Чолхечу предложенешкахь цхьалхе предложенеш вовшахтосуш, муьлха хуттургаш ю; оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш муха х1иттош ю хуур ду шуна х1окху урокехь.
Д1аяханчу урокехь вай 1амийра цхьалхе, чолхе преложенеш.1амийнарг карладоккхуш, х1окху предложенешкахь грамматически лардаш къастор ю вай.
Х1ара юрт ламанан районан центр ю.
Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь вайна ган тарло схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.
Хьалхарчу предложенехь — (х1ун ю?) — центр ю — сказуеми,
центр ю (х1ун?) – х1ара юрт — подлежащи. Предложенехь цхьа грамматически лард ю. Х1окху предложених – цхьалхе предложени олу.
Шолг1ачу предложененехь: бехаш бац — сказуеми, бехаш бац (муьлш?) нохчий — подлежащи;
ган тарло – сказуеми, ган тарло (хьанна?) вайна — подлежащи;
Х1окху предложенехь грамматически лард шиъ ю. Х1ара чолхе предложени ю, шина цхьалхечу предложених лаьтташ. Царна юккъехь уьйр тосу амма хуттурго.
Цхьайолчу чолхечу предложенешкахь хуттургаш хуьлу: а-а, я, цундела, амма, ткъа, бакъду, цхьабакъду, делахь а, х1етте а, иштта кхиерш а. Масала:
Чехка мох а белира, стиглахь 1аьржа мархаш гучу а евлира.
Ахьа со кхиийна, цундела сан декхар ду хьоьга хьажа.
Малх д1абуьзнера, х1етте а аьхкенан довхачу дийнан йовхо д1а ца яьллера.
Х1инца шайца хуттургаш йолчу чолхечу предложенешкахь сацаран хьаьркаш муха х1итто еза, хьовсур ду вай.
1уьйранна сихха новкъабевлира дешархой, ткъа санатори д1а ца кхечира уьш буьйсанна бен.
Кху предложенехь (х1ун дира?) новкъабевлира сказуеми ду, (муьлш?) дешархой подлежащи ду, (маца?) 1уьйранна латтам бу, (муха?) сихха — иза а латтам бу;
(Х1ун дира?) д1а ца кхечира — сказуеми ду, (муьлш?) уьш — подлежащи,(стенга?) санатори — латтам бу, (маца?) буьйсанна бен — латтам бу.
Х1ара предложени чолхе ю, цунна чохь шиъ грамматически лард ю. Иза шина цхьалхечу предложенех лаьтта, ткъа цу шина цхьалхечу предложенин уьйр хуьлуьйту ткъа бохучу хуттурго, цу хуттургана хьалха запятой юьллу.
Ц1еххьана мох а белира, дукха хан ялале дог1а а доладелира.
Кху предложенехь белира — сказуеми, мох — подлежащи хуьлу, ц1еххьана — латтам; доладелира — сказуеми, дог1а — подлежащи, дукха хан ялале -латтам.
Предложени чолхе ю, шена чохь шиъ грамматически лард йолуш.
Кху предложенехь хуттург а сказуемешна хьалха ю, цу сказуемешна т1ехьа запятой юьллу.
Нагахь санна чолхечу предложенешкахь хуттург а цхьалхерчу предложенерчу сказуемина хьалха хилахь, оцу сказуемина т1ехьа запятой юьллу. Амма, ткъа, бакъду, цхьабакъду, делахь а, х1етте а, цундела, я- хуттургашна запятой хьалха юьллу.
Х1окху урокехь вайна хии чолхечу предложенешкахь а-а амма, ткъа, делахь а, цундела, х1етте а, бакъду, цхьабакъду, я, иштта кхийолу а хуттургаш хилар.
1амийнарг т1еч1аг1деш, еша нохчийн меттан учебник т1ера 20-г1а бакъо, кхочушде цу т1ехь долу 98-г1а шардар.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Хунарикова Петимат Ароновна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна