Урок №04 Предложени.

Цкъа хьалха юьхьанцарчу классашкахь  предложенех лаьцна  аша 1амийнарг карладоккхур ду: 
1) Къамел предложенех лаьтта.
2) Предложени дешнех лаьтта.
3) Предложенино гойту кхочушхилла яьлла ойла.
4) Предложенеш хуьлу: дийцаран, хаттаран, айдаран
5) Предложени язъян йолайо доккхачу элпаца.
Х1инца хьовса х1окху жимачу тексте:
Т1екхечи дашо гуьйре. Дитташ т1ера охьаоьгу г1аш. Г1арг1улийн сингаттаме аьзнаш хеза. Аренашкара ялташ чудерзийна. Юьртахой 1аьнна кечлуш бу. 
Х1окху текстехь пхиъ предложени ю. Х1орамма а кхочушхилла яьлла ойла гойту. Уьш дийцаран предложенеш ю. Цара дуьйцу гуьйренах лаьцна.
Кхочушхилла яьлла ойла гойтуш, вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхеттачу дешнех я цхьана дашах предложени олу.
Предложени язъян йолайо доккхачу элпаца. И чекхъяьлча, т1адам буьллу я маь1ница йог1у хьаьрк (!, ? ) х1оттайо. Масала:
Аьхкенан суьйре самукъане ю.
Хьо хиллий цкъа а тхан юьртахь?  
Ма хаза ду вайн 1алам!
Х1инца х1окху дешнех  предложени х1отто хьовса:
Хехкало, тIехь, бераш, салазаш, Iай
Предложени   иштта  хила еза:
Iай бераш салазаш тIехь хехкало.
Ткъа х1инца  грамматически лард къастор ю, иза  сказуеми, подлежащи ду: 
(ХIун до?) хехкало – сказуеми ду, хехкало (муьлш?) – бераш – подлежащи ду.
Х1окху дешнех а предложени х1отто хьовсур ду:
хаза, седарчий, лепа, мел 
Иза иштта хир ю
Мел хаза лепа седарчий!
Х1окху предложенин а грамматически лард схьалаха:
(ХIун до?) – лепа – сказуеми ду, лепа (хIун?) седарчий – подлежащи ду.
Оьшучохь  сацаран хьаьркаш а хIиттош, предложенеш къасто хьовса:
Iа чекхдолуш доллура олхазаршна а, акхарошна а тIехIиттинарш уггаре хала денош дара оцу хенахь хьуьн чохь хIума кIезиг хуьлу.
И болх нийса бинехь, предложенеш кху кепара хила еза. 
Iа чекхдолуш доллура. Олхазаршна а, акхарошна а тIехIиттинарш уггаре хала денош дара. Оцу хенахь хьуьн чохь хIума кIезиг хуьлу.
Ц1ахь шайн юьртах лаьцна жима дийцар язде.
Кху т1ехь урок чекхйолу.
ТIейогIучу урокехь  дуьйцур ду предложенийн тайпанех лаьцна.
Шун 1одика йойла! Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика