Урок №42 Дешхьалхе. Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш

Вайн урокан тема —  «Дешхьалхе. Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш» ю. Шуна 1амийна, хууш  хила деза дешхьалхе дешан дакъа дуй.  
Орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маь1на  луш долчу  дешан декъах  дешхьалхе олу.  
Дешхьалхе гуттар а ойла еш ю, дешан маь1на дика довзийтарехь г1о муха дийр дара  те ша, бохуш. Дешхьалхе  т1екхетча, дешан маь1нин тайп-тайпана аг1онаш  къаьста. Хьовсал шу,»ваха» бохучу дашна т1е  д1а-, охьа-, чу- дешхьалхенаш кхетча, х1ун хуьлу.    
Д1а + ваха — д1аваха (Адам кхузара  1уьйранна д1аваха ваьлла.)
Охьа + ваха– охьаваха (Иза ломара г1ала охьаваха.)
Чу + ваха- чуваха  (Со хьалххе  чуваха воллу.)
Д1а,  охьа, чу — дешхьалхенаш ю, церан г1оьнца»ваха» бохучу дашах керла дешнаш кхоллало 
Ткъа х1инца хьовсур ду вай эца, ведира бохучу хандешнех дешхьалхенийн г1оьнца  дешнаш кхолла.
Масала:
Эца — д1аэца. схьаэца, охьаэца, чуэца, т1еэца, араэца.
Ведира — д1аведира, т1еведира, схьаведира, чуведира, охьаведира, хьалаведира.
Кхузахь вайна го  х1ора а дешхьалхено дашна керла  маь1на луш хилар.
Ткъа х1инца хьовса, муха язйо дешхьалхе дешнашца.
араваьлла                
ара ца ваьлла                
ара ма ваьлла            
ара а ваьлла
д1аведда                
д1а ца ведда                
д1а ма ведда            
д1а а ведда
схьавог1у                
схьа ца вог1у                
схьа ма  вог1у            
схьа а вог1у
Дешхьалхе дешнашца цхьаьна язйо, ткъа  нагахь дешхьалхенний, орамний юккъехь дакъалгаш  ца, ма, хуттург  а нислахь, дешхьалхе къаьстина язйо.
Кхечу дашах цакхолладеллачух  схьадалаза дош олу.
Масала: ала, пондар, зурма, хьеха, да, ваша
Дешхьалхенан я суффиксан г1оьнца, я дешнаш вовшахкхетарца кхолладеллачух  схьадаьлла дош олу.
Масала: Ала-д1аала (дешхьалхе -д1а т1екхетарца керла дош д1аала кхолладелла,иза  ала бохучу дашах схьадаьлла ду); х1ун? — пондар, мила ? –пондарча — х1ара дош схьадаьлла пондар бохучу дашна т1е суффикс -ч кхетарца; х1ун?- зурма, мила?-зурманча — х1ара дош зурма бохучу дашах схьадаьлла т1е  суффикс нч- кхетарца; х1ун дан? — хьеха, х1ун? – хьехар — х1ара дош хьеха бохучу дашах схьадаьлла суффикс –р- т1екхетарца, хьенан? — ден, мила? — ваша –  мила? — деваша, х1ара шина дашах схьадаьлла.
Вайна ма-гарра, х1ара дешнаш схьадевлла дешнаш ду. 
Урокан темех шу муха кхетта  хьовсуш,  т1едиллар кхочушдийр ду вай х1инца.  Далийначу дешнех тайп-тайпанчу  дешхьалхенийн г1оьнца керла дешнаш кхолла:
Тохар
Кхетта
Кхоьссира
Ткъа х1инца талла шаьш бина болх.
Тохар — д1атохар, охьатохар, схьатохар, т1етохар, чутохар, аратохар.
Кхетта — д1акхетта, охьакхетта, схьакхетта, т1екхетта, чукхетта, аракхетта, хьалакхетта.
Кхоьссира — д1акхоьссира, охьакхоьссира, схьакхоьссира, т1екхоьссира, чукхоьссира, аракхоьссира, хьалакхоьссира, дехьакхоьссира, сехьакхоьссира. 
Вай урокехь дийцинарг т1е а ч1аг1деш, ц1ахь мохк, дийца, талла, аса, мангал- дешнех керла дешнаш кхолла.
Вайн урок  чекхъели.
Урок кечйинарш:
Эльбиева Луиза  Сайд-Алиевна
Юсаева Зарина Имрановна

Close