Х1окху урокехь вай 1амор ду предложенин муьлха тайпанаш хуьлу, церан х1ун билгалонаш, башхаллаш ю. Д1аяханчу урокехь 1амийна, вайна хууш ду предложени стенах олу. Амма х1окху урокехь иза юха а дагадаийта деза вай.
Кхочушхилла яьлла ойла гойтуш, вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхеттачу дешнех я цхьана дашах предложени олу. Предложени язъян йолайо доккхачу элпаца. И чекхъяьлча, т1адам буьллу я маь1ница йог1у кхийолу хьаьрк х1оттайо.
Х1окху урокехь вайна хуур ду, муьлха хьаьркаш ю маь1ница йог1урш. Хьовса х1инца х1окху предложенешка:
Ахьмад школехь дика доьшуш ву.
Муха доьшуш ву Ахьмад школехь?
Ахьмад — иза ву-кх дешархо!
Хьалхара предложени вайна, ма-гарра, хаам беш ю, Ахьмад дика дешархо ву аьлла, иза цхьана эшшара д1айийшира.
Шолг1а предложени чохь хаттар ду, муха дешархо ву теша и Ахьмад аьлла, иза хаттаран интонацица йийшира вай.
Ткъа кхоалг1а предложени айдаран (лакхарчу) интонацица д1айийшира, Ахьмад – иза ву-кх дешархо аьлла.
Кхузахь вай билгаляьхна кхаа тайпана предложенеш. Хьалхарниг -дийцаран, шолг1аниг- хаттаран, кхоалг1аниг — айдаран.
Аларан 1алашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу: дийцаран, хаттаран, айдаран.
Дийцаран предложени цхьана г1уллакхах я хиламах лаьцна хаам бечух олу. И чекхъялча, т1адам (.) буьллу. Масала:
Бераш арахь хаза ловзу.
Шена чохь хаттар долчу предложених хаттаран предложени олу. Цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк (?) юьллу. Масала:
Бераш арахь ловзуш дарий?
Аз ойуш, ч1ог1а олучу предложених айдаран предложени олу. Айдаран предложенеша гайта тарло хазахетар, воккхавер, оьг1азвахар, цецвалар. Цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк (!) юьллу. Масала:
Ма хаза ловзу и бераш арахь!
Х1ара бакъонаш т1е а ч1аг1ъеш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай. Дийцаран предложенех хаттаран, айдаран предложенеш а еш, чаккхенга йог1уш йолу сацаран хьаьркаш х1иттае:
Олхазарийн хаза, зевне эшарш яра схьахезаш.
Б1аьстенан х1оно бузура кийра.
Малхо къагийнера лаьмнийн баххьаш.
Хаттаран иштта хила еза:
Олхазарийн хаза,зевне эшарш ярий схьахезаш?
Б1аьстенан х1оно бузурий кийра?
Малхо къагийнерий лаьмнийн баххьаш?
Айдаран иштта хила еза:
Олхазарийн хаза, зевне эшарш яра схьахезаш!
Б1аьстенан х1оно бузура кийра!
Малхо къагийнера лаьмнийн баххьаш!
Х1инца Гайсултанов 1умаран « Болат-г1ала йожар»-повестан кийсак д1а а еший, билгалъяха дийцаран, хаттаран, айдаран предложенеш:
Шолг1ачу дийнахь хьалххе, 1уьйранна, Нажа волчу веара цуьнан лулахо.
— 1уьйре дика хуьлда хьан,Нажа!
— Диканца вехийла хьо а, Цицка! Муха ю могашалла?
— Тахана-м дика хета суна. Ц1а валийн ахь к1ант?
— Валий.
(Гайсултанов 1.)
Х1окху кийсак юкъахь 3 дийцаран предложени ю:
Шолг1ачу дийнахь хьалххе, 1уьйранна, Нажа волчу веара цуьнан лулахо.
Тахана-м дика хета суна.
Валий.
Ши предложени хаттаран ю:
Муха ю могашалла?
Ц1а валийн ахь к1ант?
Ши предложени айдаран а ю:
— 1уьйре дика хуьлда хьан,Нажа!
Диканца вехийла хьо а, Цицка!
Х1окху урокехь вай 1амийра предложенин тайпанаш.
Рог1ерчу урокехь дуьйцур ду предложенин коьртачу меженех лаьцна.
Шун 1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат».
Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Усманова Тумиша Индербиевна
Абулханова Аза Ахметовна