Махмаев Махьмудан Жамалди

Махмаев Махьмудан Жамалди — вина 1939-чу шеран 14-чу мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. 1958-чу шарахь Грозненски районан «Заветы Ильича» цIе йолчу газетан корреспондент вахийтина Жамалдин. Газетехь кхаа шарахь болх бинчул тIаьхьа, хьехархойн ялх беттан курсаш чекх а яьхна, БердакIеларчу ворхIшеран школин юьхьанцарчу классин хьехархо вахна. Амма цхьана шарахь школехь болх бинчул тIаьхьа юха а дIавигна «Заветы Ильича» газета редакци. Оцу газетан редакторан заместителан дарже хIоттийна Жамалди. 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан заочни отделени деша хIоьттина, амма цхьа шо даьлча юкъах вала дезна эскаре гIуллакхдан а кхайкхина. Эскарера цIа веанчул тIаьхьа, «Ленинан некъ» газетан редакцехь болх а беш, юха а заочно деша а хIоьттина, 1971-чу шарахь чекхяьккхина институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. Махмаев Жамалдина кест-кеста газетийн, журналийн агIонаш тIехь нохчийн мотт а, литература а хьехарехь шена зеделларг дуьйцуш статьяш тохара, хьехархойн курсашкахь лекцеш йоьшура, семинарш дIахьора.
Хьехархочун хьанал болх ца гуш ца бисна. Цунна елла «Знак почета» орден, А.-Хь. Кадыровн цIарах орден, «За заслуги перед Чеченской Республикой» медаль; «Хьехархо-методист» цIе тиллина, «Нох-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу хьехархо», «РСФСР-н халкъан серлонан отличник», «Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлахь белхахо» – пачхьалкхан совгIаташ дина. Махмаев Жамалдина РФ-н хьехархойн конкурсехь толам баккхарна 2006 шарахь Российски Федерацин Президентан преми елла.
Махмаев Жамалдин дуьххьара зорбане яьлла произведени казахийн маттахь язйина «Тхан колхоз башха ю» стихотворени хилла, цунна зорба тоьхна 1954-чу шарахь, автора ма-аллара, «Казахстанан пионер» цIе йолчу газета тIехь. Школехь нохчийн мотт а, нохчийн литература а хьехарна гIоьнна язбина методически белхаш а бу Махмаев Жамалдин. Цунна шен дахарехь коьрта хетара школехь хьехархо хилар а, берашна яздар а.
Махмаев Джамалдин кхелхина 2014-чу шеран 29-чу ноябрехь.

Close
Яндекс.Метрика