Урок №26 Элпаш Е, Ё, Ю, ЮЬ, Я, ЯЬ нийсаяздар

Вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.  Х1окху урокехь дуьйцур ду элпаш Е, Ё, Ю, ЮЬ, Я, ЯЬ нийсаяздарх лаьцна.
Къамелан аьзнаш элпашца билгалдоху. Цхьадолчу дешнашкахь аьзнаш  элпел сов хуьлу, элпаш аьзнел сов хила а тарло.
Вайн нохчийн абат юкъахь 15 мукъа элп ду:
А, АЬ, Е, Ё, И, О, ОЬ, У, УЬ, Э, Ы, Ю, ЮЬ, Я, ЯЬ.
Царна юккъахь ялх элп ду шишша аз билгалдеш:
е[йэ], ё[йо], ю[йу], юь[йуь], я[йа], яь[йаь]. 
Нагахь санна А, АЬ, У, УЬ, Э аьзнашна хьалха Й нислахь, ши элп ца яздеш, даима цхьа элп яздо (Я, ЯЬ, Ю, ЮЬ, Е).
Масала:
Яха-[йа]ха, д1аяха-д1а[йа]ха, яьгна-[йаь]гна, чуяьлла-чу[йаь]лла, юсту-[йу]сту, т1еюзу-т1е[йу]зу, юьлу-[йуь]лу, чуюьллу-чу[йуь]ллу, чекхъюьйлу-чекхъ[йуь]йлу, еди-[йэ]ди, д1аеди-д1а[йэ]ди, яхъели-[йа]хъ[йэ]ли.
Е элп, дукха хьолахь, мукъазчу элпана т1ехьа нисло.
Масала:
селхана, леци, сецира, тешийра, ведира, бепиг, меттиг, хелиг, хьекъал.
Ё элп т1еэцначу дешнашкахь бен  ца яздо, ткъа вайн  меттан дешнашкахь олуш  ма-хаззара, йо яздо. 
Масала:
Йорг1а, йома, йочана, йоза, йовхо, йог1у, йовлакх.

1амийнарг т1еч1аг1деш, х1ара белхаш кхочушде.
1. Дешнашкахь маса аз, маса элп ду хьовсур ду вай.
еха
юьстаха
юста
екхаяла
яьржина
чуяхка
еха — 3 элп 4аз
юьстаха — 6 элп, 7аз
юста — 4 элп,5аз
екхаяла — 6 элп, 8аз
яьржина — 6 элп,7аз
чуяхка — 6 элп, 7 аз.
2. Х1ара  дешнашнаш нийса д1аязде: 
Йэха, ёчана, йаьшка, ёза, йуьлу, йазйина, йаьстина, д1айахна, д1айэлла,йэша.
И дешнаш нийсаяздаран бакъонца  иштта яздан деза:
Еха, йочана, яьшка, йоза, юьлу, язйина, яьстина, д1аяхна, д1аелла, еша.
Вай тахана дийцира е, ё, ю, юь, я, яь элпех лаьцна. Дагахь  латтае церан нийсаяздаран бакъонаш.
1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Тепсуева Малижа Мусаевна
Яралиев Юсуп Сардал-Алиевич
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close
Яндекс.Метрика