Кхид1а а дуьйцур ду предложенин коьртазчу меженех лаьцна.
Тахана вайна бевзар бу къастам.
Оьрсийн маттахь «Определение» олу цунах.
Къастам х1уманан билгало гойтуш, (муха?) (муьлха?) (хьенан?) (стенан?) (мацалера?) (мичара?) бохучу хаттаршна жоп луш йолу предложенин коьртаза меже ю. Иза, дукхахьолахь, билгалдашах хуьлу.
Предложенехь цуьнан уьйр подлежащиций, кхачамций хуьлу.
Къастам тулг1е сиз хьакхарца билгалбоккху.
Масала:
Т1екхечи дашо гуьйре.
(х1ун хили?) — т1екхечи, т1екхечи (х1ун?) — гуьйре, гуьйре (муха?) — дашо.
Зевнечу б1аьстене сатуьйсура бераша.
Къастамаша вайн къамел хаздо, тодо, вайн меттан хьал совдоккху.
Ткъа х1инца, х1окху текста юккъарчу предложенешкахь къастамаш схьалаха беза аш:
Б1аьстенан де хаза декхна дара. Сийначу стиглахь маьрша хьийзара олхазарш. Маьлхан з1аьнарша дохдинера латта. Ц1еначу х1уоно дег1 дайдора.
Хьалхарчу предложенехь — хаза декхна дара де (стенан?) — б1аьстенан
Маьрша хьийзара олхазарш стиглахь (мухачу?)- сийначу
Дохдинера латта з1аьнарша (стенан?)- маьлхан
Дег1 дайдора х1уоно (мухачу?) — ц1еначу
Ткъа х1инца кицанаш а далош, царна юккъера къастамаш муьлхачу меженаца уьйр йолуш бу хьовса:
Керлачу норо нехаш ц1ена йоху.
(Х1ун до?) — йоху, йоху (стен?) — норо, норо (муьлхачу?) — керлачу — х1окху предложенехь къастаман уьйр подлежащица ю.
Хазачу дашо лам башийна.
(Х1ун дина?) — башийна, башийна (стен?)-дашо, дашо (муьлхачу?) — хазачу, кхузахь а къастамо уьйр подлежащица тесна.
Нехан х1умане са ма тийса, хьайн куьйгашка къахьегийта.
Сам а тийса (стенга?) -х1умане, х1умане (хьенан?) — нехан; къахьегийта (стенга?) — куьйгашка, куьйгашка (хьенан?)- хьайн. Х1окху предложенехь къастам шиъ бу, церан уьйр кхачамца ю.
1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин цхьа т1едиллар а кхочушде. Оьшучохь къастамаш юкъабалош, т1еюза х1ара предложенеш:
Малх бара хьаьжна. Бай т1ехь зезагаш дара лепаш. Эшарш а яра схьахезаш. 1алам самукъане дара.
Г1оьнна дешнаш:
Дашо, баьццарчу, ц1ен, можа, сийна, олхазарийн , зевне, б1аьстенан.
Гергарчу хьесапехь иштта хир ю предложенеш:
Дашо малх бара хьаьжна. Баьццарчу бай т1ехь ц1ен, можа, сийна зезагаш дара лепаш. Олхазарийн зевне эшарш а яра схьахезаш. Б1аьстенан 1алам самукъане дара.
Тахана вайна кхин цхьаъ коьртаза меже евзи — къастам
Рог1ерчу урокехь вай дуьйцур ду латтамах лаьцна.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
Марша 1ойла шу!
Урок кечйинарг: Алиханова Малика Лечаевна