Чемирзаева Яха

Чемирзаева Яха

UROK.95» ПРОЕКТАН ЭКСПЕРТНИ КОМИССИН ДЕКЪАШХО:
Чемирзаева Яха Сайпудиновна — Соьлжа-г1алин Н.А.Назарбаевн ц1арах №1 йолчу лицейн нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.
1978-чу шарахь болийна Яхас шен къинхьегаман некъ.
1992-2006-чуй шерашкахь дешаран декъан куьйгалхочун а, дешаран декъехь кхетош-кхиоран куьйгалхочун а белхаш бина.
1997-2000-чуй шерашкахь школин куьйгалхочун болх бина. Оцу ерриге а хенахь, саццаза Яхас хьехнарг ненан мотт а, т1аьхьарчу шерашкахь нохчийн къоман г1иллакх-оздангалла а ю.
Шен коьртачех долу декхар лору Яхас — къона т1аьхье 1илманехь, г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор, шена т1аьхьа, ша юьхьарлаьцна некъ д1акхехьа къона хьехархой кхиор. Х1унда аьлча, уьш бу вайн къоман кхане, къоман дозалла хилла д1ах1итта безарш.
Ненан меттан дозалла, сийлалла, цуьнга дешархойн а, церан дай-нанойн безам кхиорца д1ахьо Яхас шен болх.
Чемирзаева Яха нохчийн меттан хьехархочун болх беш йолу 41 шо ду. 1едалан векалша билгал баьхна Яхин толамаш, кхиамаш Сийлаллин грамоташца, баркаллин кехаташца.
2016-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла совг1ат дина цунна.
Чемирзаева Яха автор ю 11- чу классан нохчийн литературин хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин а, белхан тетрадан а.
2014-чу шарахь интернетехула нохчийн метт хьехаран проектан белхан тобанан декъашхо а, 2015-чу шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ю иза.

    Close
    Яндекс.Метрика