Урок №34 Омонимаш

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой! Таханлерчу урокан ц1е ю «Омонимаш».
«Омос» — цхьатерра бохург ду, «оним» — ц1е  бохург ду.
И дош шина дашах кхолладелла ду — цхьатерра + ц1е.
Яханчу урокехь вай шуьца 1амийра дуккха а маь1на долу дешнаш. Карладохур ду вай уьш.
Масала: мотт, лерг, ц1е, ча, не1.
Шайн тидам т1ебахийта мотт бохучу дашна.
Мотт
Муха ду оцу дешан алар а, яздар а?
Алар а, яздар а цхьатера ду.
Маса маь1на ду оцу дешан?
Маь1на диъ ду: багара мотт, мачин мотт, доьхкаран мотт, д1авуьжуш буьллу мотт.
Алар  а, яздар а цхьатера а долуш, маь1на тайп-тайпана долчу дешнех ОМОНИМАШ ОЛУ.
Х1инца омонимаш билгалдохуш  предложенеш д1аязйе.
Хан яллачу хенахь не1 туьйхира. Суна хаьара цуьнан ц1е. Кийрахь са мел ду, аса хестор бу сайн Даймохк.
Кху предложенешкахь омонимаш ю: не1, ц1е, са.
Хьалхарчу предложенехь вай юьйцург ц1ийнан не1 ю, ткъа не1 бежанан а хуьлу. 
Шолг1ачу предложенехь юьйцуш йолу ц1е адамийн ц1е ю, ткъа ц1е вайна ма-хаъарра йогуш йолу ц1е а хуьлу.
Кхоалг1ачу предложенехь дуьйцуш долу са, иза адаман чохь долу са ду, ткъа са коран а, пенан а, стоьлан а хуьлу. 
Х1инца кхин д1а далош долчу дешнашна юкъара омонимаш билгалъяха:
Бага, дитт, бух, коч, говр, амал, ка, шу, куьйра.
Х1окху дешнашна юкъахь омонимаш ю:
Бага, бух, ка, аса, шу, куьйра.
Х1унда аьлча бага иза адамийн бага а ю, дитт а ду (сосна).
Бух ц1ийнан а хуьлу, предложенехь грамматически бух  а хуьлу. Ка – уьстаг1ах а олу, х1уманна т1ехь т1ахъаьлла хилар а ду. Шу – хечина боккхуш болу шу, айаелла меттиг (холм). Куьйра – олхазар ду (ястреб), налха боккху г1ирс а бу.   
Х1окху урокехь шуна йовзийтира омонимаш. 
Хьоме дешархой, шуна девзий маь1на тайп-тайпана долуш, алар а яздар а цхьатерра а долуш дешнаш. Шайна дага а доуьйтуш д1аязде и тайпа дешнаш, церан маь1наш а даста.
Т1ейог1учу урокехь вай 1амор  ду муьлхачу дешнех олу   синонимаш. Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 
Шун 1одикайойла, марша 1ойла.
Урок кечйинарг
Пираева Нуржан Шамиловна

Close