Чукуева Зарема

Чукуева Зарема

«UROK95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО:
Чукуева Зарема Нажмудиновна — Соьлжа-г1алин №42 йолчу школан директор. Шен къинхьегаман болх цо д1аболийра 1988-чу шарахь
Гуьмсан кIоштарчу Ишхой-Юьртара юкъарадешаран школехь.
2003-чу шарахь дуьйна Соьлжа-гIалин №42 йолчу школехь, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш къахьоьгуш ю иза.
Хьанал къинхьегам, лаккхара корматалла гайтарна Чукуева Заремин болх билгалбаьккхина Нохчийн Республикин Дешаран а, 1илманан а министерствос а, Нохчийн Республикин Парламентан а Сийлаллин грамоташ яларца.
2017-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла ц1е а тиллина цунна.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь 2008 шарахь дуьйна нохчийн литература хьоьхуш ю Зарема.
Чукуева Зарема филологин Iилманийн кандидат а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь нохчийн филологин кафедрехь нохчийн литература хьоьхуш а, карарчу хенахь оцу кафедрин доцент а, Соьлжа-гIаларчу №42 йолчу школин директор а белхаш беш ю.
2018-чу шарахь интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, Республикански дешаран интернет-портала «urok95.ru» экспертийн тобанан декъашхо а ю иза.

Close
Яндекс.Метрика