4 класс. Урок №43 «Iамийнарг карладаккхар. Хандош»

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Тахана вай хандашах 1амийнарг карладоккхур  ду.

Х1уманан дар, хилар гойту

Къамелан дакъа ду со.

Х1ун дина? Дийр ду? Я до?

Хаттаршна жоьпаш а ло.

Муьлха къамелан дакъа ду со?  

(Хандош.)

-Д1аеша предложени. Караде хандош.

Слайд:

Бераш майданахь ловзу.

-Хьанах лаьцна дуьйцу преложенехь? (берех)

Хандашо х1ун гойту? (дар)

-Бераша х1ун до? (ловзу)

-Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан ю: карара хан, йог1у хан, яхана хан.

Масала

Слайд:

Карара хан: х1ун до? х1ун хуьлу? – вог1у, дуьйцу, гойту.

Яхана хан: х1ун дин? х1ун дина? х1ун дира? х1ун динера? х1ун дора?- веа, веана, веара, веанера, вог1ура.

Слайд:

Йог1у хан: х1ун дийр ду? – вог1ур ву, гойтур ду, дуьйцур ду.

Хан ца гойтучу хандешан кепах хандешан билгалза кеп олу. Цо хатаршна жоп ло: х1ун дан? х1ун хила?

Масала: ала, деша , саца, ваха.

-Хандашца дакъалгаш ца, ма муха яздо?

-Хандашца дакъалгаш ца, ма къаьстина  яздо. Масала:

Слайд

Ца олу, ма йола, ца лоху, ца лаьа,  ма тоха,  ма сихло, ма г1о,  ца йохьу, ца го, ма хьажа.

-Нагахь цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кеперчу хандашна хьалха дешхьалхе я кхин орам х1оттахь, цуьнан чаккхенга Н яздо: хаздан, лардан, тодан.

-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай. Д1аеша предложенеш. Схьакараде хандешнаш, билгалъяха хандешнийн хенаш.

Слайд:

Бешахула далийнера татол. 1уьно бежанаш юьрта лаьхки. Тахана тхо хьалххе школе даьхки. Хьавас хаза дийцар яздинера. Аьхка со лома г1ур ву.

-Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Бешахула далийнера (яхана хан) татол. 1уьно бежанаш юьрта лаьхки (карара хан). Тахана тхо хьалххе школе даьхки (карара хан). Хьавас хаза дийцар яздинера (яхана хан). Аьхка со лома г1ур ву (йог1у хан).

-Рог1ера т1едиллар кхочушдийр ду вай. Хандешнаш билгалзачу кепе даха.

Слайд:

Хорцу, идира, маждо, сеттина, д1авоьду, хилла, вог1ур ву, халавог1у, д1аиккхира.

-Нийса иштта хир ду:

Слайд:

Харца, ида, маждан, сатта, д1авада, хила, хьалаван, д1аэккха.

-Таханлерчу урокехь вай карладаьккхи къамелан дакъа хандош. Т1еч1аг1ди хандешнийн  коьрта кхо хан хилар, дакъалгаш ца, ма хандешнашца къаьстина яздеш хилар.

— Кху т1ехь ерзор ю вай вешан урок! Нохчийн маттах долу хаарш 1амо а, кхио а, довза а лаам хуьлийла шун!

-1одикайойла! Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика