачамах нийса кхачам олу. Цо ц1ерниг дожаран хаттаршна жоп ло  Мила? Муьлш? Х1ун? Нийса кхачам хаьдда сиз хьакхарца билгалбоккху.
Масала:
Эсета хаза бедарш тоьгу.
(Эсета  тоьгу (х1ун?) бедарш).
Лач дожарийн хаттаршна жоп а луш, предложенийн меженашна юккъера тайп-тайпана уьйраш а гойтуш болчу кхачамах лач кхачам олу.
Лач кхачаман хаттарш: Хьаьнга? Стенга? Хьанна? Стенна? Хьанах? Стенах? Хьанал? Стенал?
Лач кхачаман к1ела а хаьдда сиз хьокху.
Дешархоша яздархочуьнга хьошалг1а кхайкхира.
Кхайкхира (хьаьнга?) яздархочуьнга – лач кхачам.
Предложенехь х1уманан билгало гойтучу коьртазчу меженах къастам олу.
Цо хаттаршна жоп ло: Муха? Муьлха? Мичара? Хьенан? Стенан? Мацалера?
Предложенехь дукхахьолахь къастам ц1ердашна хьалха хуьлу. Далор ду вай масалш.
Бацалахь лепа ц1ен а, можа а, сийна а зезагаш.
Х1ун до? – лепа (сказуеми ду), лепа х1ун? – зезагаш (подлежащи)
Лепа муха зезагаш?- ц1ен а, можа а, сийна а (х1орш къастамаш бу)
 
Г1уллакх маца, мичахь, муха я мича кепара, мича 1алашонца, х1унда я мича бахьаница хуьлу гойтучу коьртазчу меженах ЛАТТАМ олу.
Цундела латтамна х1итто тарло х1ара хаттарш: Маца? Мичахь? Муха? Стенга? Х1унда? Мича бахьаница? Мича 1алашонца? Предложенехь латтам хаьдда сиз-т1адам хьакхарца билгалбоккху. Масалш далор ду вай.
 
Бераш школехь дика доьшуш ду. (доьшуш ду муха? – дика- латтам).
Тулг1енашца мохь бетташ, доьдура Орга.
Муха доьдура Орга?- Тулг1енашца мохь бетташ.
Х1инца х1окху урокехь вай дийцинарг т1еч1аг1деш,  ц1ахь кхочушдан хьовса иштта т1едиллар. Д1а а язъяй синтаксически къастае х1ара предложенеш:
1. Мохьмад ялхалг1ачу классехь доьшуш вара.
2. Акхаройн лараш карийра таллархошна.
3. Д1абели т1ом.
4. Б1аьсте.
5. Бацалахь тайп-тайпана зезагаш лепа
6. Хилдехьа вехаш вара хуьнан хехо.
7. Ц1ехххьана чехка мох белира.
8. Охьаоьгу даккхийра лайн чимаш.
9. Чекхъели йовха, екхна аьхке.
10. Сахуьлуш дог1а тийра.
11. Машар массарна а беза.
Кху т1ехь вайн урок ерзор ю вай. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика