Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан болх беш я кертахь, вогIуш-воьдуш лелош; бIегIаган куй аьхка мангал хьокхуш я кхитайпа болх беш.
ТIеюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а дIатосуш хилла, лаг къовлуш, цу тIе духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь тIекхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь наьIармачаш, маьхьсеш, пезагаш (тIаьхьу царна тIехула юху калош), эткаш, кIархаш лелош хилла.Боьршачу нехан духаран коьрта билгало иза дегIана кхоччучу барамехь хьулам беш, паргIат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я тIех къегина йоцуш а хилар.

Close