Мулугова Айна Мутушовна

Мулугова Айна Мутушовна — БелгIатойн-Эвлара №2 йолчу школехь лакхарчу классашкахь нохчийн меттан а, литературин хьехархо.
1978-чу шарахь БелгIатарчу юккъерчу школин хьалхарчу классе яхна Айнаъ. 1989-чу шарахь 11 класс чекхъяьккхина.
1990-чу шарахь Л.Н.Толстойн цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша яхна иза, 1995-чу шарахь филологин факультет чекхъяьккхина.
1996 – 2013-чу шерашкахь Шелан кIоштарчу БелгIатойн-Эвлара №1 йолчу школехь нохчийн мотт а, литература а хьехна цо, иштта хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш чекхйоху Айнаа.

Close
Яндекс.Метрика