Урок №33 Лексиках кхетам. Дешнийн маь1наш

Вайн х1окху урокехь д1адолор ду нохчийн меттан «Лексика» ц1е йолу керла дакъа. Цуьнан хьалхара тема  ю «Лексиках кхетам. Дешнийн маь1наш».
Цкъа хьалха,  лексика бохучу дешан маь1нах кхета деза.
Лексика грекийн маттара т1еэцна дош ду.
«Лексис» — нохчийн маттахь ДОШ бохург ду.
Дуьнен т1ехь дукха ду къаьмнаш. Х1ора къоман шен мотт бу. Меттан бух а,  хьал а ду дешнаш. 
Меттан дерриге а дешнех лексика олу. 
Шен  башхаллица, дешан говзаллица, хьалдолуш хиларца къаьсташ ю вайн, нохчийн меттан, лексика. Цо вайн мотт хазбо, мел к1орга ойла а, синхаамаш а къеггина гайта таро хуьлуьйту.
Лексикехь х1ора дош шен маь1на долуш ду. Цунах дешан лексически маь1на олу.
Масала: Даймохк. 
Оцу дешан ц1е яьккхича, вайна хьалха х1утту иштта сурт: лаьмнаш, б1аьвнаш, шийла шовданаш, шера аренаш, ирзош, хьуьнан хотеш, цу хьуьнан хотешкахь дека къоркхокхий.
Иза Даймохк бохучу дешан лексически маь1на ду.
Цуьнца цхьаьна хуьлу дешан грамматически маь1на а:
Даймохк — иза ц1ердош ду, цхьаллин терахьехь ду, ц1ерниг дожарехь ду. (Х1ун?) бохучу хаттарна жоп ло цо.
Цхьайолу х1уманаш вайн дахарера д1айовлу, уьш д1айовларе терра, уьш билгалъен дешнаш ширло, матта юкъара д1адовлу. 
Керла х1уманаш юкъайовларца керла дешнаш а юкъадог1у маттана. Иштта хийцалуш, кхуьуш ю меттан лексика.
Масала:
Эла, г1арбаш, ясакх — ширделла дешнаш ду.
Ткъа: компьютер, телефон, — керла дешнаш ду;
Дешнаш цхьа лексически  маь1на долуш а, масех лексически  маь1на долуш а хуьлу.  
Цхьа лексически маь1на долчу дешнех  цхьа маь1на долу дешнаш олу.
Масала: 
Г1ант, хох,1аж, малх, куьг, стол, керт.
Шиъ я цул сов маь1на долчу дешнех  дукха маь1наш долу дешнаш олу.
Масала:.
Ц1е – 1. пешара ц1е; 2. адамийн а, кхийолчу х1уманийн а ц1е.
Мотт – 1.багара мотт; 2. буьйцуш болу мотт; 3.доьхкаран мотт; 4. д1авуьжуш буьллуш  болу мотт.
Не1 -1. ц1ийнан не1; 2. бежанан не1.
Ча -1. экха а ду; 2.докъар ду;
1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа жима т1едиллар кхочушде:
1. Д1адеша дешнаш. Къастаде цхьа маь1на  долу а, дукха маь1наш долу а дешнаш. 
Мохь, моз, ботт, мотт, кор, дуга, юьхь, шура, к1алд, лерг.
И т1едиллар нийса кхочушдинехь, дешнаш иштта  къастийна хила деза:
Цхьа маь1на долу дешнаш:
Моз, кор, дуга, шура, к1алд.
Дукха маь1наш дерш:
Мохь, ботт, мотт, юьхь, лерг.
Дешнаш нийсачу маь1нехь а, тардинчу маь1нехь а лела.
Масала: 
1. Декъана гонах т1улган керт йинера.
2. Иза т1улган дог долуш ву
Хьалхарчу предложенехь т1улган боху дош шен нийсачу маь1нехь ду, х1унда аьлча керт  т1улган а хуьлу.
Шолг1ачу предложенехь изза дош тардинчу маь1нехь ду. Вайна ма-хаъарра, дог т1улган хуьлийла дац, и дог, т1улг санна, ч1ог1а ду бохург ду иза.
Шуна ма-гарра, дош нийсачу а, тардинчу а маь1нехь хуьлу. Далор ду вай  кхин а масалш: 
Дашо сахьт — дашо гуьйре, шийла хи — шийла кхаъ, берзан  ц1ока-берзан амал, довха де –довха дош.
Меттан дерриге а дешнех лексика олу
Х1ора дешан лексически маь1на ду.
Дешнаш цхьа маь1на долуш а, дукха маь1наш долуш а хуьлу. 
Дешнаш нийсачу маь1нехь а, тардинчу маь1нехь а лела.
Ц1ахь 5-чу классан нохчийн меттан учебник т1ера 37,38-г1ий бакъонаш 1амае, кхочушде 184-г1а шардар.
1одика йойла шун! 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Пираева Нуржан Шамиловна
Юсаева Зарина Имрановна

Close
Яндекс.Метрика