Урок №35 Синонимаш

Х1окху урокехь шуна йовзуьйтур ю синонимаш.
Хьовсур ду вай х1окху предложенешка: 
Муслим Зойрбекан воккхахволу во1 вара.
К1ант дега леррина ладоьг1уш лаьттара.   
Тидамбе билгалдаьхначу дешнийн.
-Алар а, яздар а муха ду оцу дешнийн?
-Тайп-тайпана ду.
-Ткъа маь1на муха ду оцу дешнийн?
-Маь1на цхьатера ду.
Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долчу дешнех СИНОНИМАШ ОЛУ. Масала: 
Жима-къона, к1ант-во1, муш-аса, хан-зама, шовда-хьоста, къулла; юург-кхача, чехка-маса, хаза-исбаьхьа.
Вайн маттахь шортта дешнаш ду синонимаш ю ала мегар долш. Амма уьш меттан юкъахь лело, шен мотт дика хууш а, 1амош а хила деза. 
Вай х1инца хьовсур ду шуьга ялор юй х1окху дешнашна  синонимаш:
Сиха —
Т1еда —
Къена —
Ямартло —
Куьйгалла —
Г1айг1а –
Хьал-
Къинхьегам-
Х1окху дешнашца иштта синонимаш яло мегар ду вай:
Сиха — чехка
Т1еда — т1уьна
Къена — воккха
Ямартло — тешнабехк
Куьйгалла — урхалла
Г1айг1а — бала
Хьал-таро
Къинхьегам- болх
Х1инца кхин цхьа болх бийр бу вай, таханлера тема т1еч1аг1ъеш. Иллин т1ера кийсакаш схьаязъе, буха сиз а хьокхуш, синонимаш билгалъяха. 
Бала беца, ва Сурхо, и эла ва Мусост,
Г1айг1а еца, ва Сурхо, Мусостан и ясакх.
И бара ахь бина хьекъале и хьехам?
Уьш дара хьан дадин кхетаме дешнаш?
Даггара тешаме доттаг1ий хилий вай,
Тешаме накъостий мел хиларх оьшуш бу.
(Нохчийн фольклор)
Кхузахь синонимаш ю: бала- г1айг1а, хьекъале- кхетаме, доттаг1ий-накъостий, х1унда аьлча и дешнаш алар а, яздар а тайпана а долуш, маь1на цхьатера долуш ду.
Вай синонимех лаьцна дийци. Х1ун дешнаш ду синонимаш?
Синонимаш, алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долу дешнаш ду. 
Синонимех долу хаарш т1еач1аг1деш,5-чу классан нохчийн меттан учебник т1ера 40-г1а бакъо еша, 193-г1а шардар кхочушде.
Вайн урок чекхъели. 1одика йойла шун!
Урок кечйинарш:
Нагомерзаева Тамара Бадрудиновна
Юсаева Зарина Имрановна

Close