ОЛХАЗАРИЙН ЦIЕРШ:

Оьрсаша «Ласточка» олу чIегIардигах. Букъ Iаьржа-сийна бу цуьнан. Хандарга тIехула пурх шуьйра, Iаьржа моха ю цуьнан. Хьаж а, лаг а мекханан басахь ал ду. ЦIоганаш шалгу – ши мас еха а, юткъа а ю.

Дахар ярташкахь, гIаланашкахь,  ярташна а, гIаланашна а юххехь ду. ГIеранца хуьлу чIeгIардигаш. ЗIенан серашна тIeхь йоккха гIера хуьлу церан Iаш. Бенаш поппарх до цара, юккъе (бен вовшах ца балийта) чемхалгаш а дохкуш. Бенаш, нехан сенешна чохь, рагIушна кIелахь, тIай кIелахь до. 4-6 кIайн хIоа до чIeгIардиго, цIен тIедарчий а долуш. КIорнийн когаш вовшахбоьхку чIегIардиго, уьш бенара охьа ца эгийта. Говран кхесах я цIоганах боьжна мерз бохьу цо церан когаш бехка.

Close