Урок №25 Шалха элпаш.

Вайн урокан тема ю: Шалха элпаш.
Кхул хьалхарчу урокехь вай дийцира  шала элпех лаьцна.
Дагадаийтий вай царех 1амийнарг?
Юх-юххе нисделлачу цхьатера долчу мукъазчу шина элпах шала элпаш олу, масала: 
Г1иллакх, лоппаг, х1уттут, кхаллар, даьтта, хьошалла.
Шина хьаьрках кхолладеллачу элпах шалха элп олу.
Вайн маттахь шалха элп 15 ду. Уьш мукъа а, мукъаза а ду.
Мукъа элп 5 ду: аь, оь, уь, юь, яь. 
Мукъаза элп 10 ду: г1, кх, къ, к1, п1, т1, хь, х1, ц1, ч1. 
Йозанехь шалха мукъаза ши элп юх-юххе нисделча, хьалхарчун шолг1а хьаьрк ца язйо, шолг1а шалха элп дуьззина яздо. Масала:
Баккъаш, баххьаш, даккъаш, кхоккха, г1еххьа, т1етт1а, дуьххьара, еккъа, могг1ара.
Х1инца х1ара текст д1а а ешна, шалха элпаш долу дешнаш схьакъастор ду вай.
Цхьана г1амаран аренца д1авоьдуш хилла стаг. Иза юхахьожуш а ца хилла. Стеган 1едал а дац, ша новкъа воьдуш, юхахьожуш. Г1амарла бахна 1ачу лаьхьана гина иза. Стагана т1ехьашха т1екхетта, д1овш тоха т1аьхьатекхна лаьхьа. Амма, цуо шен 1алашо кхочушъян д1аьвше мотт арабоккхушехь, т1екхетта, шен ира з1ок тоьхна, лаьхьанан меттан юкъ схьалаьцна и дерриг а гуш долчу ч1ег1ардиго. Х1етахь дуьйна бу боху лаьхьанан мотт шалха. 
                                                           / Яшуркаев С./
Х1окху текстехь шалха элпаш долу дешнаш х1орш ду: 
Цхьана, г1амаран, д1авоьдуш, юхахьожуш, новкъа, воьдуш, юхахьожуш, г1амарла, лаьхьана, т1ехьашха, т1екхетта, т1аьхьатекхна, лаьхьа, кхочушъян, д1аьвше, арабоккхушехь, т1екхетта, тоьхна, лаьхьанан, юкъ, схьалаьцна, ч1ег1ардиго, х1етахь, дуьйна, лаьхьанан.
Кхочушдийр ду вай рог1ера т1едиллар: х1окху дешнашкахь шалха мукъа элпаш цхьа сиз, шалха мукъазнаш ши сиз хьокхуш, билгалдаха.  
1уьйре, оьпа, ч1ара, м1ара, п1елг, пхьарс, аьшкал, г1айг1а, х1аваъ, ц1е, дукъо, дезткъа, юткъа
1амийнарг ц1ахь карладаккха, 5-чу классан нохчийн меттан учебник т1ера 29-г1а бакъо еша, кхочушде 144-г1а шардар.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Шун 1одика йойла! Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Ибрагимова Сацита Увайсовна
Хумакиева Зара Хасмагомедовна

Close
Яндекс.Метрика