Урок №27 Й элпан маь1на а, нийсаяздар а.

Й элп дашна хьалха а, юккъехь а, чаккхенгахь а лаьтташ хила тарло.
Д1аяздинчу  дешнаш юкъахь  схьалохур ду вай Й элп шайца долу дешнаш. 
Йовхо, екхна, тийналла, шийла, юьртахо, дийцар, йол, г1овг1а, йохъелла, доттаг1, хийцам, дийцар, хьехархой, дай, ламанхой, бай.
Билгалдохур ду вай Й элп дерш:
Йовхо, тийналла, шийла, дийцар, йол, йохъелла, хийцам, дийцар, хьехархой, дай, ламанхой, бай.
Нохчийн маттахь Й элп масех маь1нехь лела. 
1.    Й элпо мукъа аз билгалдо.
Масала:  
йол, йо1, йог1у, йоза, йовза, йовлакх, йоьду.
2 . Й элпах ах мукъа аз хуьлу.
Масала:
т1ай, дай, гай, сай, шай, вай,  лай.
3. Деха мукъачу озехь озоран хьаьрк хуьлий лела Й элп.
Масала:
дийца, лийча, хийца, кийча, ядийна.
4.  Дозаран хуттурган маь1нехь  лела Й элп:
Масала:
Маликий, моллий, берашший, кхорашший.
5. Дукхаллин терахьан маь1на а кхуллу Й элпано.
Масала:
дешархо-дешархой,  да-дай, нана –наной,   
Х1инца предложенеш яхкош,  лохур ду вай  Й элп шеца долу дешнаш, хьовсур ду  муьлхачу маь1нехь  уьш лела.
1. Ойла йоцуш динарг г1айг1а  йоцуш ца дирзина. 
Кхузахь ойла, г1айг1а  бохучу дешнаш юкъахь  Й элп ах мукъа аз хуьлий лела. Йоцуш бохучу дашна юкъахь цо мукъа аз билгалдо.
2. Нах лийринарг наха а лийрина. 
Х1окху предложени юкъахь лийринарг, лийрина дешнашкахь Й элп деха мукъачу озехь озоран хьаьрк хуьлий лела.
3. Зайнаппий, Асеттий, Хабирий балха т1ехь кхиамаш бохуш ю. 
Х1окху предложенехь Зайнаппий, Асеттий, Хабирий бохучу дешнашкахь Й элп дозаран хуттурган (а) маь1нехь лела масала: Зайнап а, Асет а, Хабира а балха т1ехь кхиамаш бохуш ю.
4. Вайн махкахь нохчий а, г1алг1ай а, оьрсий а, г1умкий а, ног1ий а, иштта кхидолчу къаьмнийн векалш а бертахь бехаш бу. 
Х1окху предложенехь нохчий, г1алг1ай, оьрсий, г1умкий, ног1ий, къаьмнийн
бохучу дешнашкахь Й элп дукхаллин терахьан маь1нехь лела.
Вай тахана дийцира й элпах лаьцна. Дагахь латтае и элп яздаран бакъонаш!
Кху т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу. Шун 1одика йойла, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Тепсуева Малижа Мусаевна
Яралиев Юсуп Сардал-Алиевич
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close