Урок №24 Шала мукъаза элпаш.

Маршалла ду шуьга, дешархой 
Таханлерчу вайн урокан ц1е ю: Шала мукъаза элпаш.
Шала бохург – цхьатерра долу мукъаза ши элп юх-юххе нисдалар ду. Оьрсийн маттахь аьлча удвоенные согласные. 
Цхьадолчу дешнийн чаккхенга ц1ерниг дожарехь шала мукъаза элпаш яздо, нагахь и дош хийцича, аз шалха долуш делахь.
Масала: 
Бутт — беттан, батто 
Мотт – меттан, матто 
Дитт – диттан, дитто 
Бат — бетан, бето 
Бос – бесан, басо 
Хас — хесан, хесо
Дешнийн орамехь а  шала мукъаза элпаш яздо, и дош олуш аз шалха хезаш делахь.
Масала:
Иччархо, кхаллар, таллархо, даьтта, латта, хаттар, илли, дикалла.
Мамакаев Мохьмада язйина стихотворени т1ера мог1анаш д1а а яздеш, т1адамийн метта дог1уш долу элпаш яздан деза.
Бера…ехь, 1аьржачу къайлешкахь
Х1и…инарш ц1анонца ли…ина-
Вог1у со кху жайнин некъашца,
Заманан г1и…акхца х1оь…ина.
Кху лаь…о садоь1уш гулъе…а,
Г1ев…инчу ойланийн г1арол бен
Вац со кхин, до…аг1а, назманча,
Цундела кхин д1а со ма айве. 
(Мамакаев М.А.)
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Дешнаш нийса д1аяздан деза аш, цул т1аьхьа шала элпаш дерш цхьана б1ог1амалге, ткъа вуьйш — шолг1ачу б1ог1амалге:
Дит, майрала, пхийта, кад, мас, талархо, тал, там, т1ам, г1ад, совг1ат, хат, кхосар, асар.
Х1окху т1едилларца шу дика ларийнехь, дешнаш иштта д1анисдала деза:
Шала элпаш дерш хьалхарчу б1ог1амалгехь ду.       
дитт
майралла
пхийтта
таллархо
талл
хатт
кхоссар
Шала элпаш доцурш шолг1ачу б1ог1амалгехь ду.
кад
мас
там
т1ам
г1ад
асар
совг1ат
Тахана вай 1амийнарг карладоккхуш, д1аязде дешнаш ботт, бат, балл, тал; уьш ц1ахь легаде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун! Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика