Урок №47 Ц1ердешнийн грамматически классаш

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Вай  урокан тема ю: Ц1ердешнийн грамматически классаш.
Х1окху урокехь шуна хуур ду, ц1ердешнийн маса  грамматически класс ю, уьш муха къастайо а.
Цкъа хьалха, 1амийнарг карладоккхуш, х1ара ц1ердешнаш дукхаллин терахье  х1иттор ду вай.
мотт — меттанаш
коч  — кучамаш
х1оз — х1азарш
нана — наной
т1ум — т1амарш
Нохчийн маттахь биъ классан гайтам бу: ву, бу, ду, ю.
Масала:
к1ант — воккха к1ант (ву-в)
зуда — йоккха зуда (ю-йу-й)
дитт — доккха дитт (ду-д)
уьстаг1 — боккха уьстаг1 (бу-б)
Х1окху гайтамашка (в, б, д, й) хьаьжжина ц1ердешнийн грамматически классаш къастайо.
Нохчийн маттахь грамматически класс кхоъ ю: божарийн, зударийн, кхийолчу х1уманийн. Уьш къастайо ц1ердашна улло хандешан х1оттам билларца – ву, бу, ду, ю. 
Хьовса  таблице:   

Божар. кл.
  Зудар. кл.
          Кхийолчу х1уманийн класс
                                 Классан гайтам
Цхьаллин терахь
    ву
    ю
    ю
    ду
    бу
    бу
Масалш
   к1ант
   нана
   книга
   кор
   доьзал
  уьстаг1
Дукхаллин  терахь
    бу
    бу
    ю
    ду
    бу
    ду
Масалш
   к1ентий
   наной
   книгаш
   кораш
  доьзалаш
 уьстаг1ий
Х1окху таблицехь ма-гарра, божарийн класс ю (цхьаллин терахьехь классан гайтам- ву, дукхаллин терахьехь-бу), масала: к1ант ву, к1ентий бу;
зударийн класс ю (цхьаллин терахьехь классан гайтам-ю, дукхаллин терахьехь классан гайтам-бу), масала: нана ю, наной бу;
кхийолчу х1уманийн класс а ю. Шен рог1ехь кхийолчу х1уманийн класс кхин еа классе екъало: 
ю-ю, масала: книга ю, книгаш ю; 
ду-ду, масала: кор ду, кораш ду.
бу-бу, масала: доьзал бу, доьзалаш бу;
бу-ду, масала: уьстаг1 бу, уьстаг1ий ду;
Таблицех пайда а оьцуш, х1ара ц1ердешнаш муьлха классан юкъадог1у хьовса:
Деваша, дейиша, йо1, да, ч1ег1ардиг, ц1а,  сом, 1ахар, т1ам, г1аз, мас, некъ. 
Классашкахь уьш  иштта д1анисдан деза вай:
Деваша — божарийн класс ю; 
Дейиша — зударийн класс ю;
Ткъа ч1ег1ардиг, ц1а, сом, 1ахар, т1ам, г1аз, мас, некъ — кхийолчу х1уманийн классашна юкъадог1у.
Вайн маттахь цхьадолу ц1ердешнаш юкъарчу классехь лелаш хуьлу. Масала:
хьехархо     ву          хьехархо     ю
дешархо      ву          дешархо      ю
лор              ву          лор             ю
яздархо       ву         яздархо       ю
Х1ара ц1ердешнаш божарийн а, зударийн а  классашкахь лела, цундела иштта ц1ердешнаш  юкъара класс лору.
Муьлхха а говзалла билгалъеш долу ц1ердош юкъарчу класса чу дог1у.
Х1инца х1окху стихотворенехь юкъара класса чу дог1у ц1ердешнаш  карадой  хьовса
Ломах ваьлла хьоме хьаша,
Марша ва хьо дела1!
Хазчу хенахь лелла генахь,
Хьо мичара вели?
Хьаша — тешам, эшахь-г1ортор,
Хьуна аьтто бай тхо-м,
Зенах, зуламах  хьешан корта
Ларбеш лелла дай а. 
Х1окху стихотворенехь юкъарчу класса чу дог1у цхьа ц1ердош ду — хьаша (хьаша ву, хьаша ю, шина а классехь лела иза).
Тахана вай урокехь 1амийнарг ц1ахь карладаккха, юкъарчу классан ц1ердешнаш юккъахь долуш 4 предложени х1оттае.
Кху т1ехь вайн урок чекх йолу. 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Амерханова Бирлант Шарпудиновна
Алиханова Малика Лечаевна

Close