3 класс. Урок №39 “Къамелан дакъош”

Урок №39

3-гIа класс. Къамелан дакъош.

– Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

– Вай юха а дIахьур ю, вешан рогIера нохчийн меттан урок!

– Вайн къамел дешнех лаьтта. Ткъа дешнаш декъало яккхийчу тобанашка-къамелан дакъошка. Дош муьлха къамелан дакъа ду хаархьама, хаттар а хIоттош, цо хIун билгалдо хаа деза: хIума, хIуманан билгало я хIуманан дар я хилар.

Слайд:

ХIуманаш билгал а еш, мила? муьлш? хIун? бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех цIердешнаш олу.

Масала.

Мила? Муьлш? ХIун?
да дай кехат
нана наной олхазар
ваша вежарий стигал
доттагI доттагIий зезаг

– Нохчийн маттахь мила? муьлш? боху хаттарш адамашний бен хIотто ца мега, ткъа, адам доцчу, кхечу хIуманашна (уьш садолуш, доцуш хиларе хьаьжна доцуш) хIун? боху хаттар хIоттадо.

Слайд:

ХIуманийн билгало а гойтуш, муха? бохучу хаттарна жоп лучу дешнех билгалдешнаш олу.

Масала.

(муха?)      (муха?)        (муха?)        (муха?)        (муха?)        (муха?)

+                     +                        +                      +                               +                    +

Да – лераме, нана – хьоме, стаг – оьзда, доттагI – тешаме, ваша – дика, зезаг – цIен.

– ХIуманийн дар я хилар гойтуш, хIун до? хIун дина? хIун дийр ду? Бохучу хаттаршна жоп лучу дешнех хандешнаш олу.

Слайд:

Масала.

ХIун до? ХIун дина? ХIун дийрду?
вогIу веъна вогIур ву
йоьшу ешна йоьшур ю
дуьйцу дийцина дуьйцурду
тоьгу тегна тоьгурбу

-ЦIердешнаш а, цхьадолу билгалдешнаш а, хандешнаш а терахьашца хийцало.

-Цхьаллин терахьехь цIердашо цхьа хIума билгалйо.

-Цхьаллин терахьехь билгалдашо цхьана хIуманан  билгало гойту.

-Цхьадолу хандешнаш, шайца уьйр йолчу цIердешнашка хьаьжжина терахьашца хийцало.

Слайд:

Масала.

цIердешнаш билгалдешнаш хандешнаш
бер бераш жима кегий доду довду
сара серий стомма стаммий Iуьллу Iохку
хи хиш доккха даккхий соцу совцу

– Вай Iамийнарг тIечIагIдеш, тIедахкарш кхочушдан хьовсур ду вай:

I-ра тIедиллар. Хаттаршна жоьпаш ло.

Слайд:

хIун ю?                 муха ю? хIун до?  

Слайд: Нийса жоп.

хIун ю?         муха ю?                  хIун до?  

пхьагал                 сира                          йоьлу

лергъяхар                        стешха                     эшаршлоькху

вотанча                 самукъане             вотаетта

хелхарча              жима                                   хелхайолу

2-гIа тIедиллар. ХIара дешнаш хIокху рогIаллехь схьаязде:

Слайд:

хьоьжу малх  
ловзу малх  
зезаг малх  
догIу малх  
йогIу малх  
дашо малх  
къега малх  
малх малх  
Билгалдешнаш
Хандешнаш
ЦIердешнаш
бераш малх  
йоI малх  
можа малх  
кегий малх  
шийла малх  
оьзда малх  
догIа малх  

 

Слайд: 

Нийса иштта хир ду.

догIа малх  
оьзда малх  
шийла малх  
кегий малх  
дашо малх  
хьоьжу малх  
къега малх  
малх малх  
Билгалдешнаш
Хандешнаш
ЦIердешнаш
бераш малх  
можа малх  
йоI малх  
йогIу малх  
догIу малх  
зезаг малх  
ловзу малх  

 

-3-гIа тIедиллар. Лакхахь далийначу дешнех предложенеш хIитто хьовсий вай:

Слайд: ( нийса иштта хир ду)

Билгалдешнаш
Хандешнаш
догIа малх  
Шийла малх  
догIу. малх  
Кегий малх  
бераш малх  
Дашо малх  
хьоьжу. малх  
малх малх  
Оьзда малх  
зезаг малх  
йогIу. малх  
йоI малх  
Можа малх  
къега. малх  
ловзу. малх  
ЦIердешнаш

 

– Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Урок кечйинарг: Бектамирова Асет Нохаевна.

Close