КЪОНАХЧУЬНГА ВЕСЕТ

Дайн хаза гIиллакхаш лело, хьо, Iамалахь, Дех-ненах дог кхеташ хила а, хьо, хьажалахь, Уггаре коьртаниг церан сий айъалахь, Цаьрца бен самукъа кхин доций, хаалахь.

Даймехкан сий лардар хьайн декхар хеташ, Вахалахь, даима кийрахь цIе леташ. Къонахчун цIе лелор жоьпалла лоруш, Хьо ваха хьажалахь, адамалла йолуш. Дика цIе лело а дац хьуна атта, Вацахь, хьо, кийча оьшшучохь гIатта. Дог дуьзна хилалахь, нах ларбеш вонах, Нахе хьайх олуьйтуш: «Вуьззина къонах».

Вай даларх дика цIе ехаш ю лаьттахь, Хьайн дешан да волуш нагахь, хьо, ваьхнехь. ХIара дуьне дош доций и диц ма делахь, Дуьненах я цкъа а тамаш ма белахь.

Даудов Гилани

Close